Башкираш

From Wikipedia, the free encyclopedia

Башкираш
Remove ads

Башки́раш, башкортой (башк. башҡорттар; шайн цӀе – башкорт[28], башкурт[29]; шира цӀе — башкирхой[30][31]) — туьркийн къам, Башкирийчоьн орамера бахархой[32].

Боца хаамаш Башкираш, Шен цӀе ...

Дуьненахь веха 1,7 миллион гергга стаг. Российн Федерацехь, 2010 шарахь Йерригроссийн бахархой лараран жамӀашца, веха 1 584 554 башкир, царех 1 172 287 — Башкортостан Республикехь[33].

Къоман мотт — башкирийн, иштта баьржина бу оьрсийн а, гӀезалойн а меттанаш. Лело дин — суннийн маьӀнийн ислам.

Remove ads

Этноним

Башҡорт этнониман масех маьӀна ду:[34]

  • XVIII бӀешеран талламчийн В. Н. Татищевн, П. И. Рычковн, И. Ш. Георгин версица башҡорт дешан маьӀна ду «коьрта борз»[35][36][37];
  • 1847 шарахь историко-мохкӀаморхочо В. С. Юматовс йаздина, башҡорт бохучун маьӀна «накхарш лелориг» бохург ду аьлла[38];
  • 1867 шарахь Пиетарбухехь арахецна «Башкирийн шира йукъ лаьттина хилла, хьалхалера уфан провинцин меттигах, лаьцна историн йозанашца», башҡорт дашо билгалбоккху Уралан корта[39];
  • Российн историко а, этнографо а А. Е. Алекторовс 1885 шарахь аратеттина верси, цуьнца башҡорт дош «ша къам» бохург ду[40];
  • Этнограф М. И. Уметбаевн хетарехь, ширачу заманахь башкираш шеш шайх олура «баш унгар» («коьрта унгар»), тӀаьхьо «башгур», ткъа кхин а тӀаьхьа «башкурт»[41];
  • Д. М. Данлопуца(ингалс.) этноним башҡорт хьалайоьду beshgur, bashgur кепашка, аьлчи а, пхиъ тайпа, пхиъ огур. ХӀунда аьлча Sh хӀинцалерачу маттахь, L доьшу булгарийн маттахь, цундела, Данлопан хетарехь, башҡорт (bashgur) а, булгар (bulgar) а этнонимаш цхьатерра ду[42];
Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads