Ваштар

From Wikipedia, the free encyclopedia

Ваштарmap
Remove ads

Ваштар[2]Российн ломан эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикин Веданан а, Шуьйтан а кӀошташкахула. Эркан дохалла – 20 км[3]. Хи гулден майда — 92,7 км²[3].

Боца хаамаш Ваштар, Амал ...

Схьадолу Барзи-ара а, Пешхой а, Нухойн а лаьмнашна[4] йуккъехь, Шелачу хин ара олучу меттигехь[5]. Охьадоьду къилбаседехьа ЗазаргӀане, попан хьун чухула, Селман-Тевзана эвлахула[4], шена чу схьаоьцу ЗазаргӀана-хи а, Булкхан хи а, цӀеххьана доьрзу малхбузехь, кхета Шара-Органах[5], цуьнан хикхочел 4,7 км лакхахь аьтту бердаца[3], Улус-Керт эвлан[4] гергахь. Лахенашкахь 15 метр гергга шоралла йу, 0,4 метр кӀоргалла йу, хин сихалла 1,9 м/с[4].

Remove ads

Геннаш

Коьрта геннаш — Булкх[4] (схьадолу Мовкин дукъ тӀиера[5], аьтту га), Дуцин-ахк[4] (аьрру), Вашандара[6] (аьтту).

ЗазаргӀана хи охьадогӀу къилбаседехьа, цуо кхуллу Ваштар[5].

Хин реестрах хаамаш

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[3].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001212108200006068[3].

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads