Весели (Къилбаседа ХӀирийчоь)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Веселое (оьрс. Веселое) — Российн Федерацин Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан кӀоштара эвла. Муниципалан кхолламан «Веселин йуьртан меттиган» административан центр.
Remove ads
Географи
Эвла лаьтта Мазалкан кӀоштан къилбаседа-малхбален декъехь, «Бурунни» татолан къилбехьа. КӀоштан юкъан Мазалкан 7 км генахь ю, БуритӀе гӀалан 127 км къилбаседехьа ю.
Доза ду нах бехачу пунктийн лаьттанашца: Комарово а, Осетински а къилба-малхбалехь, Ново-Георгиевски къилба-малхбузехь.
Эвла лаьтта таьӀна ГӀебартойн акъарин йисттехь. Меттиган рельеф дукхаха ерг нийса ю, баьрзнаш а, шунаш а долуш цхьаццанхьа. Юккъера локхаллаш ю 138 метр хӀордан тӀегӀанал лекха.
Гидрографин маша эвлахь гайтина кӀезиг. Шовдан а, лаьттан бухара хиш а доцуш, эвлан къилбаседехьахула доьду «Бурунни» татол, цуьнца хи дуьллу эвлан юьртабахаман латтанашна.
Климат
Климат барамера тӀуьна. Шеран юккъера хӀаваан температура хуьлу +10,5°С. ХӀаваан температура юккъера техка +23,5°С тӀиера июлехь, −2,8°С кхаччалц январехь. Шеран юккъера йочанийн барам хуьлу 520 мм гергга. Алсама хуьлу йочанаш майн тӀиера июль кхаччалц болчу муьран. Аьхке чекхйолуш сих-сиха бекъа-бовха мох хуьлу, хьоькху Каспиййистан аренан мехкашкара.
Remove ads
Истори
Весёли кӀотар кхоьллина 1886 шарахь кхуза кхелхинчу хӀираша. Дуьххьара кхуза хевшина ХубецовгӀеран, БалаевгӀеран, ДзидахановгӀеран, ГиоевгӀеран, ЦуциевгӀеран доьзалаш[2].
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш эвлара 372 вахархо тӀеме вахара[3]. Ша эвла дӀалецира 1942 шо чекхдолуш цхьаьна баттана немцоша.
Бахархойн дукхалла
Бахархойн дукхаллин хийцам | |
2002[4] | 2010[4] |
868 | 862 |
Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads