Горагорск
Теркан кӀоштара эвла, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Горагорск, я хьалх Тlеман-Барзе (1898 ш.) [3] — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштан эвла. Ваха аьтту болуш, тӀекӀела дина цӀенош долуш Теркан дукъ тӀиера эвла. Йиллина 1938 шарахь мехкдаьттадаккхархошна Чуьчин кIотарахь. Йекъало Стари Городок, Нови Городок, Чуьчин кIотар[4].
Иза йу Горагорскан йуьртан меттиган административан центр[5].
Remove ads
Географи
Эвла йу Соьлжа-ГӀалана 50 км малхбузехьа, Теркан дукъ тIехьа, ЧӀулга-Юртана къилбехьа[4].
Гергара ярташ, кӀотарш: къилбаседа-малхбалехьвостоке — Кирпични , ГӀулоз а, къилбаседа-малхбузехь — ӀамтӀе-КӀотар, къилба-малхбалехь — Майски а, Ӏалхан-ХитӀи, къилба-малхбузехь — Керла Редант (ГӀалгӀайчоь)[6].

Топоними
- Чуьчин кIотар – Горагорскан къилбаседан йист.
- Поселок – мехкдаьттадаккхархой баьхна меттиг, Нови Городок йукъахь.
- Алхазово – Горагорскан къилбаседа-малхбузехьара шуьйра лаьттан дакъа. И латта хилла эла волчу Алхазов Туханан, мехкдаьттадаккхаран инженеран, П.К. Усларан хьалхарчех цхьаьна дешархочун. П.К. Усларан «Нохчийн мотт» (Тифлис, 1862 ш.) йукъаяхана Т. Алхазовн дийцарш дӀайаздина фольклоран материалаш.
- ГӀулоз-чоь – къилбаседехьара ГӀулоз эвлан латташ.
- ГIожакъан корта – Горагорскан тӀехула лаьтта, УргIала коьртан малхбалехьа бу. ГIожакъ – вайнехан наьртийн мифологин персонаж ву.
- Белшин корта – Горагорскан къилбаседехьа. Белши – вайнехан мифологера зуда-наьрт, ГIожакъан езар[4].

Remove ads
Бахархой
Бахархой: 5727[7] ст.
.
- Къоман хӀоттам
2015 шеран жамӀашца йуьртахь веха 5302 стаг:


Remove ads
Истори
Эвла йиллина нохчийн Чуьчин-КIотаран латташ тӀехь[23]. 1938 шарахь мехкдаьттадаккхархойн эвлан белхан поселок статус а йелла, Горски цӀе тиллина оьрсаша гора Горская олу теркан дукъа лаккха боьхь бу цунахa нохчаша олу "ТӀеман барзе" ("К военному кургану")[24].Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом чекхбаьлчи цӀе хийцира Горагорски[25] аьлла. 1944 - 1951 шерашкахь — Грозненски областан Горагорски кӀоштан центр хилла. 2009-гӀа шарахь гӀалан тайпана поселок статус дӀайаьккхина Горагорск эвла аьлла цӀе хийцина.
Хьажоргаш
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads