Латгалхой
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Латга́лхой (латг. latgali, latgalīši; латыш. latgalieši) — латышашна йукъара[2] йа латышех къаьстина этносан тоба[3], Латвин малхбален декъера историн-оьздангаллин областера Латгалин орамера бахархой. Ларар чолхе доккху, Латвехь официалан «латгалхой» къам ца хиларо, цуьнна меттана оцу къоман векалш латышех дӀатуху.


Remove ads
Истори
Кхоллабелла 1620 шерал тӀаьхьа Речь Посполитин Инфлянтийн воеводаллин латташ тӀаьхь баьхна малхбален латгалхойн бух тӀехь, ткъа XIX бӀешарахь Российн империн Витебскан губернин — кхаа уездехь (Двинин, Режицин, Люцинан). Дукхаха болу латгалхой католикаш бу, цуо къастабо уьш алсама лютеранаш болчу кхечу латышех. Йозанан латгалхойн ламаст схьайахьа шен чот XVIII бӀешеран йуккъера.
Латгалхойн цхьаьна декъо шеш латышех къаьстина этносан тоба лору. Амма дукхаха болчара лору, хӀинцалера латгалхой латышашна йукъара этносан тоба, уьш цхьаьнатуху шортта регионан тайпанаш долчу меттан генно. Латышех шеш къаьстина ду боху адамийн барам ца хаьа, хӀунда аьлча латвин правительство латгалхой къаьстина тоба санна билгал ца бохк бахархой багарбаран хаамашкахь.
Латгалхой меттан шен грамматикин хӀоттам а, къамелан система а йу, лингвисташа йа балтикин меттанийн малхбален тобанна йукъара ша болу мотт лору иза, йа латышийн меттан дакъа лору[4]. Латвин Республикехь латгалхойн мотт, 1999 шеран пачхьалкхан маттах лаьцна законан 3-гӀа йаззамца, лору латышийн меттан цхьа кеп[5].
Европин комиссис мах хадорца, хӀинца латгалхойн мотт буьйцу 150 эз. гергга стага, XX бӀешеран йуьххьехь и терахь ах миллион хила тарлора[6].
Remove ads
Хьажа кхин а
- Латгалхойн фамилеш
- Латгали
- Латгалаш
- Ливаш
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads