Муьже

From Wikipedia, the free encyclopedia

Муьжеmap
Remove ads

Муьже́ (хӀир. Октябрьскæй, оьрс. Октябрьский) — Къилбаседа ХӀирийчоь-Аланин Мазалкан кӀоштара эвла. «Муьжен йуьртан меттиг» муниципалан кхолламан йукъайогӀу.

Боца хаамаш Муьже, Пачхьалкх ...
Remove ads

Географи

Эвла лаьтта Мазалкан кӀоштан малхбален йистехь, Терк эркан аьтту бердаца, Лакхара ГӀоьжакъ олучу меттигехь. КӀоштан центр йолчу Мазалкан 17 км къилба-малхбалехь, БуритӀе гӀалин 110 км къилбаседехьа.

Эвлан уллехула чекхдолу автомобилан некъан дакъа «Мазалк — Гуьмсе», и некъ боьду Теркан аьтту бердан йисттехула Нохчийчухула дӀа.

Доза ду: ГӀоьжакъеца къилбаседа-малхбузехь, НогӀамирзин-Йуртаца къилба-малхбалехь. Теркан дехьа бердаца лаьтта Стодеревски гӀала.

Эвла лаьтта Теркан къилбехьа, мазалкан аренашкахь. Меттиган рельеф дукхаха йерг нийса йу, цӀеххьана хийцалуш йац. Эвлан лаьттан хӀордан тӀегӀанера локхаллин юккъера барам 142 метр бу. Теркан тогӀенца масех километр кӀорге а, шуьйра а лаьтта хица йолу хьаннаш, Муьжен кӀоштан гергахь уггаре йаккхий майданаш йу церан.

Эвлара гидрографин маша коьртаниг Терк а, куьйга даьхна хин татолаш а ду. Эвлан къилбехьа охьадоьду хин татолаш — Теркйистан а, 1-ра ГӀизларан а.

Remove ads

Климат

Климат барамера тӀуьна. Шеран хӀаваан температуран юккъера барам бу +10,5°С гергга. ХӀаваан йуккъера температура техка июлехь +23,5°С тӀиера, январехь -2,8°С кхаччалц. Шеран йочанийн йуккъера барам бу 530 мм гергга. ДогӀанаш коьртаниг догӀу май – июль беттанашкахь. Аьхкенан чаккхенгахь Каспиййистан акъари тӀиера хьоькху бекъа, бовха мох.

Истори

XIX бӀешо долалуш Лакхара ГӀоьжакъ меттигехь, элас Бекович-Черкасский Инал Эльмурзаевича йиллира эвла цӀе ГӀоьжакъе а йолуш. Цигахь бехара ГӀизлар гӀалан гуонахьара мухажираш, царна йукъахь элан лайш а. 1840 шарахь эвла ягийна, бахархой дӀабахара ГихтӀан хьаннашка имам Шемалан эскаре.

Таханлера эвла йиллина 1890 шарахь, оцу меттиге кхелира Йуккъера Россера мухажираш, йиллира Тюленев кӀотар, дукха хан йалале цӀе хийцира Надеждин кӀотар аьлла. Советийн Ӏедал хӀоьттича кӀотаран цӀе хийцира Терк аьлла.

1944 шарахь эвла Нохч-ГӀалгӀайн АССР йохош дӀайелира Къилбаседа-ХӀирийн АССР йукъа. Оццу шарахь йукъатуьйхира Мазалкан кӀоштан ГӀоьжалкъан сельсоветан. Оцу хенахь эвлан оьрсийн цӀе хийцира Октябрьски аьлла.

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...
Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран[3] жамӀашца йуьртан бахархойн къоман хӀоттам:

Ма-дарра Къам, Барам, чел. ...

Инфраструктура

Эвлахь йац социалан инфраструктуран объекташ. Эвлан бахархой доьшуш бу, медицинан гӀо доьхуш бу луларчу эвланашкахь — ГӀоьжакъехь а, НогӀамирзин-Йуртахь а.

Урамаш

Эвлахь ши урам бен дац — Лугови а, Молодёжни а.

Хьажоргаш

Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads