Пхьамтой
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Пхьамтой — тайп Шуотойн тукхаман йукъара ду. Тайпан векалийн эцна ДНК тесташ гайтарехь уьш J2 а, L3 а гаплотобанера бу[1]. М.А.Мамакаевс Пхьамтой орамера нохчийн тайп ду аьлла билгала даьккхина[2].
Remove ads
Тайп декъадалар
Пхьамтой бекъало некъашка: Асдар некъе (J2), Голи некъе (L3), Къижги некъе (L3), Нанолггар (L3), Ӏабдул-Хьаьжийн некъе (L3), Эльжуркъи некъе(J2), Сангири некъе(J2), Таштамир некъе(J2)[1].
Этимологи
С.А.Натаевн хетарехь Пхьамта – деланийн динан Пхьа-делан динан гӀишло лаьттина меттиг ю, ткъа пхьамтой – оцу динан цӀуй бу[3].
Тайпанан юрт
Пхьаьмта лаьтта Ваьрди-эркан аьтту бердаца, кӀоштан центр йолчу Шуьйтан къилба-малхбалехьа.
Гергара эвланаш: къилба-малхбалехьа — Мус-Кхаьлла а, Уьрд-Йухе а эвланаш, малхбалехьа — Йуккъера-Кела, малхбузехьа — Вашандара, къилба-малхбузехьа — Гоьргача а, Нихала а эвланаш[4].
Топонимаш
Пхьамтой дашах тера йогӀу топонимаш.
- Пхьамтойн йукъ – ГӀойтӀара куп.
- Пхьуматта – Соьлжан кӀоштара ЦӀечу-Аьхкера шира эвла; лаьтта Марта эркан аьтту бердаца. Кешнаш, байданаш, цанаш ду. Топоним гочдо вайнехан меттанашкара «охьахевшинчу меттиге»[5].
- Памтой – Адыгей республикера эвла, лаьтта Шхан чериехабль эвлан къилбаседа-малхбуза йисттехь. Адыгейн маттера гочдо «хин бецийн меттиг»[6].
- Пхьаметта - ТӀундакхуон малхбузехьара саьлнаш[7].
- Пхьмат — ГӀалгӀайчоьнан ЖӀайрахьан кӀоштара эвла.
Remove ads
Беха эвланаш
Пхьаьмтой беха: ГӀойтӀа[8], Йоккха АтагӀа, Лаха Невре, Шела, Шуьйта[9].
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads