ГӀойтӀа
Хьалха-Мартанан кӀоштар йурт, Нохчийчоь From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Гӏойтӏа[1]схьадаьлла нохчий «гӏой» дашах — эскар) — Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан кӀоштан эвла . ГӀойтӀин йуьртан меттиган административан йукъ[3].
Remove ads
Географи

Эвла лаьтта ГӀойтӀа эркан (Соьлжин аьтту га) шинне бердаца а, Промышленни татолаца а. Соьлжа-ГӀалин 12 км къилбехьа а, федералан «Кавказ» автонекъан 7 км къилбехьа а, ТӀехьа-Марта гӀалин 3 км къилбаседа-малхбалехьа а лаьтта[4].
Уггаре гергара нах беха меттигаш:ТӀехьа-Марта къилба-малхбузехьа, Ӏалхан-Йурт къилбаседа-малхбузехьа, Шовдане къилбаседа-малхбалехьа, Йоккха АтагӀа малхбалехьа, Доулт-Мирзан-КӀотар, ГӀой-Йист, Олхазар-КӀотар къилбехьа[5].
Remove ads
Истори
Эвланах болу дуьххьарлера хаамаш бу 1785 шарахь, Кавказан тӀеман исторех лаьцна, цигахь ду, шейх Мансура ГӀойтӀара зуда йалийна аьлла[6].
1822 шарахь ГӀойтӀа а, ТӀехьа-Марта а эвланаш хӀаллакйира полковника Грековс. Кхин а эвланах хаамаш бу инарло Фрейтага хьуьнан йукъахула «ГӀойтӀин некъ» баккхарх (1846 шеран 16 декабрехь — 5 январехь).
1918-19 шерашкахь эвлахь йара Советийн Ӏедалан гӀолаьцна Эльдарханов Таьштамар куьйгаллехь волу Нохчийчоьнан Халкъан кхеташо. ГӀойтӀин кхеташоно кхоьллира баьччаллехь Шерипов Асланбек волу Нохчийн ЦӀен эскар. 1919 шеран февралехь Соьлжа-ГӀала инарла Шатиловн оьрсийн эскарша мукъайаьккхича, Гикало Николай куьйгаллехь волу цӀенэскархойх бисинарш, бевдира Соьлжин дехьа. ГӀойтӀин Халкъан кхеташоно цӀенаш дӀа а ца белла, къиза дуьхьало йира РКъТӀН дакъошна. 1919 шарахь, ГӀойтӀа йолчохь, Гражданийн тӀеман муьрера БӀе дийнан тӀемашкахь, хӀаллакдира инарла Деникинан эскар.
1944 шарахь нохчийн къам арадаьккхинчул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, йуьртан цӀе хийцира Свободни (нохчех маьрша). 1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа эвлан историн цӀе схьайелира.
Remove ads
Бахархой
Инфраструктура
Эвлан йуккъехь лаьтта XIX бӀешарахь диллина доккха маьждиг. Эвлахь болх беш йу 5 ишкол, цхьа могӀа дешаран меттигийн филиалаш. Совхоз а, цхьа могӀа промышленностан предприятеш а йу.
Галерей
- XIX бӀешарахь ГӀойтӀин хьуьнхахь тӀелатар.
- ГӀойтӀа эвлара бахархой, 1923 шо
- ГӀойтӀа эвлара маьждиг
- ГӀойтӀа эвлара маьждиг, 2023 шо
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads