Терк (гӀала)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Те́рк (гӀебарт.-чергаз. Тэрч къалэ) — ГӀебартойн-Балкхаройчоьн республикера гӀала. Теркан кӀоштан административан йукъ. Кхуллу муниципалан кхоллам гӀалан меттиг Терк, шена йукъахь ша цхьаъ бен йоцу.[1]
Remove ads
Географи

ГӀала лаьтта Теркан кӀоштан малхбуза декъехь, Теркан аьтту бердаца. Новкъаца лерича, Нальчикера 53 км малхбалехьа ю.
ГӀалан меттиган майда ю — 12 км2. ГӀала яхъелла къилбаседера къилбехьа — 5 км, малхбузера малхбалехьа — 3 км.
Доза ду: Арикца къилбаседехь, Дейскица малхбалехь, Интернациональница а, Александровскица а малхбузехь.
ГӀала лаьтта республикин ломан кӀажошкахь, таьӀна йолчу ГӀебартойн акъари тӀехь. Меттиган рельеф дикка нийса ю, малхбузехь а, къилбаседехь а шунаш долуш. Муниципалан кхолламан мехкан локхаллин юккъера барам бу 254 метр хӀордан тӀегӀан тӀиера.
Гидрографин маша гайтина Терк хие. Хин тогӀи дӀалаьцна юькъачу хьаннаша. ГӀалан къилбаседехьа ду цхьа могӀа татолаш, кӀоштан йуьртабахаман латташна хи дилла лерина. ГӀалан къилбаседехьа лаьтта Арикские Дубки цӀе йолу хьун.
Климат тӀуьна барамера йовхачу аьхкенца, кӀедачу Ӏаьнца. Шеран юккъера температуран барам бу +10,5°С гергга, техка июле юккъерачу +22,5°С тӀиера, январера юккъерачу -2,0°С кхаччалц. Де-бусан юккъера Ӏаьнан температуран барам техка −5°С тӀиера +10°С кхаччалц, ткъа аьхка − +16°С тӀиера +30°С кхаччалц. Ӏаьнан минимум температура наггахь охьайолу -12°С, аьхкенан максимум температураш кхочу +35°С. Шеран тӀуналлин юккъера барам 650 мм гергга бу. Йочанийн коьрта дакъа догӀу апрелера июне кхаччалца болчу муьрехь. Коьрта мехаш — малхбален а, къилбаседа-малхбузан а бу.
Remove ads
Истори
Терк гӀала кхоьллина терахь лору 1876 шо, оцу хенахь болхбан йолайелира керла цӀерпоштнекъан станци Муртазово. Керла станции йира гӀебартойн элийн МуртазовгӀеран латташ тӀехь, церан сийнна царна и цӀе тиллира. Оцу хенахь станцин гӀуллакх деш болу белхалой чухоара кхаа гӀишлон чу. Шераш девлчи, станцин гуонаха йан йолийра кхин дахаран а, бахаман а гӀилош, ткъа иштта кегийра долара белха меттигаш а.
1920 шарахь хилира Жима ГӀебартийн гуонан Советийн гулам. Цуьнан жамӀашца барт хилира станцин гергахь керла йуьрт йилла. ХӀоттийначу планаца керла йуьрт хила йезара Жима ГӀебартийн гуонан центр. Оццу хенахь гуонан гуламо Терк цӀе а кечйира керлачу йуьртана.
Йуьхьанца оцу йуьртана Муртазово цӀе йита гӀертара. Амма хӀоьттинчу советийн Ӏедало гӀебартой йартийн элийн цӀарах техкина цӀераш хуьйцуш лело политика бахьнехь, керла йуьртана ша аьтту бердан тӀехь йолу Терк хин цӀе тиллира[2].
1935 шарахь Теркан йелира гӀалин тайпана эвла статус. 1945 шарахь белхалойн эвлан статус.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш, 1942 шо чекхдолуш, посёлок масех кӀирнах немцой эскаршна карайахара. Мукъа йаьккхина 1943 шо долалуш. Беллачарна гӀалахь хӀиттийна иэсаш а, монументаш а.
1967 шеран августехь зорбане даьлла РСФСР Лакхарчу Советан Президиуман Омар Терк поселках кӀоштан куьйгакӀелара гӀала йарех. ГӀалахь кхоьллира гӀалин совет.
Remove ads
Бахархой
Луьсталла — 1618.83 ст./км2.
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[16]:
- Бахархойн сте-боьршаллин а, хенан а хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[17]:
Божарий — 8 758 ст. (45,7 %). Зударий — 10 412 ст. (54,3 %)[18].
Бахархойн юккъера хан — 35,5 шо, медианан хан — 33,6 шо.
Божарий юккъера хан — 33,6 шо, медианан хан — 31,2 шо.
Зударийн юккъера хан — 37,0 шо, медианан хан — 35,8 шо.
Меттигера шеш шайн урхалла
ГӀалан меттиган меттигера шеш шайн урхаллин меженийн структура:
- Терк гӀалан меттиган корта — Хапажев Тимур Урусбиевич.
- Меттигера администраци (кхочушдаран-омарийн меже) — Терк гӀалан меттиган администраци.
ГӀалан меттиган меттигера администрацин аппарат лаьтта 15 стагах.
- Векалийн меже — Терк гӀалан меттиган Совет.
Лаьтта 17 депутатах.
ГӀалан меттиган администрацин адрес — Терк гӀала, Канкошевн урам №20.
Remove ads
Дешар
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads