Арик (эвла)

From Wikipedia, the free encyclopedia

Арик (эвла)map
Remove ads

Арик (гӀебарт.-чергаз. Борыкъуей, оьрс. Арик) — Российн Федерацин ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Муниципалан «Йуьртан меттиг Арик» кхолламан административан йукъ.

Боца хаамаш Арик, Пачхьалкх ...
Remove ads

Географи

Эвла лаьтта Теркан кӀоштан малхбуза декъехь, Теркан аьтту берда тӀехь. 11 км къилбаседехьа йу кӀоштан йукъ йолчу Терк гӀалан, Нальчик гӀалан 65 км малхбалехьа йу.

Дозанаш ду: Джулатца къилбаседехь, Куянца къилбаседа-малхбалехь, Лаха Акбашца къилба-малхбалехь, Теркца къилбехахь, Псынашхоца къилба-малхбузехь. Малхбузехь, Теркан дехьа берда тӀехь лаьтта Котляревски гӀала а, Майски гӀала а.

Эвла лаьтта таьӀна йолчу ГӀебартойн акъарин тӀехь, Арикан дукъан малхбуза кӀажошкахь, республикин ломан кӀажошкара аренан зоне волучохь. Элан йуккъера локхаллаш хӀордан тӀегӀанера 233 метр йу. Меттиган рельеф, коьртаниг таьӀна тулгӀен кепара акъари йу, малхбалехь цӀеххьана айало Арикан дукъан басеш.

Гидрографин маша гойту Терк эрко. Цул сов эвлахь даьккхина хи дилларан татол. Иштта эвлан малхбален йисташкахула чекхдолу Тамбовн татол, малхбузан йисташкахула Акбашан татол. Эвлан йуккъехула чекхйолу татол дина Куян эркан тогӀе. Иштта йу хиоьцийлаш, куьйга даьхна Ӏаьмнаш а, татолийн хин барам лелорхьама.

Климат бараме тӀуьна. Аьхке йовха. ХӀаваан температуран йуккъера барам июлехь - +23,0°С гергга. Август болалуш абсолютан гайтам кхочу +35°С. Ӏа кӀеда, дахло кхаа батте, сих-сиха йовхонаш а йогӀуш. Температуран минимумаш наггахь охьайовлу −10°С. Январан йуккъера температура хуьлу -2,5°С. ХӀаваан йуккъера температура йерриг лаьрчи +10,5°С. Шеран йочанийн йуккъера барам 630 мм гергга бу. Июлехь а, августехь а дукха хьолахь йокъаллаш хуьлу, уьш йогӀу йовха, йекъа хӀаваан массашца Каспиййистан аренашкара.

Remove ads

Истори

Эвла кхоьллина 1839 шарахь гӀебартойн элийн тайпано АнзоровгӀара, уьш кхелхина шайн нахаца Теркан аьрру берда тӀиера аьтту берда тӀе, оьрсийн тӀеман чӀагӀо «Пришибски» (хӀинца Майски гӀала) гӀало махкара арататтар бахьнехь. Дехьавала дагадеаниг вара эла Анзоров Бороко Кульчукович. ГӀебартойн Ӏадаташца керла эвлан цуьнан цӀе тиллира — Бороково (Бэрыкъуей).

Бахархойн дукхалла

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...

Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.

Ссылки

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads