Эмасуле
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Эмасуле[12] йа Эмасулиэ[13] — Нохчийн Республикин Теркан кӀоштан кӀотар йу. Бахархой — 35 стаг.
Иза йу Лакха Неврен йуьртан меттиган[14] йукъайогӀу кӀотар.
Remove ads
Географи

Эмасуле лаьтта Лакха Неврен 7 км къилбаседа-малхбузехьа, ЧӀулга-Йуртан 4 км къилба-малхбалехьа, Лаха Неврен малхбузехьа, Теркан аьтту бердаца[13].
Лулара нах беха меттигаш: къилбаседехь — Алпату йурт, къилбаседа-малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Новр-ГӀала а, къилба-малхбалехь — йарташ Лаха Невре, Макан-КӀотар, Минеральни, къилба-малхбузехь — ГӀулоз[15].
Истори
Дийцаркахь йиллина цхьаьна гӀумкийчо Хажгириев Эмас, Лакха Неврен масех чаккарма (1,06 км) малхбузехьа йиллина эвла Эмасуле. Цигахь цхьаьна бехара гӀумкий а, нохчий а. Оцу эвлахь вехира XIX бӀешеран йуккъерачу заманахь корнет эла Солтахан Таймазов.
1878 шарахь Чечанара ДадаевгӀар Джаби-Хьаьжа, Къада-молла, Уса, Даша охьахевшина Эмасуле. Церан тӀаьхье хӀинца еха ЧӀулга-Йуртахь[16].
Оьрсийн даьхнийлелорхошна МазаевгӀарна латта мукъадаккхархьама, 1888 шарахь Теркйисттерачу йарташкахула дӀасабоькъу. Эма Хажгириевн тӀаьхье УмалатовгӀар, ТембулатовгӀар, СалаватовгӀар, ДакиевгӀар хӀинца а беха Ӏелин-Йуртахь.
Советийн Ӏедал тӀедеанчул тӀаьхьа, нохчий махках баьхначул тӀаьхь, кхузахь йиллира хьакхарчий лело ферма, иза латтира 80-гӀа шераш кхаччалц. И ферма йохийначул тӀаьхьа кхузахь бежний лело буьйлабелира. Иштта даьхний лелон аьтту хиларна кхуза кӀез-кӀезиг адам охьахууш ду хӀусамаш а йугӀуш. ДӀадекъна лаьттан дакъош а ду керла бахархошна.
Remove ads
Инфраструктура

КӀотаран къилбехьа, Мазалк-Гуьмсе новкъаца, лаьтта заправкин комплекс, цунна йукъайогӀу: бензин а, газ а йутту заправка, чӀургаш тоен вулканизаци, кафе, бильярдан чоь, машенаш йуьлу меттигаш.
КӀотарахь ишкол а, берийн беш а йац, бераш автобусца Лакха Неврен ишколе дуьгу.
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads