II Елизавета
Йоккхачу Британин а, ДоттагӀаллин паччахьаллийн а паччахь (1952—2022) From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
II Елизаве́та (инг. Elizabeth II), йуьззина цӏе Елизаве́та Алекса́ндра Мари́ (инг. Elizabeth Alexandra Mary[5]; 1926 шеран 21 апрель, Мейфэр, Вестминстер, Йоккха Лондон, Ингалс, Йоккха Британи[6] — 2022 шеран 8 сентябрь, Балморал, Абердиншир, Шотланди, Йоккха Британи) — иза Йоккхачу Британин а, ДоттагӀаллин паччахьаллийн а хилла йолу паччахь йу 1952—2022 шерашкахь. 25 шо долуш васхалин чуйахана иза, шен да VI Джордж дӀаваьллачул тӀаьхьа. Йоккхачу Британин исторехь уггар дукха урхалла дина паччахь йу иза[7][8].
II Елизавета Виндзорийн династин тӏаьхьенах йу.
ДоттагӀаллин паччахьаллийн куьйгалхо а йара, Йоккхачу Британин хилла а ца ӏаш, пхийтта гӀарайалаза пачхьалкхийн паччахь а йара: Австрали, Антигуа а, Барбуда а, Багаман ГӀайренаш, Барбадос, Белиз, Гренада, Канада, Керла Зеланди, Папуа — Керла Гвиней, Сент-Винсент а, Гренадинаш а, Сент-Китс а, Невис а, Сент-Люсия, Сулейманан ахгӀайренаш, Тувалу а, Ямайка а.
Remove ads
Биографи
Хьалхара шераш
Елизавета принцесса йина Лондонан Мейфэр районехь Стратмор графан резиденцехь, № 17 цӀа. 1930 шарахь Елизаветан йиша — Маргарет йина[5][9].
Йинчу хенахь Йоркси принцесса хилла Елизавета. Цуьнан 13 шо долуш болабелла хилла Дуьненан ШолгӀа тӀом[10].
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads