Балташ
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ба́лташ (балтийн къаьмнаш) — балтийн меттанаш дуьйцу къаьмнийн тоба[1]. СхьабогӀа Йуккъера а, Малхбалин а Европин шуьйрачу мехкашкахь борзанан бӀешарахь даьржина тӀергийн кхийранан оьздангаллера[2][3][4][5]. Деира латталелор а, Перунан дин а[6][7]. Таханлера балтийн къаьмнашна йукъабогӀу латышаш а, литвахой[8]. Ший а къам ду малхбален-балтийн къаьмнаш олучех. Малхбален-балтийн къаьмнаш, царех бара, масала, пруссаш, хӀинцале дайна. Хьалха, Литван а, Латвин а хӀокху заманан мехкаш доцурш, балташ бехара Белоруссин, Польшин (Сувалки, къилба Пруссин), Российн (Калининградан область, цхьа дакъа Москохан, Калугин, Смоленскан, Брянскан, кхин а цхьацца гергахь лаьттачу областашкахь)[9].
ХӀара йаззам бу къомах лаьцна. некъех лаьцна, хьажа Балташ (некъий).

Доллькайм-Коврово оьздангалла — Самбийн-натангийн тоба Ольштынан оьздангалла — Малхбузенмазуран тоба (Галиндаш) Судавин оьздангалла — Малхбаленмазуран тоба (Судаваш) Мемелан оьздангалла — Лаханеманан а, малхбузен-латвихойн а тоба (Курши) Сизнаш хьекхна кхийранан оьздангалла Милоградан-подгорцевн оьздангалла Днепран-двинин оьздангалла Поморийн оьздангалла Клёшан буха дӀабохкаран оьздангалла





ХӀара йаззам йа дакъа йухадан оьшу. |
Remove ads
Тептаршкахь хьахор
Балтикин хӀордан къилба-малхбален агӀор дехп тайпанаш дуьххьара тептаршкахь хьахийна, Пифейн «Ӏапказах лаьцна» жайнахь (вайн эрал 325 шо хьалха). Цигахь цуо дуьйцу янтарь даккхар. Вайн эран 98 шарахь Свебан (Балтикин) хӀордан тӀехь, Германин малхбалехь деха эстийн (лат. aestiorum gentes) тайпанийн Ӏар-дахар гойту «Германхой схьабовларх а, Германи лаьтта меттигех а лаьцна» цӀе йолчу, руман историкан Публий Корнелий Тацитан жайнахь. Геродота хьахадо Донан лакхенашкахь Ийдалан а, Днепран а йукъахь деха будинаш олу къам. ТӀаьхьуо иайсигӀеран тайпанаш тайп-тайпана цӀерашца дуьйцу руман-остготийн историко Кассиодора (523 шо), готийн историко Урдана (552 шо), ингалссаксонийн новкъахочо Хедебюра Вульфстана (900 шо), къилбаседагерманин хрониста архиепископа Бременан Адама (1075 шо) шайн сочиненешкахь.
Балтикин хӀордан къилба-малхбален мехкашна гергахь даьхна шира тайпанийн хӀинцалера цӀераш, — балташ (нем. Balten) а, балтийн меттанаш (нем. baltische Sprache) а — Ӏилманан терминаш санна кховдийра 1845 шарахь немцойн мотт бевза Кёнигсбергера университетан профессоро Нессельман Георга (1811—1881), летто-литвахой терминан меттана. ЦӀе кхоьллина Mare Balticum (кӀайн хӀорд) аналогца[10].
Remove ads
Охьаховшар
Балтийн ареал йаьржира Вислин а, Нареван а майданашкара малхбузехь, Березинин, Сожан, Къилба Буган къилбехьа Ильмень Ӏоман майдане кхаччалц[11], Тверан областе кхаччалц къилбаседехьа. Малхбалехь балташ беха мохк бара таханлера Белоруссин Витебскан а, Могилевн а областаш, Российн Пскован, Смоленскан (тушемлинан оьздангалла), Брянскан, Курскан, Орелан областаш (колочинан оьздангалла). Кхин а исторехь йаздина ду малхбузен-балтийн тайпанаш голядь Окан лакхенашкахь, Калугин, Орелан, Тулин, Москохан областашкахь дахар (Москохэркан гӀаланийн оьздангалла).
I эзаршеран чаккхенгара дуьйна болабелира балтех славянаш баран болх. Йозанан тешаллаш ду XVI бӀешеран йуьххьехь таханлера Белоруссин малхбузен декъера цхьацца бахархоша малхбузен-балтийн меттанаш дуьйцуш хиларан. II эзаршеран йуккъехь, Тевтонийн ордено (пруссаш) дӀалаьцна мехкашкахь беха малхбузен балтех, жигара германхой бан болийра.
Remove ads
Бекъабалар
Вайн эрал хьалхара IV—III бешерашкахь къаста буьйлабелира малхбузен а (пруссаш, курши, галиндаш, ятвягаш, голядь, полексянаш), малхбален (земгалаш, селаш, латгалаш, жемайташ, литва) а балташ, цу тӀе этногенезан масех концепции йу, царех цхьаьнца малхбузен балташ ятвягаш белорусийн дайх цхьаъ бу[12], ткъа голядь (галиндаш) — Йуккъера Российн дайх цхьаъ бу[13]. Малхбузен балтийн дакъа — пруссаш, ятвягаш — полякийн дайх цхьаъ бу; малхбален балташ литвахой — шеш литваш (аукштайташ а, жемайташ а) а, кӀеззиг курши, скаловаш, надроваш, ятвягаш (дайнаваш а, судуваш), къилба земгалаш, къилба селаш — литвахойн дай бу, ткъа латгалаш, къилбаседа курши, къилбаседа земгалаш, къилбаседа селаш, угрофиннийн тайпа ливаш латышийн дай бу. VI—VIII бӀешарахь бекъало литвахойн этногенезехь дакъа лаьцна малхбален балташ, цхьаьна агӀор, таханлера латышийн дай хилла, вукха агӀор.
Балтийн тайпанийн дакъа хӀаллакдира немцойн къонахойн орденан экспанси йолуш (германин тӀемлойн сийлалла— Пруссин цӀе кхечира немцоша хӀаллакдина а, ассимиляци йина а балтийн къомах пруссех), цхьаьна декъана ассимиляци хилира XVI бӀешеран чаккхенгахь — XVII бӀешеран йуккъехь йа дӀаийра хӀокху замананкъаьмнийн этногенез йолуш (масала, ятвягаш полякийн этногенезехь).
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads