From Wikipedia, the free encyclopedia
Али́ев Ильха́м Хьайда́р охӀлу (Али́ев Ильха́м Гейда́рович) (азерб. İlham Heydər oğlu Əliyev; 1961 шеран 24 декабрехь, Бакох, Азербайджанийн ССР, ССРС) — азербайджаний пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, азербайджанан эскаран инарла-полковник а, 2003 шеран 31 октябрехь дуьйна волу Азербайджанан президент а, тӀеман ницкъийн коьрта баьчча а.
Ильхам Алиев | ||||
---|---|---|---|---|
азерб. İlham Əliyev | ||||
| ||||
|
||||
Хьалха хилларг | Алиев Хьайдар | |||
|
||||
Хьалха хилларг | Расизаде Артур | |||
Когаметтаниг | Расизаде Артур | |||
|
||||
Дин | ислам | |||
Вина терахь | 1961 шеран 24 декабрехь | |||
Вина меттиг | Бакох, Азербайджанийн ССР, ССРС | |||
Тайпа | Алиевы | |||
Да | Алиев Хьайдар | |||
Нана | Алиева Зарифа Ӏазиз кызы | |||
Зуда | Алиева, Мехрибан Ариф кызы | |||
Бераш |
кӀант: Хьайдар йоьӀрий: Арзу а, Лейлаъ а |
|||
Парти | ||||
Дешар | ||||
Динлелор | ислам | |||
Автограф | ||||
СовгӀаташ | ||||
Сайт | president.az(азерб.)(оьр.)(ингалс.) | |||
Латар | ||||
Болхбаран меттиг | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Азербайджанан президентан Алиев Хьайдаран (1993—2003) кӀант а, когаметтаверг. Доьазза тоьлла президентийн харжамашкахь (2003, 2008, 2013, 2018 шерийн).
Дуьненайукъара цхьа могӀа тидамчашна хетарехь, Алиев Ильхаман президенталла дара мехкан политикин дахар цхьаьнаэшшара долуш. Оццу хенахь, цхьа могӀа хьосташа, Азербайджанехь Алиев Ильхама хӀоттийна режиман амал диктаторийн[1] лору, йа авторитаран[2] лору.
Алиев Ильхам вина 1961 шеран 24 декабрехь Бакохахь, Азербайджанийн ССРн Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитетан Контрталламан декъан хьаькаман Алиев Хьайдаран а, офтальмологин институтан лакхара Ӏилманан белхалочун Алиева Зарифан[3] а доьзалехь.
Иза воцуш доьзалехь йара цуьнан йоккхаха йолу йиша — Севиль. Цуьнан кӀант, Алиев Ильхаман йишийн кӀант — Азер , ву Азербайджанан йеза атлетикин федерацин вице-президент[4].
Цуьнан да — Алиев Хьайдар хилира Азербайджанан ПКХК куьйгалхо, цул тӀаьхьа Азербайджанан ССР Компартин ЦК Хьалхара секретаран даржехь куьйгалла дира республикехь, Москох дӀакхалххалц, цигахь болх бира ССРС министрийн советан (правительствон) Председателан гӀовс. Цуьнан схьавалар Нахичевань гӀалара дара. АлиевгӀер доьзал схьабаьллера азербайджанийн[5] Зангезуран уездан (тӀаьхьа Сисианан кӀошт, хӀинца Эрмалойчоьнан Сюникан область) Джомартли йуьртара, амма Хьайдар дуьнен тӀевалале дай кхелхира Нахичеване[6][7]. Хьайдаран денана схьайаьллера Уруд (хӀинца Эрмалойчоьнан Воротан эвла) эвлара[7].
Алиев Ильхаман воккхаха волу деваша — Хьасан белхаш бина Азербайджанийн ССР ӀА Ботаникан институтан, Географин институтан директор, ткъа иштта Йерригсоюзан латтаӀаморан йукъараллин Азербайджанан филиалан председатель; вара бакъонца волу академик. Иза хаьржира Азербайджанийн ССР Лакхара Советан (парламентан) депутат а, Азербайджанан географин йукъараллин президент. Цуьнан кӀант, Алиев Ильхаман шича — Расим архитектор вара, тӀаьхьа Азербайджанийн ССР Хьакъдолу архитектор, Азербайджанан Архитекторийн бертан вице-президент. 23 шарахь (1966—1998) иза Бакох гӀалан коьрта архитектор вара.
ШолгӀа деваша — Хьусейн, художник вара, Азербайджанийн ССР Компартин «Коммунист» газетехь зорбанан меженан редакцин коьрта художник болх бира. Цунна йелира Азербайджанан Халкъан художникцӀе. Ильхаман кхоалгӀа деваша — Агиль вара Ӏилманча-экономист, Азербайджанан КЪӀА декъашхо-корреспондент.
ВоьалгӀа деваша — Джалал хилира Ӏилманча-селекционер, академик, ӀА Президиуман декъашхо. Иза кхузза хаьржира Милли Меджлисан (парламентан) депутат, вара Российн йуьртабахаман Ӏилманийн академин, Украинин Аграрийн Ӏилманийн академин, Республика Беларусан Аграрийн Ӏилманийн академин кхечу пачхьалкхера декъашхо.
Дейиша — Рафигах кхечира химин Ӏилманийн докторан Ӏилманан тӀегӀа, профессор, хилира Азербайджанан КЪӀА бакъонца йолу декъашхо. Иза Азербайджанан ССР некъаш дахкаран министрехь Халафов Рафикъехь марехь йара. Церан йоӀ, Алиев Ильхаман шича — Фахрия — художник-модельер, Азербайджана говзаллийн хьакъдолу гӀуллакххо.
Цуьнан нана — Алиева Зарифа, йара лор-офтальмолог, Азербайджанийн ССР ӀА академик, профессор. Иза йина Нахичеванан автономин Шахтахты эвлахь. Ден агӀора санна, Алиев Ильхаман ненан агӀора а эрмалойчуьра бевлларш.
Цуьнан ненада — Алиев Ӏазиз[8] ваьлла Эриванан уездера Хамамлы эвлара[9].Лор хилла, цуо тӀаьхьа куьйгалла дина Азербайджанан медицинан институтехь, цул тӀаьхьа Азербайджанан пачхьалкхан университетан ректор хилла, кхин дӀа – Азербайджанийн ССР могашалла Ӏалашйаран халкъан комиссар. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш А. Алиевх хилира Азербайджанийн ССР Лакхара Советан председатель, цул тӀаьхьа хӀоттийра ДегӀастанан ВКП(б) обкоман Хьалхара секретарь (де-факто ДегӀастанан куьйгалхо).
Ший а ненаваша — Тамерлан а, Джамиль а хилира лоьраш, медицинийн Ӏилманийн докторш. Алиев Тамерлан эндокринолог вара, болх бира Азербайджанан Могашалла Ӏалашйаран министраллан коьрта терапевт, йелира сийлахь цӀе – Республикин Хьакъдолу Ӏилманан гӀуллакххо а, Пачхьалкхан преми (1981). Алиев Джамилах онколог хилира, тӀаьхьа профессор, КЪӀА бакъонца волу декъашхо. Джамилан кӀант, Алиев Ильхаман шича — Ӏазиз ву медицинийн Ӏилманийн доктор, И. М. Сеченовн цӀарах Хьалхара Москохан пачхьалкхан медицинан университетан Бакохан филиалан ректор.
Цхьаъ бен йоцу ненайиша — Гюлара хилира пианист, композитор, хьехархо. Цуо йина музыкин гӀирсийн ансамбль «Дан улдузу »; цунна йелла сийлахь цӀе Хьакъдолу говзаллийн гӀуллакххо (1977), говзалла Ӏаморан кандидатан Ӏилманан тӀегӀа (1966)[10].
1977 шарахь чекхйаьккхина Бакох гӀалан № 6 йолу йуккъера ишкол, деша хӀоьттина Москохан пачхьалкхан дуьненайукъара йукъаметтигийн институт (МГИМО). Институт чекхйаккхарца, 1982 шарахь иза МГИМОн аспирантуре вахна. Оццу шарахь, Андроповс кхайкхарца, АлиевгӀеран доьзал кхелхина Москоха. Журналиста Михаил Гусмана МГИМО хӀоттарх хаттар дича, Алиев Ильхама жоп делира:
Со дӀаийцира исправкица, цуо официалан чӀагӀдора, ма-дарра сан пхи бутт баьлча 16 шо кхачар. Хьалхара дешаран шо дара уггаре жоьпаллин. Цхьаъ ду Азербайджанан Компартин ЦК секретаран кӀантана Бакохахь дешар, ткъа кхин ду — Москохахь, кхечу хьолехь, кхин тӀе къуоначу шерашкахь. Амма аса да йуьхьӀаьржа ца хӀоттийра, институтехь дика дийшира, цул тӀаьхьа аспирантурехь[11] а дика дийшира. |
1985 шарахь историйн Ӏилманийн кандидатан Ӏилманан тӀегӀа йоккхуш диссертаци чекхдаьккхина, иза висира Москохан пачхьалкхан дуьненайукъара йукӀаметтигийн институтехь хьехархочун балхахь[12].
Хьехархочун гӀуллакхал тӀаьхьа Алиев Ильхам долара бизнес лело волавелира. 1991 шарахь иза куьйгалле хӀоьттира «Ориент» фирман[13], ткъа 1992 шарахь кхелхира Истмале, хӀунда аьлча фирман коьрта гӀуллакх Туркойчоьнца доьзна дара. Даймехка вирзира Алиев Хьайдар республикин президент хилча.
1994 шерера 2003 шеран август кхаччалц — вице-президент, цул тӀаьхьа «SOCAR» (Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан Мехкдаьттан Компанин) хьалхара вице-президент. Дакъа лецира «Алиев Хьайдаран мехкдаьттан стратеги» кхочушйеш. Иштта жигара дакъа лецира дозан арахьара мехкдаьттан компанешца дийцаршкахь, уьш чекхдевлира, «БӀешеран контракт» цӀе тиллинчу бартан куьг йаздарца. Алиев Ильхам автор ву маьрша Азербайджанан цхьа могӀа мехкдаьттан политикин геополитикийн аспектийн талламан белхийн.[14]
1995 шарахь хаьржира, ткъа 2000 шарахь йухахаьржира Азербайджанан Милли Меджлисан депутат[13]. Амма 2003 шарахь Азербайджанан премьер-министран дарже хӀоьттина охьабиллира депутатийн болх.
2003 шеран 15 октябрехь махкахь хилира президентан харжамаш, цигахь толам баьккхира Алиев Ильхама, 79,46 % кхаьжнаш тесна[15]. Дуьненайукъара тергончийн хаамашца, харжамашкахь шортта кхачам бацарш билгалбехира. Оппозицис харжамийн жамӀ къобал ца дира, шолгӀачу дийнахь Мусават партера 3 эз. сов оппозицин президентан кандидатийн агӀончаш буьйлабелира йуккъерачу урамашкахула Азадлыг майдане. Оцу меттиге йеира чоьхьарчу гӀуллакхийн эскаран полк. Ӏиттабаларшкахь хилира бохам хилларш а бара[16]. Шен инаугурацин къамелехь Алиев Ильхама кхайкхийра:
Со теша Азербайджанан ирсе тӀаьхье хирг хиларх. Тешна ву, вайн мохк кхин дӀа а кхуьур бу, чӀагӀлур бу аьлла. Демократи Азербайджанехь кхин дӀа а кхуьур йу, хуьлийтар йу политикин плюрализм, дешан маршо. Вайн мехках хӀокху заманан пачхьалкх хир йу. Иза дархьама, Азербайджанехь дукха хӀумнаш дан деза. Амма иза дерриг дан, Азербайджанах онда пачхьалкх йан, уггаре хьалха, махкахь дӀайахьа йеза Алиев Хьайдаран политика[17]. |
Азербайджанехь а, дозанал арахьа а пачхьалкхан керлачу куьйгалхочо тӀаьхь-тӀаьхьа хийцамаш бийр бу моттара, Малхбузен герга боьлхуш, политикин дахарна либерализаци йеш, пачхьалкх чӀагӀйеш. Шуьйра йаьржинчу ойланца, къона президент тоъал зиеделла вацара, политика йовза хьожуш вацара, ден йолу харизма йацара, ткъа цундела цуьнгара урхаллин онда хатӀ гурд у аьлла цхьан а хеташ вацара. Йуьхьанца Алиев Ильхам верриг а воьзна вара ширачу урхаллин элитех, хӀунда аьлча дерриг ладаме министрийн даржашкахь бисинера, цуьнан дас хӀиттийнарш[18]. Ему потребовалось два года, чтобы подготовить смену аппарата.
2008 шеран 15 октябрехь президентан харжамашкахь, харжамхойн 88 % сов аьзнаш гулдина, тоьлла, Алиев Ильхам шолгӀа а хаьржира Азербайджанан Республикин президентан дарже. Правительствон хӀоттам хийца ца белира ала мегар ду.
2013 шеран июнехь «Керла Азербайджан» партин V гуламехь Алиев Ильхаман кандидатура аратеттира президентан харжамашка, уьш хилира 9 октябрехь[19]. Харжамийн жамӀашца пачхьалкхан карара куьйгалхочо Алиев Ильхама 84,6 % кхаьжнаш гулдира. Иза кхайкхийра Азербайджанан ЦХК куьйгалхочо Панахов Мазахира. Харжамашка баьхкира 72 % харжамхой[20].
Французийн талламан OpinionWay институто 2019 шарахь 9 хаттар дира азербайджанан халкъе, цара меттаха йехира тӀаьхьарчу (2018—2019) шарахь хилла процессаш. Хеттарийн жамӀашца 85,1 % декъахочо дикачу агӀора хастийра карара президентан гӀуллакх[21][22].
Алиев Ильхам Ӏедале веира, 1993 шарахь дуьйна Азербайджанан куьйгалла дина шен да Алиев Хьайдар хийцина. Цул сов иза куьйгалле веира дас кхоьллинчу «керла Азербайджан» партин, иза а республикин куьйгаллехь йу 1993 шарахь дуьйна. Азербайджанан ша политикин а, пачхьалкхан а кечйина Алиев Хьайдар волуш, 1995 шарахь тӀеийцира керла Конституци (цул хьалха йара 1978 шеран Азербайджанийн ССР Конституци, кхечу тайпанан пачхьалкхан). 2003 шарахь октябрехь «Российн газетан» йеллачу интервьюхь, Алиев Ильхама элира, «хӀинцалера Азербайджан — Алиев Хьайдаран кхоллам бу, цуо мехкана диначух сахьташкахь дийцина вер вац. Цуьнан некъ дӀабахьа беза вай а», «со даиман а гӀиртина, гӀертара а ву дех тера хила».[23]
2005 шеран октябрехь Азербайджанехь кхайкхийра пачхьалкхан харцам бан гӀортарх лаьцна, цунна бехкен вина лецира 12 стаг, царна йукъахь вара экономика кхиоран министр Ф. Алиев, финансийн министр Ф. Юсифов, могушаллаӀалашйаран министр А. Инсанов, «Азерхими» пачхьалкхан концернан президента Ф. Садыгов, Азербайджанан ӀА экс-президент Э. Салаев[24][25]. Дуьненайукъара къоьллин тобанан (International Crisis Group) аналитикин докладца, оппозицин йукъахь йуьхьанца
лорура, Алиев Ильхьаме мехкан урхалла дан лур дац аьлла. Цхьаболчарна гора иза тайпанан кхечу декъахочунна аьттонца дехьаваларан кеп. ТӀаккха а, Алиев Ильхам хилира говза политик, иза ца везачарна хетарг ца хуьлуш. Иза кхетара, урхаллин уггаре боккха кхерам гӀийла оппозицех ца хилар, ткъа урхаллера элитех хилар. Алиев Хьайдар валаро куьйгаш даьстира оцу «ширачу гвардин» дукхаха болчу ладаме декъашхойн, царна лаара къоначу, зеделла воцучу президентан тӀехь урхалла дан. Цунна куьйгалла дира президентан девашас Алиев Джалала а, цуьнан гергара нийсархочо, Инсанов Ӏалис — ладаме еразийн тайпанан [Эрмалойчуьра бевлла азербайджанаш] корта болчу, урхаллера «Керла Азербайджан» парти кхоьллина волчу, могушаллаӀалашйаран министро. Йуьхьанцалерачу Ӏедалан консолидаци йан гӀертаран шен белхашкахь Алиев Ильхама билгалдоккхура, шен ден политика дӀахьур йу олий, ца гӀертара правительствехь цхьан а ладаме хийцам бан…
Ильхам морса чекхвелира шен политикин мостагӀашца. Инсанов а, Алиев Фархад а лецира харцам бан гӀортарх бехке бина, кхел йира коррупци а, къоланаш а дарна. Правительство буьрса охьатаӀийра оппозици 2005 шеран ноябрехь хиллачу парламентан харжамаш чекхбевлча. Оцу белхаша гӀодира гӀийла президент хетар дӀадоккхуш, амма цара новкъарло йира цуьнан хийцамхочуьн имиджан…
Еразийн лидер Инсанов лацаро, чекхйаьккхира азербайджанан политикин факторан регионашкара тайпанийн сийлалла. Нахичеванхоша а, мелла а кӀезиг еразаша латтабора алсама коьрта меттигаш, амма президентан муьтӀахь хилар а, гергахь хилар а ладаме дара оцу я кхечу регионан тайпанех хиларал. Шен дех къаьсташ, Ильхаман болх бар гӀоле хийтира, Бакохахь кхиинчу, дукха хьолехь бизнесехь аьтту хиллачу, алсама цивилизаци йолчу адамашца. Мехкдаьттан экспортан ладаме сано таро йира кхин дӀа а президентан Ӏедалан консолидаци йарехь а, олигархийн хӀучӀагӀдеш а[26].
Президентан шолгӀачу заманахь, 2009 шеран 18 мартехь, махкахь хилира Конституцин чохь хийцамаш баран референдум. Иза дагадаийтинарг йара куьйгаллера «Керла Азербайджан» парти. Референдуман жамӀашца хийцамашна кхаж тесира 90 % кхаж таса баьхкинчех. Къобал бинчу хийцамех цхьаммо бара (цунна кхаж тесира 92,17 % харжамхоша) бакъо йелира цхьаьна стаганна шиннал сов харжа[27]. Шуьйра йаьржина ойла йу, референдумо мостагӀалла лелочу урхаллин элитин тобанашна хаийта дезара, гергарчу заманахь Ӏедал хийцадаларх кхерам ца хилар. Оппозицис бехке вира Алиев, Азербайджанах монархи йарах, ткъа Европин комиссис референдуман мах хадийра демократии кхиорехь «йуханехьа ладаме гӀулч йу аьлла[26]. Венецин комиссис шен жамӀехь Азербайджан «президенто шен кара шуьйра Ӏедал лаьцна мохк бу»[28] аьлла.
Цул тӀаьхьара конституцин референдум хилира президентан кхоалгӀачу заманахь, 2016 шеран 26 сентябрехь. ХӀинца иза дагадаийтинарг хилира ша Алиев Ильхам[29]. Гражданашка кховдийра президентан хан 5 шеран тӀера 7 шере йахйарна кхаж таса аьлла, Хьалхара вице-президентан а, вице-президентан[29] а даржаш кхоьллира. Кховдийначу хийцамашна йукъахь йара кхин а ши пункт, уьш хьакхалуш йара законашкхолларан а, кхочушдаран а Ӏедалан гӀуллакхех. Алиев Хьайдар волуш, Ильхам премьер-министран даржехь волуш, хилира референдум, цуьнан жамӀашца мехкан президентан бакъонаш, нагахь иза хенал хьалха дӀавалахь, дӀа ца ло парламентан председателан, ткъа дӀало премьер-министран. Оцу хенахь гражданашка кхаж таса кховдийра, нагахь президент шен лаамца дӀавалахь цуьнан бакъонаш премьер-министран дӀа ца ло, ткъа Хьалхара вице-президентан ло аьлла а, президентана Милли Меджлис (парламент) дӀасахеца бакъо ло аьлла а, пачхьалкхан куьйгалхочун рогӀера боцу харжамаш кхайкхо а[29]. 2016 шеран референдуман берриг 29 хийцам къобал бира 90 - 95 % харжамхойн кхаьжнашца. И референдум йемал йира Европин Кхеташоно, цуо мехкан демократии кхиоран хӀума тохар санна мах хадийра цуьнан.[30]
ТӀаьхьадогӀучу шеран 21 февралехь Алиев Ильхама шен зуда Мехрибан Азербайджанан Хьалхара вице-президентан дарже хӀоттийра[31]. Цул хьалха (2005 шарахь дуьйна) иза йара Милли Меджлисан депутат. Нагахь РӀА ДЭДЙИ Советийн хилла талламийн центранкоьрта Ӏилманан белхалочо В. Мухановс Азербайджанера политикин системин «неомонархи» аьлла мах хадийнехь, ткъа ӀаьржахӀордан регионан мехкийн социалан-политикин институтан лакхарчу Ӏилманан белхалочун В. Новиковн хетарехь «из ахӀотторо цуо рогӀера гӀулч йаьккхира кхин дӀа а шен Ӏедал некъашка дӀадаларехьан новкъа»[32]. АЦШан Азербайджанехь хиллачу векало Казларич Ричарда иштта элира: «Зуда мехкан хьалхара вице-президентан дарже хӀоттор монархин агӀора гӀулч йу" аьлла[33].
2016 шеран 29 ноябрехь парламенто, инарлин прокуроро Гаралов Закира кховдорца, закон тӀеийцира, цуьнца зуламан жоьпалле озаво азербайджанийн президент публикехь вистхуьлуш, публикера кхолламашкахь йа МХГӀ сийсазваккхарна[34]. Иштта, бехкечарна гӀуда туху 500—1000 манат (оцу хенан 19—37 эзар сом), йа шина шеранна гӀуданан белхаш бойту, йа чувуллу шина шаранна, ткъа бакъо «интермашин хаамийн ресурсашкахь» йохийнехь, тӀаккха кхел йу 1000—1500 манат гӀуда (оцу хенан 37—58 эзар сом) йа чувулла кхаа шаранна[35]. Цул тӀаьхьарчу шарахь Президентан администрацис парламенте оцу йаззаман проектан хийцам кховдийра[36], аьхка парламенто кхин а чӀагӀйира кхел, цунна хӀинца гӀуда айира 1500—2500 манате кхаччалц, йа хан тухура 5 шаре кхаччалц, ткъа нагахь иштта сийсазвар интермашера шен йоцу аккаунташка а, профилашка а хӀиттайахь, тӀаккха лерина 2000 - 3000 манат[37] гӀуда.
Азербайджанехь хӀоттайелла политикин раж цхьаболчара дустура Советийн Азербайджанан ражца (цу тӀе Советийн политикин ражаш иштта тайп-тайпана йара, белхалойн классан Ӏедалера, Сталинан долара Ӏедалан ражера, Хрущёвн а, перестройкин а либерализаце кхаччалц). Румянцев Сергейс чӀагӀдарца «тайп-тайпана нахера сих-сиха хаза тарло, хӀинцалера политикин раж кхин а „гӀуо“ йа авторитаран йу советийнчул»[38]. Азербайджанан политикин хӀоттамехь шена цунна гучудаьлла хиллачу пачхьалкхан (аьлча а Советийн) тӀаьхьенан институцин дуккха хьесапаш: Ӏедало кхоьллина «Керла Азербайджан» партино чӀогӀа дагайоуьйту Компарти; президентан Милли Меджлисо (парламенто) а, министрийн гӀуллакхо а беш болу Ӏаткъам, Лакхара Кхеташоно бийриг санна бу; ССРС йохара тайпанийн хӀоттам бохам муххале а ца бира, иза кхин а бисира Алиев Ильхам волуш[38] а. Цу тӀе Румянцев ца гӀерта хӀинцалерачу ражан специфика советийн ражан тӀаьхьенан ойлане, иза хьоьжа Азербайджанехь хӀоьттина раже ерриг авторитаран[38] йолуш санна. Оттавей Марина гӀиртира азербайджанан политикин системин специфика ах-авторитаран йу ала[38].
Америкин правительствон боцу Freedom House кхолламан бакъо ларйаран эксперташ дийцарехь Азербайджанера политикин раж чӀагӀйар 1993 шарахь Ӏедале Алиев Хьайдар варца йолайелира, ткъа иза кӀанта Ильхама хийцинчун тӀаьхьа, «репрессеш» цӀеххьана чӀагӀйелира, тӀаккха 2015 шеран кхолламан чоьтехь жамӀ до, «Азербайджанехь урхалла деш йу авторитаран раж»[39][40]. Economist Intelligence Unit хӀоттийна «2016 шеран дуьненан мехкийн демократин индексехь», Азербайджано йаьккхира 148-гӀа меттиг авторитаран ражан мехкашна йукъахь[41].
Гулиев Зафара политолого санна тидам барца, 2003 шарахь Алиев Ильхьам махкахь Ӏедале варца, Азербайджанехь доладелира планан барамца веллачу президентан адамаллин культ чӀагдар, Азербайджанан керла исторега йухахьажаран кампани йолайелира[42]. «Дуьненайукъара къоьллин тобано» шен докладехь билгалдоккху, Алиев Хьайдаран адамаллин культ — Азербайджанан идеологин бух, иза лаьтта, Алиев Хьайдара Азербайджан кӀелхьарайаьккхина бохучу тӀехь, цу тӀе и адамаллин культ дехьайолу цуьнан кӀантана Алиев Ильхьамна[43].
2003 шарахь Алиев Ильхьам Ӏедале варца волавелира экономика кхиоран леррина программаш тӀеэца, царна йукъахь йу «Азербайджанан Республикин Къоьлла а, экономикин кхиор а охьадаккхаран пачхьалкхан программа (2003—2005 шераш)», «Азербайджанан Республикин регионаш социалан-экономикин кхиоран пачхьалкхан программа (2004—2008 шераш)», «Азербайджанан Республикин мукъазаллин стратеги» (2006—2015 шераш), «Азербайджанан регионаш социалан-экономикин кхиоран пачхьалкхан 2014—2018 шерашна лерина программа» иштта дӀа а.[44]
Алиев Хьайдаран мехкдаьттан стратеги дӀахьуш, Алиев Ильхьама 2004 шарахь «Мехкдаьттах а, газах а хилла сан урхаллин йехачу ханна йолу стратеги (2005—2025 шш.)» цӀе йолу Омар даьккхира[45].
Алиев Ильхаман президенталлин йуьхьанцара муьрехь гуора энергоресурсийн экспорт чоьтах экономика айайалар. Алиев Ильхаман хьалхара президентан хенахь болх бан йолайелира Российн гуо тесна йехкина коьрта экспортан биргӀанаш: мехкдаьттабиргӀа Бакох—Тиблиси—Джейхан (йолайелла 2005 шеран майхь, мА-балло чӀогӀа болх бан йолайелла 2006 шеран июль кхочуш), газбиргӀа Бакох—Тиблиси—Эрзурум. Нагахь 2002—2005 шерашкахь ДЧС тӀекхетаран шеран йуккъера болар 10 % гергга хиллехь, ткъа 2005 шарахь ДЧС тӀекхетар хилира 26,4 %, ткъа 2006 шарахь кхечира рекордан тӀегӀане – 34,5 %. 2007 шарахь и гайтам охьабелира 25 %, цул тӀаьхьа экономика кхиаран болар цӀеххьана охьадуьйжира.
2014 шарахь ДЧС кхиар хилира 2,8 %, мехкдаьтта даккхар охьадаккхарна а, мехкдаьттан доцу дакъа шордарна, мехкдаьттан дакъа охьаделира ДЧС барамах 37 % кхаччалц[46]. ТӀаккха а, ДВФ хаамашца 2014 шарахь экспортан берриг чухоамах долу мехкдаьттан а, газан а дакъа хилира 87 % а, 7 % а, хӀоранна[47]. Алиев Ильхьама ма-кхайкхадарра, 2015 шарахь Азербайджанан экономикера мехкдаьттан фактор хилира 30 %[48].
«2004—2008 шерашкахь регионаш социалан-экономикин кхиорехь йолу пачхьалкхан программин» гуран чохь Ӏалашонаш хӀиттийра ахмиллион белхан меттиг йар а, йерриг ДЧС декъехь аьргаллин йоцу секторан дакъа кхиор, долара бизнес кхиор, инфраструктура кхиор — масала, гӀишлошйар, некъаш тодар, медицинин, дешаран, спортан гӀишлошйар[49].
2010 шеран хьелашца Азербайджанехь доккхура 1 млн сов баррель мехкдаьтта дийнахь. Углеводородийн декъана кхочура ах сов мехкан ДЧС. Мехкдаьттан экспортах йолу йоккха са, мах хадорца, тӀедогӀучу ткъа шарахь хила йеза 350—400 млрд АЦШ доллар, цуо таро йира правительствон цӀа хилла йоцу бюджетан харжаш йан. 2009 шарахь уьш хилира ДЧС 34,8 %, коьртаниг Пачхьалкхан мехкдаьттан фондера (SOFAZ) оьху ахча бахьнехь. Миллиардаш доллараш йукъадохкура инфраструктура кхиоран а, реконструкцин а йаккхий проекташна. И ахча лечкъош йа эффект йоцуш дойуш ду аьллат шуьйра йаьржина ойла йу, тӀаккха а SOFAZ ахча дайар президентан омарца дара, парламента нагӀора терго а йоцуш[26].
2003 – 2010 шерашна йукъарчу муьрехь, правительствон хаамашца, махкахь йира 840 эз. белхан меттиг, къоьллин официалан тӀегӀа охьайелира 45 % тӀера 11 % тӀекхаччалц. Амма социалан трансферташ йоцуш къоьллин гайтам дикка айалур бара. Дерригдуьненан банкан хаамашца, 2008 шарахь хӀора син санан тӀегӀа кхечира 3830 АЦШ доллар, амма бахархойн доккхаха долу дакъа дехаш дара правительствон пособех[26].
2006 шерца дуьстича, 2007 шарахь дуьйна чоьхьара инвестицеш алсама йевлира базарахь. Ткъа 2008 шарахь коьрта капиталан 77,5 % инвестицийн йукъара чухоам хилира чоьхьара инвестицеш, цу тӀе церан доккхаха долу дакъа хьажадора мехкдаьттан доцучу декъе[50].
Алиев Ильхьаман мехкдаьттин политико дика Ӏаткъам бира мехкан экономикина. 2006 шарахь болхбан йолайелира мехкдаьттабиргӀа Бакох — Тиблиси — Джейхан, 2007 шарахь — газбиргӀа Бакох — Тиблиси — Эрзурум. Уггаре йаккхийчех цхьаъ мехкдаьттин экспортер йолу Азербайджан кхин а экспорт йан йолайелира Ӏаламан газ а. 2010 шарахь мехкдаьттин а, газан а декъан кхочура 97 % экспорт а, 39 % пачхьалкхан са а[50].
ТӀаккха а, энергоресурсийн экспортан санех тӀех сов йазаро, 2014 шарахь дуьйна, мехкдаьттин мах охьабожарца гӀуо Ӏаткъам бира мехкан экономикин. Азербайджанан экономика зийра арахецар охьадожаро, йуьйжира дахаран тӀегӀа, айайелира болх ца хиларан тӀегӀа, гуш дара йехачу хенан экономикин план ца хилар, банкийн дакъа гӀийла хилар. Цуо кхачийра бахархой Ӏедалан дуьхьалоне, уьш ницкъала охьатовӀийра Ӏедало[51].
Мир Паша-бек | Кербалаи ГӀурбанӀали | ИбрахӀим-бек Сулейманбеков | Кербалаи Аббасгулу | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Мир Ӏали Мир Ашрафи | Юсиф-бек Султанзаде[az] | Мамедкерим Алиев | ЗахӀра | Джаббар Аббасов | Кербалаи Джафар | Гюльджахан | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Мир Джалал Пашаев (1908—1978) | Пистаханум | Насир Имангулиев (1911—1998) | Говхар[az] (1909—1982) | Ӏазиз (1897—1962) | Лейлаъ | Иззет (1895—1956) | ӀӀалирза Алиев | Нарынгюль | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Хьафиз[en] (1941 ш.в.) | Ариф (1934 ш.в.) | Аида (1939—1993) | Тамерлан[az] (1921—1997) | Гюляра[az] (1933—1991) | Джамиль[az] (1946 ш.в.) | Зарифа (1923—1985) | Хьайдар (1923—2003) | Агиль (1926—2006) | Джалал (1928—2016) | Рафига (1932—2017) | Рафикъ Халафов[az] (1939—1998) | Хьасан (1907—1993) | Хьусейн (1911—1991) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Араз Агаларов (1955 ш.в.) | Наргиз[az] (1962 ш.й.) | Мехрибан (1964 ш.й.) | Ильхам (1961 ш.в.) | Севиль (1955 ш.й.) | Махьмуд Мамедкулиев[az] (1949 ш.в.) | Ильгар | Фахрия (1969 ш.й.) | Расим (1934 ш.в.) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Эмин (1979 ш.в.) | Лейла (1985 ш.й.) | Арзу (1989 ш.й.) | Самед Курбанов (1988 ш.в.) | Хьайдар (1997 ш.в.) | Азер[az] (1986 ш.в.) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Ӏали (2008 ш.в.) | Микаил (2008 ш.в.) | Айдын (2012 ш.й.) | Ӏазиза (2016 ш.й.) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.