Белоглински (ГӀебартойн-Балкхаройчоь)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Белоглински (оьрс. Белоглинское) — Российн Федерацин ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштара эвла.
Юкъахь ша цхьа эвла йолу муниципалан кхоллам йуьртан меттиг Белоглински.[2]
Remove ads
Географи
Эвла лаьтта Теркан кӀоштан къилба декъехь, кӀоштан центр йолчу Терк гӀалан 9 км къилба-малхбалехьа, Нальчик гӀалан 65 км малхбалехьа.
Йуьртан меттиган мехкан майда ю — 7,75 км2. Царех оханаш а, дожийлаш а 6,89 км2.
Дозанаш ду эвланийн латтанашца: Дейски малхбузехь, Лакха Акбаш малхбалехь, Плановски къилба-малхбузехь.
Эвла лаьтта таьӀна ГӀебартойн акъарин тӀехь, иза ю республикин ломан кӀажошкара аренийн зоне волу меттиг. Юккъера локхаллаш эвлахь 277 метр хӀордан тӀегӀанал лакхьахь. Меттиган рельеф ю коьртаниг таьӀна тулгӀенийн аре, дустаман локхаллаш цӀеххьана хийцалуш а йоцуш.
Гидрографин маша коьртаниг гайтина Чёрни речка цӀе йолчу эрко, иза чекхдолу эвлан малхбален йисттехула, Белоглински татоло а малхбуза йисттехула доьдуш долчу.
Климат
Климат бараме тӀуьна йовха аьхке а, шийла Ӏа а долуш. Шеран хӀаваан юккъера температура хуьлу +10,5°С, техка юккъерачех +22,5°С июлехь, -2,0°С январехь. Минимум температураш Ӏай наггахь охьайолу -10°С лаха, аьхка максимум температураш кхочу +35°С. Шеран юккъера йочанийн барам 650 мм гергга хуьлу. Йочананийн коьрта дакъа догӀу апрелера июне кхаччалц. Коьрта мехаш — малхбален а, къилбаседа-малхбузан а.
Remove ads
Истори
Эвлан историн чот йоьду 1924 шеран 14 мартехь дуьйна, оцу хенахь Урожайнера арабелира 40 доьзал керлачу меттиге баха ховша. Шайн эвлан хьомара, керлачу эвлана охьаховшучара цӀе тиллира — Жима Абаево.
Бахархойн дукхалла
Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads
