Гуьлгани
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Гуьлгани[2] (оьрс. Галюгаевская) — Российн Федерацин Ставрополан мехкан Курскан кӀоштара эвла.
Remove ads
Бахархойн дукхалла
Бахархойн дукхаллин хийцам | |
2002[1] | 2010[1] |
3242 | 2902 |
Географи
ГӀалагӀазкхий беха эвла йу Теркал дехьа Ставрополан махкахь.
Уллера нах беха меттигаш: къилбаседехьа — Ленпоселек, къилбаседа-малхбалехьа — Ишоре, къилбаседа-малхбузехьа — Стодеревски, къилбехьа — Ӏелин-Йурт, къилба-малхбузехьа - НогӀамирзин-Йурт, къилба-малхбалехьа — Бена-Йурт.
Ставрополе: 279 км.
Курск: 49 км.
Истори
Семенова Л. В. цӀе йолу къена гӀалагӀазкхий зудчо дийцарехь, нохчийн хьолахочо Галья цӀе йолу гӀалагӀазкхийн йоӀан совгӀатан кхузахь хьун йелла хилла, цунах схьайаьлла оьрсийн цӀе Галюгай (Галю+гай)[3]. Гай украини маттахь хьун йу.
Климат
Эвла йу барамера континенталан климатан зонехь, алсама хуьлу малхбален а, малхбузен а мехаш. Климатан раж шеран дохаллехь чӀогӀа хийцало, шеран метеорологин заманаш, дукха хьолехь, рузманца ца нисло. Мехкан доккхаха долчу декъехь Ӏа доца а ду, цхьанаэшшара а дац. Уггар шийла бутт - январь. Аьхке Ставрополехь еха ю: 140 де гергга[4].
Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads