Бена-Йурт

Теркан кӀоштара эвла, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Бена-Йуртmap
Remove ads

Бе́на-Йурт[4] (оьрс. Бе́но-Юрт) — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштан йурт.

Боца хаамаш Бена-Йурт, Пачхьалкх ...

Бено-Йуртан йуьртан меттиган административан центр йу[5].

Remove ads

Географи

Йурт лаьтта Теркан аьтту бердаца, кІоштан центр йолчу ЧӀулга-Йуртан 5,5 км малхбузехьа а, 12 км цІерпошт станцин Ишорен а. Уллора йарташ: къилбаседа-малхбалехь — Ишоре гІала а, Рубежни, къилба-малхбузехь — йарташ Ӏелин-Йурт а, НогӀамирзин-Йурт а, малхбузехь — Гуьлгани гІала (Ставрополан мохк)[6]. Дуьххьара Бена-Йуртан, НогІа-Мирза-йуртан, Іелин-Йуртан дозанаш билгалдаьхна 1863 шеран сентябрехь-октябрехь.

Микротопоними

Бена-Йуьртан микротопоними[7]:

«Жа дигна тогӀи» — Бена-Юртан къилбаседехьа. ЦӀе йоьзна йу, революци хилале Теркйистехь баьхна хьоладай МазаевгІара Петра а, Федора а, латта лелош болчу ЧӀулггІара а жимма бахьана доллушехь дӀадуьгуш хилла нохчийн йарташкарчу бахархойн даьхни, дӀалуш а ца хилла доккха гІуда ца текхча ялташ хӀаллакдарна.

«Муьжгин кӀотар» — Бена-Йуртан къилбаседехьа, латташ а, даьхнийн дежийлаш а долу хьоладайн керт. Революцин муьрехь самбевлла гІевттанчу ахархоша, МазаевгІера кІотарш схьаехира.

«ГӀалин мара» — Бена-Йуртан къилбаседа-малхбузехь бу.

«ТӀехьара хьун» — Бена-Йуртан малхбузехьара хьун.

«Лакхара хьун» — Бена-Йуртан малхбузехьара хьун, ТӀехьара хьуьнал а гена йу.

«Теркан йист» — Теркан бердаца йолу дика латта долу тогІе, Бена-Йуртан малхбалехьа а, къилбаседехьа а йу. Теркан тІиера хӀора эвлан а йу иштта тогІе.

«Йуьртан кешнаш» — Бена-Юртан йуккъехь.

«Дзоташ йолчу» — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш хилла дзоташ йолу меттиг. Бена-Йуртан къилбаседа йисттехь.

«Моллин барз» — йуккъерчу бІешерийн баьрзан каш. Бена-Йуртан малхбуза йисттехь. И цӀе йисина туьркийн маттера «мола» (нохч. — каш) дашах, нохчаша «мола барз» аьлла, тІаьхьуо Моллин барз хилла. Ма-дарра аьлчи «Кешан барз» бу.

«Саьнгарш йолчу» — Бена-Йуртан малхбалехьа, цигахь йисина Сийлахь-боккха Даймехкан тІаман заманера танкашна дуьхьал йаьхна саьнгарш.

«ЧӀиж мере» — Бена-Юртан къилбехьа.

«Аьччина шу» — «аьччина» дешан этимологин тІаьхьакхианза ду. Теркан тІегІа. Бена-Юртан къилбехьа.

«Боккха шу» — Теркан шолгІа тІегІа. Бена-Юртан къилба агІора.

«Кема охьадоьжна меттиг» — Бена-Йуртан 4 км къилбаседа-малхбалехьа, Сийлахь-боккха Даймехкан тІом болуш чудоьжна советийн тІеман кема. Кема а, экипаж а иккхинчу меттигехь хІоллам боьгІна. ХӀора шарахь Толаман дийнахь — 9 майхь — кхуза богІу уллора гергарнаш кхелхинчу пилотийн. Йарташкарчу бахархоша дика тІеоьцу хьеший. ХӀоллам болчохь даздаран цхьанакхетарш дӀахьо.

«Ӏаж болу боьра» — йуьртан къилбехьа. Хьалха ша лаьтташ Іаж хилла цигахь.

«Муьжан чоь» (Мюжан чё) — йуьртан къилбехьа. Цигахь хилла минералан хьаст а, кІотар а.

«Белшин корта» — Теркан дукъ тІиера бохь, Бена-Йуртан къилбехьа. Белши вайнехан мифологера наьртийн эпосера зуда-наьрт.

«Белшин коьртан боьра» — Бена-Йуртан къилбехьа, Теркан дукъан къилбаседа басехь Белшин коьртан дуьхьала. Наьртех долчу дийцаршкахь, Белшин коьртан тІехь а, боьрахь а йаьхна зуда-наьрт Белши.

«БӀозин боьра» — Бена-Йуртан къилба агІора. Баккхийн наха дийцарехь, оцу боьрахь цхьана хенахь тоьлин чохь ваьхна БӀоза цӀе йолуш стаг. БӀоза — наггахь бен нислуш йоцу долара цӀе.

«Дуркхий тӀе» — Бена-Йуртан къилбехьа. Дуркха — долара цІе йолчух тера ду.

«Ӏам тӀе отар» — Бена-Йуртан кІотар, оьрсаша Маковкин цӀе тиллира, хӀинца Комарово олу. Нохчийн цӀе Іам тІе кІотар.

Remove ads

Истори

Йуьрт йиллинарш, меттигерчара дийцарехь, лору нохчмахкахойн тайпа Беной, иза гойту ша йуьртан цӀаро - Бена-Юрт[4].

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а ара а баьхна, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхича Бена-Юртан кхин цӀе тиллира – Озёрни[1] аьлла. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийча, эвлан хьалхалера цӀе Бена-Юрт йухаерзира.

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...
Къоман хӀоттам

2010 шеран Йерригроссийн нах багарбаран[20] жамӀашца йуьртан къоман хӀоттам:

Ма-дарра Къам, Дукхаллин барам, ст. ...

Дин

Йуьртарчу кешнашкахь СангІарин-моллин зиярт ду.

ГӀарабевлла йуьртахой

  • Абдулмуслиев Аюб — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь. Эскаре кхайкхина 1940 шеран февралехь (хаам Теркан кӀоштан тӀеман комиссариатера). ТӀеман гӀуллакх кхочушдина 125-гӀа кхийсархойн полкан 1-чу ротехь салтийчун даржехь[21].
  • Айдамирова, Марьям Ахьмадовна (1924—1992) — йишлакхархо, музыкахо, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист, РСФСРн Хьакъдолу артист[22].
  • Айдамирова, Аймани Шамсудиновна (йина 1965 шеран 8 мартехь(19650308)) — йишлакхархо, актриса, Нохчийн Республикин а, ГӀалгӀайн Республикин а халкъан артист, Российн Федерацин Хьакъ долу артист. Айдамирова Марьяман вешин йоӀ[23].
  • Аюбов, Ӏалихан Абубакарович (1988) — грекийн-руман кепара охьатохарх латарехь Российн чемпионатан совгӀатхо;
  • Аюбов, Шахьрудди Абубакарович (1981) — грекийн-руман кепара охьатохарх латарехь Российн чемпионатийн совгӀатхо, Дуьненан Кад баккхарехь тлоламхо а, совгӀатхо а, Российн спортан говзанча;
  • Гадаев Лукъман - Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь. Муьлхачу полкехь хилла хууш дац[21].
  • Завгаев, Докка ГӀапурович (1940) — нохчийн а, российн а пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо[24], юридически Ӏилманийн доктор, экономикин Ӏилманийн кандидат, Российн Словенера векал.
  • Завгаев, Ахьмар ГӀапурович (1947) - российн пачхьалкхан гӀуллакххо. Пачхьалкхан доьалгӀа а, пхеалгӀа а кхайкхаман думан[25]. «Единая Россия» фракцин декъашхо. ПД бюджетан а, налогийн а Комитетан декъашхо (хьалха вара экономикин политикин а, хьуьнараллин а, туризман а Комитетан декъашхо, Къилбаседа Кавказан баланийн Комиссин декъашхо, меттигерчу шеш шайна урхалладаран гӀуллакхийн Комитетан декъашхо). Завгаев, Докка ГӀапуровичан ваша.
  • Завгаев, Ахьмад ГӀапурович (19462002) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо, Российн Федерацин Турпалхо (2002). Завгаев, Докка ГӀапуровичан ваша.
  • Минцаев, Мовсар ТӀахӀирович (1952 шеран 8 апрель, Караганда, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн операн а, эстрадан эшархо, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Сийлахь артист, Российн Сийлахь артист, Сочехь хилла йолу эстрадан эшеран конкурсан лауреат (1980 шо), Глинкин цӀарах йолу конкурсан лауреат (1982 шо), Рио-де-Жанейрехь йолу Вила Лобоса цӀарах йолу конкурсан лауреат (1983 шо), халкъашна йуккъера Шаляпинан цӀарах йолу конкурсан лауреат (1993 шо)[26].
  • Минцаев Мохьмад Шавалович – техникин Ӏилманийн доктор[27], академик М.Д. Миллионщиковн цӀарах йолчу Соьлжа-ГӀалин Пачхьалкхан Мехкдаьттан техникин университетан Ӏилма-талларан секторан (ӀТС) хьаькам.
  • Мусаев Мохьмад-Эми Мутуевич – Нохчийн Республикин йуьртабахаман министраллин Ветеринарин урхаллин хьаькам[28]. Вина 1961 шеран 06 июлехь ЧИАССР Теркан кӀоштара Бена-Юртахь. 1996 шеран январехь хӀоттийна Нохчийн Республикин пачхьалкхан ветеринаран инспекцин Коьрта урхаллин хьаькам. 2007 шеран 1 сентябрехь дуьйна шолгӀачу меттигехь – Нохчийн Пачхьалкхан Университетан аграрийн факультетан Ветеринарин кафедран доцент[29].
  • Усмаев Ширвани — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь[21].
  • Хаблиев Махди — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь[21].
  • Хунигов Умар — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь. ТӀеман гӀуллакх кхочушдина 222-гӀа кхийсархойн полкехь Черемха гӀалахь. Цигара 1941 шеран майхь дехьаваьккхина гӀопе. Полк йевзаш йац. ТӀепаз вайна (хаамаш КӀТӀК), тайпана аргӀано.
  • Эльмурзаев Баудин — Брестан гӀап ларйархо. Вина Теркан кӀоштан Бена-Юртахь.
Remove ads

Инфраструктура

Йуьртахь йу Бена-Йуртан йуккъера йукъарадешаран ишкол[30], пошта, оьздангаллин цӀа, масех туька[4], кафе, Кадыров Ахьмад-Хьаьжийн цӀарах берийн беш[31], поликлиника, рузбан маьждиг а, жамаӀат маьждиг а[32].

Тайпанаш

Йуьртара тайпанаш[4]:

  1. Абзой[33];
  2. Гендаргной[33];
  3. Гуной[33];
  4. Салой[33];
  5. Курчалой[33];
  6. Пешхой[33];
  7. Базалой?[33];
  8. Мулкъой[33];
  9. Чартой[33];
  10. ЧӀаьнтий[33];
  11. Шоной[33];
  12. Энганой[33].

Литература

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads