Аьчка-ХитӀе

Теркан кӀоштара эвла, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Аьчка-ХитӀеmap
Remove ads

Аьчка-ХитӀе, кхин цӀерш Аьчган-ХитӀе, Аьчкашка, Зибир-Йурт (оьрс. Зибир-Юрт, Ачкишк[3]) — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.

Боца хаамаш Аьчка-ХитӀе, Пачхьалкх ...

Аьчка-ХитӀан йуьртан меттиган йукъайогӀу[4] административан центр йу.

Thumb
Йуьртан панорама
Remove ads

Географи

Лаьтта Теркан дукъан къилбаседан басешкахь[5], Соьлжа-ГӀалин къилбаседа-малхбузехьа а, кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Йуртан къилба-малхбалехьа. Гергара йарташ: къилбаседа-малхбузехьа — Лаха Невре, Лакха Невре, Минеральни, къилбаседа-малхбалехьа — Макане 20 км генахь, Макан-КӀотар, къилба-малхбузехьа — Бартхой а, Керла-Йурт а, къилбехьа — Долински, къилба-малхбалехьа — Радужни а, Победински а[6].

Микротопоними

Аьчка-ХитӀан йисташкахула лахара топонимаш йу[5]:

  • Алкханчан берд — йуьртан къилбехьа. Кхозуш болчу берда тӀехь хӀора шарахь бенаш бой ховшу алкханчаш.
  • Аьчган хи — дарбане лору. Йуьртан къилбан агӀора ду.
  • Аьчган хьун — йуьртан къилбехьара жима хьун.
  • Бамт хи чу — йуьртан къилба-малхбалехь.
  • Бовха боьра — йуьртан къилбехьара дежийлаш, кхузахь латтан бухахь мела хиш дохку. Боьра иза бахьнехь чӀогӀа хьекъаш бу. Латта Ӏай а гӀора ца до, шеран муьлхачу заманчохь а сийна буц хуьлу.
  • Говрийн боьра — йуьртан малхбузехьара дежийлаш.
  • Гомушан мара — йуьртан къилбехьара аратаьӀна тарх. Дежийлаш.
  • Гомушан Ӏам — йуьртан малхбален йисттехь.
  • ГӀамаран мара — йуьртан къилбехьара дежийлаш.
  • Дозанан саьнгар — элийн латташна гуонахьа даьккхина дара, Аьчкан-ХитӀера Девкар-Эвла кхаччалц.
  • Доккха шовда — къилба эвлан йисттехь.
  • ДӀамийн Ӏуьргаш — къилба эвлан йисттехь.
  • ЖагIжагIан боьра — йуьртан къилбехьа.
  • Жима шовда — йуьртан къилбехьа долуш ду. Дарбане ду. Йуьртахоша цигара кхоьхьура мала хи.
  • Куллан боьлак — дежийла йуьртан къилба-малхбалера.
  • Лорсин бекъа кхетта чоь — дежийла йуьртан къилба-малхбалера.
  • Лоьша хи — къилба-малхбален эвла йисттехь.
  • Майда — йуьртан йуккъехь кегий нах гуллало.
  • РогӀан дукъ — Теркан дукъ ГӀебартой-Балкхаройчуьра Гуьмсе кхочу.
  • Сосакхан корта — йуьртан малхбузехьара дежийлаш.
  • Суосин дукъ — йуьртан къилбехьа. Суоса — нохчийн боьршачу стеган долара цӀе.
  • ТангIалкх йолчу — аьчкхоша тангӀалкх аьлла цӀе тиллира геодезин хьаьркан — реперан. Дежийлаш.
  • Хин корта — йуьртан къилбехьа мел долу хин хьостан корта.
  • ХьажкӀийн боьра — йуьртан къилба-малхбузера боьра, цигахь йуьртахоша хьаьжкӀаш йуьйра.
  • Хьаьмцан боьлак — йуьртан къилба-малхбалехьара дежийлаш. Кхузахь акха стоьмийн коллаш а, хьаьмцаш а кхуьура.
  • «Минеральни» совхозан йуккъера керт. Лаьтта йуьрйуьртан тан къилбаседа агӀора, Макане боьдучу новкъан аьрру агӀора.
  • ЦIийдарийн боьра — йуьртан малхбузехьа. Кхузахь йуьртахоша басар доккхура.
  • Шира кешнаш — йуьртан йукъахь.
  • Шира тӀулгаш — йуьртан къилбехьа Ӏохкура тӀулгаш, уьш цига кхачар хууш дац. Дуьйцура уьш доьхначу ширачу чуртах дисина.
  • Ширчу ардашка — йуьртан къилба-малхбалехьа.
  • Эла вийна чоь — йуьртан малхбузехьа.
  • Элашханан боьра — йуьртан малхбузехьа Элашханан дакъа хилла.
  • Элийн мохк — Аьчкан-ХитӀера Девкар-Эвла кхаччалц дара Бековичаш-Чергазийн элийн латташ. Латташна урхалла деш хьадалчаш бара, лелош ялхой а, латтан дайх бозуш болу ахархой а бара.
  • Элса вийна чоь — йуьртан къилбехьара дежийлаш.
  • Эльдаровн тогӀи — малхбузехьара мехкдаьттан кӀошт, тогӀе ГӀулозе кхаччалц яра.
  • Янарсин хи — йуьртан къилба-малхбалера Янарсас тодина хьост.
  • Iуьргаш дохкачу — йуьртан къилба-малхбалехьара дежийлаш.
Remove ads

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...

Социалан объекташ

Thumb
Дарбанийн пункт
Thumb
Аьчка-ХитIан администраци а, пошта а
Thumb
Аьчка-ХитIан йуккъера ишкол
  • Аьчка-ХитӀан муниципалан йуккъера йукъарадешаран ишкол[18]. Керла йина 2010 шарахь.
  • Аьчка-ХитIан дарбанийн пункт. Керла йина.
  • Поштан дакъа.

Тайпанаш

Юьртахь деха тайпанаш:

  1. Энганой[5],
  2. Зандакъой[5],
  3. Анастой[5],
  4. Ширдий[5],
  5. Мелардой[5],
  6. ТӀерлой[5],
  7. Чунгарой[5],
  8. Таркхой[5],
  9. Ӏалларой[5],
  10. Курчалой

Аьчка-ХитӀе Ӏалароша йиллина олу.

ГӀарабевлла аьчк’хой

Thumb
Дени-Шайх (Деда) Арсанов

Дени-Шайх (Деда) Арсанов (185127 декабрь 1917) — исламан Суьпаллин агӀора Накъшбандин тӀарикъатера авлияъ. Энганойн тайпанара хилла. Архивйина 2013-11-05 — Wayback Machine

Thumb
1996 шеран августехь Масхадов Аслан (салт духар дерг) Лебедь Александрца Хаси-Эвлан барт бухахь куьг яздеш ву

Масхадов, Аслан Алиевич (Халид) (1951 шеран 21 сентябрехь, Шокай, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС2005 шеран 8 мартехь, Девкар-Эвла, Нохчийн Республика, Российн Федераци) — Нохчийн Республикин Ичкерин (НРИ) къобалъянза йолчу тӀеман а, пачхьалкхан а гӀуллакххо. 1990-гӀа шерашкахь дакъалецира НРИ тӀеман ницкъаш кхуллуш, тӀемлошна куьйгаллехь вара тӀемехь федералан ницкъашна дуьхьала; 1997 январера 2005 март кхаччалц — НРИ президент. Вийна 2005 шеран 8 мартехь ФКХГӀ леррина операцехь[19][20]. Тайпана Ӏаларой вара.

Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads