Олхазар-КӀотар

Хьалха-Мартанан кӀоштар йурт, Нохчийчоь From Wikipedia, the free encyclopedia

Олхазар-КӀотарmap
Remove ads

Олхазар-КӀотар[1][2] — Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кӀоштан кӀотар йу. Олхазар-кӀотаран йуьртан меттиган административан йукъ йу. Эвла лаьтта 12 километр къилба-малхбалехьа кӀоштан йукъ йолчу Хьалха-Марта гӀалан.

Боца хаамаш Олхазар-КӀотар, Пачхьалкх ...
Remove ads

Географи

Гуонанахь йолу нах беха меттигаш: къилбаседехьа — ГӀойтӀа, малхбалехьа — Чуьйри-Эвла къилбседа-малхбалехьа — Йоккха АтагӀа, къилбседа-малхбузехьа — ГӀой-Чу а, ГӀой-Йист а, къилба-малхбалахьа — Лаха-Варанда, Дуби-Эвла, ЧӀишка а, Дочу-Борзе а, малхбузехьа — Мартан-Чу а, Таьнги-Чу а[4].

Истори

XVIII-XIX бӀешерашкахь, архиван хьосташца а, оьрсийн тӀеман операцийн карташца а ГӀой-Хин а, Энгел-Хин а йукъахь йаккхий эвланаш ца хилла. Амма оцу меттигехь, йуькъачу хьаннаш йукъахь хилла, Устарханан олуш йолу кӀотарш, дерриг а 3 эзар гергга цӀа долуш. Оьрсийн эскарша таӀзаран операцеш еш, 1847-1849 шерашкахь, уьш йерриг хӀаллакйира, ткъа дийна бисина нах кхалхийра Хьалха-Марта, ГӀойтӀа, БухӀан-Йурта, кхечу эвланашка а. Кавказан тӀом чекхбаьлчи паччахьан администрацис и латташ совгӀатан делира тӀаьхьенийн а бакъо йолуш оьрсийн гӀуллакхера нохчийн эпсаршна: Ганжуев Олхазарна, Джукаев Дубина, Мустафинов Довтмарзийна, Ногаев Канина, Цутиев Витушна, Чуликов Уллубийна, кхечарна а. Оцу лаьттан цхьа дакъа тӀаьхьа доьхкина керлачу дайшна. 1917 шеран революцил хьалха а, гражданийн тӀом чекхбаллалц и кӀотарш лаьтташ йара шен долара латта санна. Советийн Ӏедал хӀоьттинчул тӀаьхьа йолийра эвланаш йаккхий йаран политика. Уггаре йоккха кӀотарх эвла йина Олхазар-КӀотаран сельсоветан йукъ йира, оцу чу еира иттаннаш кӀотарш – Энгал-Чу, Йисехьатан кIотар, Берсин кIотар, Дубин кIотар, Хилдехьаройн кIотар, Заурбекан кIотар, Чайройн кIотар, Дацин кIотар, Эдалбийн кIотар, Элмарзин-мохк, БухIин кIотар, Юьспан кIотар, Калин кIотар, АгIин кIотар, Шалин кIотар, Жамолин кIотар. Уггаре а нийса оцу меттигийн цӀерийн истори гайтина Олхазар-КӀотаран микротопонимихь, цуьнан уггаре гӀараваьллачу йуьртахочо, гӀараваьллачу Ӏилманчо Сулейманов Ахьмада[1][2].

Remove ads

Йуртахь бинарш

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads