Осу-Хи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Осу-Хи — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн ГаланчӀожан кӀоштахула. Гихан аьрру га.
Remove ads
Географи
Осу-Хи схьадолу Юккъера ломан къилбаседа басера. ОхьадогӀу къилбаседехьа лаьмнашкахула. Эркан хикхоче ю Гихан хикхочел 44 км лакхахь, аьрру бердаца. Эркан дохалла — 13 км, цуьнан хи гулден майда — 118 км²[2].
Осу-хин майданехь еха нохчийн этнографин йукъараллаш Аьккха, Галай, Ялхара [3]. Аьккха лаьтта Осу-Хин хьостехь[4].
Осу-Хин Ӏинан аьтту бердаца Доьвнечу олучу меттигехь лаьтта Медан гӀалан саьлнаш. Циггахь ду Медан ши тӀегӀа йолу маьлхан каш[5].
Хин объектан система: Гиха → Сунжа → Терк → Каспий-хӀорд.
Remove ads
Хин реестрах хаамаш
Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ [2].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005666[2].
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads