Таркхой
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Таркхой — схьадалар гӀумкийн юьртара Таркхера долу Нохчийчуьра тайпа. Беха Нохчийн Республикин аренийн ярташкахь.
Remove ads
Истори
Уьш кхойкхуш хилла боху нохчаша суьдхойн дарже, хӀунда аьлчи кхел йийриг нохчий хилахь озабезам барна кхоьруш[1].
Кхин берш бисина Нохчийчохь совдегаралла лелош, ма-дарра аьлчи Таркхой туьханца мах лелош хилла.
Алсамам беха меттигаш
Таркхой беха меттигаш: Аьчка-ХитӀе[2], БуланхитӀа[3], Гуьмсее[4], ГӀалайтӀе[5], Кхошкельда, Майртуп[6], Макане[7], НикӀи-ХитӀа[8], НогӀамирзин-Юрт[9], ЧӀулга-Юрт, Шела[10], Шовхала-Берд[11], Эна-Кхаьлла[12].
Топонимаш
- Нохчийн Республикин Нажи-Йуьртан кӀоштехь ю Байтаркхи эвла, дош шина декъе декъча «бай» + «таркхи», аьлчи а «Таркхойн бай» хуьлу.
- Байтаркхие – Хорачара саьлнаш[13].
- Шелан малхбалехьа «Таркхойн кешнаш» ду[14].
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads