Макане

Теркан кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Маканеmap
Remove ads

Макане[4]Нохчийчуьра Теркан кӀоштара йуьрт йу.

Боца хаамаш Макане, Пачхьалкх ...

Маканен йуьртан меттиган административан центр йу[5].

Remove ads

Географи

Лаьтта Теркан аьтту бердаца, кӀоштан йукъ йолчу ЧӀулга-Юртан 28 километр къилба-малхбалехьа, Лаха Неврена а, Макан-КӀотарна а йукъахь.

Лулара ярташ: къилбаседа-малхбузехьа — Макан-ГӀала, Лаха Невре, Чернокозово, Новр-ГӀала, къилбаседа-малхбалехь — Савельевски гӀала, къилба-малхбалехь — Макан-КӀотар а, Гал-ГӀала а, къилба-малхбузехьа — Минеральни, малхбузехьа — Лакха Невре, малхбалехьа — Новотерски[6].

Микротопоними

Маканен гуонаха дукха микротопонимаш йу:

  • Аьхкина барз – Маканен малхбалехьара, йуккъерчу бӀешерийн кошан барз.
  • Шонгин боьра – Маканен малхбалехьара меттиг. Шонга – наггахь бен хаалуш йоцу нохчийн шира цӀе.
  • Элашханан тогIи – Маканен малхбалехьара меттиг.
  • СенмаIашка – Галнен а, Маканен а йукъарчу хьуьнхара меттиг.
  • Чурт дегIе – Маканен малхбалехьара СенмаIашкан кӀоштара меттиг.
  • Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тӀамехь 1941-1945 шерашкахь кхелхинчарна хӀоттийна хӀоллам. Лаьтта Маканен йуккерачу ишколан хьалха.
  • Муьжгийн мохк – дайначу бӀешарахь Россера схьакхелхинчарна дӀаделла лаьттан доккха дакъа.
  • Элийн мохк – Маканен къилба-малхбузера латтанаш.
  • Iажаркхан тогIи – Маканен малхбузера тогӀи.
  • ЦIийдарийн тогIи – Маканен малхбузера хаза тогӀи. ЦIийдарех маканхоша кечдора басарш.[7]
  • Шидин мохк – Шида паччахьан эскарера эпсар хилла, шен мехкан тӀедаьлла даьхний Шидас дӀа а дуьгий, ялта хӀаллакдарна гӀуда ца текхча дӀа ца лора даьхнийн дайшна.
  • Хьакхин орамашка – Маканен къилбаседа-малхбузехь. «Хьакхин орам» - акха хьакхарчаша буу орамаш бу.
  • Шидийн берийн хьун – эпсаран Шидин тӀаьхьенийн хьун.
  • Наж хьун – Теркан аьтту бердаца йолу хьун.
  • Зеламханан тогIи – Маканен къилбаседа-малхбузехь йолу тогӀе.
  • Бухбоцу Iам – Маканен малхбалера Ӏам.
  • Iаьржа Iам ]] – Маканен малхбалера Ӏам. ЦӀе йелла Ӏам чуьра хин бесах.
  • Макан кIотар – Маканен малхбалера кӀотар, Галнен а, Маканен а йукъахь лаьтта. Кхуза хуьйшура Маканера а, Галнера а бахархой.[8]
Remove ads

Этимологи

ЦӀе уьйр йолуш хила тарло гӀалагӀазкхийн Теркан аьрру бердаца йолчу Макан-ГӀалица. Нохчийн йуьртан а, гӀазакхийн гӀалийн (Макане, Макан-ГӀала) а этимологи кхетош йац хӀинци а. XVII бӀешарахь дуйна архиван документашкахь хаало – Мекене меттиг. Хила тарло, этноним ялар "Мака" + "ане" шина орамех, аьлчи а «Мака» боьршачу стеган цӀе йу, ткъа «ане» - нийса меттиг. Уллорчу Лаха Неврехь беха МакаевгӀар, церан дайшкара яьлла а хила тарло йуьртан цӀе.

Remove ads

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...

Истори

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а, ара а баьхна Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхинчул тӀехьа Маканен цӀе хийцина Кругловка[1] аьлла. Кхазакхстанера цӀадирзинчул тӀаьхьа шира цӀе йухаерзийна.

Дешар

  • Маканен муниципалан йуккъера йукъарадешаран ишкол[20].

Тайпанаш

Юьртахь деха тайпанаш:

  1. Билтой
  2. Буной
  3. Зандакъой
  4. Курчалой[21].
  5. Таркхой[21].
  6. Харачой
  7. ЦӀадахьрой
  8. Чартой
  9. Чунгарой,
  10. ЧӀинхой,
  11. Ширдий,
  12. Шотой,
  13. Элистанжхой,
  14. Энганой,
  15. Ӏаларой,

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads