Алханов Ӏали Дадашевич
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Алха́нов Ӏали́ (Алу́) Дада́шевич [1] (вина 1957 20 январехь, ССРС, Кхазакхийн ССР, Талды-Курганан область, Кировскан кӀошт, Кировски э.) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо; Российн Федерацин юстицин министран гӀовс; Экспертан тергонан комиссин декъашхо[2] (2008 шарахь дуьйна); Российн президентан уллера гӀазакхийн гӀуллакхийн советан декъашхо[3] (2010 шарахь дуьйна).
Нохчийн Республикин Президент (2004—2007); Российн Ӏалашонашна зедархьама историн фальсификаци йаран дуьхьалон комиссин декъашхо (2009—2012).
Remove ads
Биографи
Вина Кхазакхстанехь нохчий арабахарх сацам дӀабаьккхинчул тӀаьхьа масех де даьлча. Схьавалар гендарганойн тайпанах[4] ду. КӀант вина дукха хан йаллале доьзал цӀабирзира Нохчийчу. Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа эскаре кхайкхира, цул тӀаьхьа чекхйаьккхира транспортан милицин ишкол Могилёвхь (хӀинца Могилевн Белорусь Республикин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллин институт). 1984 шарахь милицехь болх бан волавелира. Чекхйаьккхира милицин лакхара ишкол Дон-тӀера-Ростовхь, тӀаккха дарж делира Нохчийчоьн транспортан де́къан хьаькаман гӀовс. Хьалхара нохчийн тӀамехь дӀакхийтира федералан эскарех, НРИ тӀемлой тӀелетачу хенахь Соьлжа-ГӀала ларйарна совгӀат дина Стогаллин орденца. 2003 шеран апрелехь республикин президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хӀоттийна чоьхьарчу гӀуллакхийн министран дарже. 2003 шеран 10 ноябрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дӀаделира цунна инарла-майоран утаркхаш[5].

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийначул тӀаьхьа 2004 шеран 9 майхь, Кремль тӀетайна аратеттира шен кандидатура президентан дарже. Оцу шеран августехь хаьржира Нохчийчоьн президент. Дарже велира 2004 шеран 5 октябрехь.[6]
2007 шеран 15 февралехь Российн Президента Путин Владимира къобал дира Алхановс дарж дитар. Иза хӀоттийра Российн юстицин министран гӀовс.
2010 шеран апрелехь хаьржира РФС этикан комитетан председатель[7]. 10 августа 2011 года подал в отставку в связи с занятостью на государственной службе[8][9].
Remove ads
СовгӀаташ, цӀераш, классан чин
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден (2007 шо 15 февраль) — Республикин социалан-экономикин кхиарехь, российн пачхьалкхаллин а, конституцин а хӀоттам чӀагӀбарехь доккха дакъа лацарна[1]
- Невски Александран орден ([[2017 шо 20 март]]) — Пачхьалкх йаран гӀуллакхехь а, законалла чӀагӀдарехь а, дуккха шерашкахь хьанал болх барна[10]
- Стогаллин Орден
- Силаллийн орден (2011 шо 12 октябрь) — Къинхьегамехь аьттунаш бахарна а, дуккха шерашкахь хьанал болх барна а[11]
- «Майраллина» мидал
- Российн Федерацин Президента Баркалла кхайкхор
- Российн Федерацин Правительствон Сийлаллин грамота (2007 шо 20 январь) — Нохчийн Республикин экономика а, социалан сфера а меттахӀотторехь доккха дакъа лацарна[12]
- Дешийн Сийлаллин 2004 шарахь «Йукъаралло къобал варан» хьаркан кавалер.
- Российн спортан говзанча дзюдохь.
- Российн Федерацин Боккъала волу пачхьалкхан юстицин 1 классан хьехамча (2007 шо)
Remove ads
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads