Жима Рошни
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Жима Рошни[2][3] — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн Хьалха-Мартанан кӀоштахула. Эркан дохалла – 13 км[4]. Хи гулден майда — 38,8 км²[4].
Схьадолу Екъчу ара цӀе йолчу ломан чӀожера[3]. ОхьадогӀу къилбаседа агӀора, хьалха лаьмнашкахула, тӀаккха попан-пхан хьуьнхахула[3]. ХӀордан тӀегӀанал 493 метр лакхахь Жима Рошних кхетий[5], кхуллу Рошни эрк[6]. Эркан тӀаьхь нах беха меттигаш йац, лакхенашкахь ю ширчу эвланийн Яхкачаран а, Хоч-Кочан а саьлнаш[3].
Remove ads
Хин реестрах хаамаш
Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[4].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005765[4].
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads