Зандакъой

From Wikipedia, the free encyclopedia

Зандакъой
Remove ads

За́ндакъой (оьрс. За́ндакой[1], За́ндхой) — нохчийн уггаре даккхийчех цхьа тайпа, юкъадогӀу нохчмахкахойн а, Ӏовхойн[2] а тукхумашна. Тайпанан юрт лору Зандакъ[3] эвла. Зандакъой бу шина гаплотобанашна юкъахь - J1 а, J2 а[4].

Боца хаамаш Зандакъой, Кхин цӀерш ...
Remove ads

Географи

Тайпанан йуьртан Зандакъан доза ду малхбузехьа Билтаца, ткъа вукха агӀонашкахь ДегӀастанца, лаьтта аьтту бердаца Ивги[5] хин. Зандакъа чуйогӀа эвланаш: Байтаркхе[5], Беза Ӏин[6], Гильна[5], Даьттаха[5], Симсир[5], Татай-кӀотар[5], Чеччал юх[5], Шамалкх Ӏин[6].

Тайпанах евлла топонимаш

Къилбаседа Кавказехула охьаховшар

Зандакъой беха аренийн эвланаш: Бена-Юрт, БердакӀел, БӀачи-Юрт, Галне, Гребенски, Гуьмсе, Девкар-Эвла, Доьлаке, Дубовски, Иласхан-Юрт, Лакха Невре, Макане, Макан-КӀотар, НогӀамирзин-Юрт, Устрада-ГӀала, Чечана, ЧӀаьнти-Юрт, ЧӀулга-Юрт, Энгал-Юрт, Аьчка-ХитӀе, Ӏелин-Юрт.

Remove ads

Этимологи

Нохчийн талламча-мохк’Ӏаморхо, хьехархо, халкъан поэт волу А. С. Сулеймановс, ялайо масех халкъан эпистемологин цӀераш. Цаьрца тайпанан цӀе а, йуьртан цӀе а яьлла дешнех «сан дакъа». «...Шиъ ваша талла веана хӀинца Зандакъа йолчу. Шорта экха карийна царна цигахь. Дукха хӀонцӀ эцна. Воккхах волчу вашас аьлла: «Сан дакъа хьур ду кхузара дIа, со дийна дIа ца воьдуш. Со кхуззахь ваха соцур ву!». Кхин а цуо ялайо шиъ вариант, амма билгалдоккху, Зандакъа цӀе схьаяларх дийцарш масех ду, массо а цхьаьна а ца догӀу, башха тешаме а дац олий. 1. Занхой + дукъ = зан дукъ. 2. Сандаха я зандаха – гӀажарийн маттахь хаьржина (тӀемалой), зийна (тӀемалой)[1].

Кхин а ю варианташ:

Гуьржийн историка Г.З.Анчабадзес шен «Вайнах» цӀе йолчу белха тӀехь дуьйцу, Къилбаседа Кавказехь уггаре шира пачхьалкхан кхоллам, кхоллабелла болу меттигерчу этносан бух тӀехь (хетарехь, адыгийн), лору Синдикъа (вайн эрал V-ӀV бӀешераш хьалха), тӀаккха а, хила тарло, иза тайпанийн цхьаьнакхетар пачхьалкхан сипташца[15]. Тарло Зандакъой оцу тайпанийн цхьаьнакхетарх бисинарш хила а. Нохчийн Ӏилманча-лингвисто А.Д. Вагаповс а, Р.П. Ахмадовс а Зандакъан этимологи схьаялар, тера лору, тюркийн «сандыкъ // сандукъ» - «тӀорказ, Шина ломан йукъара ага»[16].

Оцу тайпана цӀераш, географин Ӏилманийн доктора Э.М. Мурзаевс дийцарехь, сих-сиха хаало географин номенклатурехь, дуста кхаз. «сандык-тау, сандык-тас» - «ша лаьтта нийса бохь болу боккха лам, ира баххьаш а доцуш». Кузнецки Алатаун цхьаьна ломана шен сиптах Сундук аьлла цӀе кхаьчна. ГӀиргӀазойчоьхь бу лам Сандык «тӀорказ», ткъа Эвенкехь кхоъ лам бу Авса цӀе йолуш, эвенкийн маттахь авса «тӀорказ» ду[17]. Оцу могӀанера хила тардолийта Ӏ.Д. Вагаповс а, Р.П. Ахмадовс а нохчийн Ичкерера топонимаш Зандакъ-лам а, Зандакъ-аре а.

Remove ads

Истори

Шира дийцарша боху, Нашхара Кушул кхелхина сецна Куьрчалахь Юьртачоь цӀе йолчу меттигехь. Цуьнан кхоъ кӀант вара: ШаӀа, ТӀелип, Курчалхан. ШаӀех Зандакой бевлла, ТӀелипах – Билтой, ткъа Курчалханах – Курчалой. ШаӀас йиллина Зандакъа юрт. Курчалахь хӀинци а ю меттиг ШаӀин гу цӀе йолуш.

Кавказан тӀом болуш тайпано агӀо лецира Шемалан Кавказан Имаматан, тайпанан наха дакъа лецира дуккха а тӀемашкахь Имаматан агӀора. Оцу заманахь тайпанан нахах гӀараваьлла вара ГӀеза-Хьаьжа, воккха авлияъ, иза вара нохчийн синан Ӏу.

1944 шеран февралехь нохчий а, гӀалгӀай а мехках баьхна, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхича Зандакъан цӀе хийцира Дагбаш аьлла, кхуза ховшийра бахал улара дегӀастанхой. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийча йуьртан цӀе юхаерзийра.

2003 шо чекхдолуш декабрехь юьртахь токхамаша зулам дира, дохийра 50 гергга цӀа.

Некъий

Зандакъой бекъало некъешка: Аьрзин некъе (я ХагIашан некъе), Бе-некъе (я Бацойн-некъе), ГIадалан некъе, ГIовтакъин некъе, ГӀурмин некъе (J1, J2), Даки-некъе (J1), ЗагӀш некъе (J2), КӀорнийн некъе, КӀохцала некъе, Лен некъе, Ментиган некъе[1].

ГӀарабевлла зандакъой

  • Фахьрудин-ӀабдулхӀади Ӏабдулкъадыр ДегӀастани. Техникин Ӏилманийн доктор, профессор, Урданин академик[18].
  • Алдамов, Ӏелбаг-Хьаьжа (18509 март 1878) — 1877 шеран Нохчийчура а, ДегӀастанара а гӀаттаман тхьамда.
  • ГӀеза-Хьаьжа Зандакъойн (Беза Хьаьжа) — гӀараваьлла Къилбаседа Кавказан динан а, политикин а гӀуллакххо. АвлияъНакшбандин тӀарикъат. Мохьмадал ЯрагӀин мурд а, цуьнан некъ дӀакхаьхьнарг а ву. ГӀеза-Хьаьжа кхелхина хьаьждаран новкъахь. Зиярат ду Нажи-Йуьртан кӀоштарчу Симсирахь.
  • Осмаев, Ӏусман — Нохчийн Республикин Ӏуналла даран палатан куьйгалхо, НР юьртабахаман министр, ССКП, ВЛКСМ обкоман декъашхо, Ленинан орденан а, Белхан ЦӀиен байракхан орденан а кавалер.
  • Абдул-Муслимов Мусан Юсупович — ДКСМ паргӀата кепара охьатохарех латаран.
  • Осмаев Мовла Камилович — хилла Нохчийн Республикин оьздангаллин министр, экономикин Ӏилманийн кандидат, НР сийлахь гражданин. Вина 1955 шеран 15 августехь. ДоттагӀаллин орденан кавалер.
  • Хьесамак-Молла вина 1833 шарахь Зандакъахь. ГӀеза-Хьаьжин гергара стаг. АвлияъНакшбандин тӀарикъат. Умалт-Хьаьжин мурд, цуо шейх вина 1873 шарахь. Масийтта меттиге кхелхина сецна ЧӀулга-Юртахь, цигахь маьждиг доьгӀна. 1882 шарахь Хьесамак-Молла кхелхина. ДӀаверзийна ЧӀулга-Юртахь[19]. Цигахь еха цуьнан тӀаьхье а, цуьнан цӀарах урам а ду юьртахь[20]
  • Ӏабдул-Вахьаб Хьаьжа (Ӏапи) – вина 1859 шарахь ЧӀаьнти-Юртахь, кхелхина 1902 шарахь, авлияъ (Накшбанди), ваьхна Девкар-Эвлахь. Ӏабдул-Вахьаб Докка-шейхан шича ву. Дешна Ӏусман-Хьаьжин хьуьжрехь Лаха Неврехь, цул тӀаьхьа шен устаз лаьцна Умалт-шейх (Мате) Ӏалларара. 1881 шарахь хьаьжа дихкина[21].
  • Ӏабдул-Решед (Решед) Бена-Юртара вина Тараман доьзалехь. Авлияъ – Накшбандин тӀарикъат. Дешна Шаамаев Мохьмад-Молла волчолхь. Цуьнан устаз Абу Салам хилла. Ӏалхан-Юрта кхелхина, цигахь хаьржина къеда. Велла хьалха - 35 шо долуш. ДӀавоьллина шен устазан уллехь Ӏалхан-Юртахь[22].
Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads