Коби (Нохчийчоь)
Мохне кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ко́би[3] (оьрс. Коби, хӀир. Къоб[4]) — Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштан эвла. Кхуллу Кобин йуьртан меттиг[5].
Remove ads
Географи
Эвла лаьтта 4 км малхбузехьа кӀоштан йукъ йолчу — Шелковски гӀалан, Р262. Ставрополь—Крайновка некъан къилбаседехьа; кхин а эвлан къилбехьахула чекхйолу Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан аса (сацаран пункт 23-гӀа км).
Эвла лаьтта ма-дарра дийцича Шелковскан кӀоштан ахгӀум-аренан зонехь, амма цигахь луьста даьхна хи дуьллу татолаш ду. Къилбехьа а, къилба-малхбузехьа а чекхдовлу Невран-Шелковскан га, Шелковскан коллектор, Щедринан татол, Червлённийн коллектор татолаш. Кхин а къилбехьа, хьена латта долу Теркан тогӀи чохь, лаьтта йоккха хьун — Парабочан заказник. Цуьнан къилбаседа йисттехь лаьтта республикин маьӀна долу башха Ӏалашъен Ӏаламан меттиг «Карьеран Ӏам», кхоьллина иштта цӀе йолчу хилоттийлин бух тӀаьхь.
Къилбаседехьа а, къилбаседа-малхбузехьа чекхдовлу Къилбаседа коллектор а, Куйбышевн цӀарах татол а. Йуьртан кӀоштахь (Кобин къилбаседехьа муххале а) лаьтта тайп-тайпана локхалла йолу шортта баьрзнаш. Уггаре ладаменаш лаьтта эвлан къилбаседа-малхбалехьа — баьрзнаш Ши Ваша (25,5 м) а, Филимонов (21,6 м).
Уггаре гергара нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбузехь — Каршыга-Эвла, малхбалехь — Шелковски гӀала, къилба-малхбалехь — Шелкозаводски гӀала а, Парабоч поселок а, къилба-малхбузехь — Новощедрински а, Старощедрински а гӀаланаш[6].
Микротопонимаш[7]
- Бизан-барз (Бизан-кӀобар) — эвлан малхбузехьа. Бизан цӀе йолчу хӀирийчо кхузахь шен даьхний латтадора, цуьнан цӀарах йелла топониман цӀе.
- Медведевн барз (Курган Медведева) – эвлан малхбузехьа. Баьрзан уллехь гӀазакхийчо Медведевс шен жа а, рема а латтайора. Цунах схьаяьлла цӀе.
- Ямо-жоьла (Ямо-кошар) – Кобин малхбузера хӀирийчун Ямон жоьла лаьттина меттиг.
- Тушинийн латта (Тушинская земля) – иштта олура хьалдолчу гӀазакхийн мехах лело гӀамаршкара латтах. Кобин малхбузехьа тушойн жаш лелочара латтадора шайн жаш.
- Рамазанан ирзу (Рамазановская поляна) – Кобин малхбалехьара меттиг, цигахь хьалха Рамазанан дакъа хилла.
- КӀора боккху меттиг – Кобин малхбузехьара пхьалгӀашна хьуьнхахь дечиган кӀора боккху меттиг.
Remove ads
Истори
Юрт йиллина 1913 шарахь хӀираша — иштта цӀе йолчу Кобиэвлара кхелхина болу мухажирша. Гуьржийчуьра эвла лаьтта Теркан бердаца ТӀеман-Гуьржийн новкъа тӀехь, ЖӀаран лам баккхарна къилбаседа-малхбалехьа, Кобин боьрахь (я Кобин чӀожехь), Турсан чӀожан йисттехь (Российн империн Тиблисан губернин Душетин уезд, хӀинца Гуьржийчоьнан Казбегин муниципалитет)[8]. Лекха лаьмнашкара аренашка кхалха Ӏедалера пурба делира 1907 шарахь[9]. Цхьацца бакъбина боцучу хаамашца, Коби юьллуш хӀинцалерачу Шелковскан кӀоштахь йолуш яра хӀирийн йукъараллаш (XIX бӀешарахь дуьйна; масала, хьехабо, хьалха Старогладовски гӀалахь а баьхна, ткъа цул тӀаьхьа хӀинцалерачу Кобин гена йоцуш кӀотар йиллина болу хӀирий БизиковгӀар)[10].
Кобин бахархой, шеш православин хиларна, луларчу Шелковски килсе[10], так как собственной церкви в селе не было[9] богӀура.
УьстагIий дажош жима кIотара хилла. Шена цIе, Коби цIе йолуш хIири жаIу хилла цигара наха ахч луш циг валош тIкъа из цигахь Iаш ца хилла, цуьн цIерах тилна эвла цIе.
1993 шарахь Нажи-Йуьртан кӀоштехь латт-токхум хилла дуккха гIишлош а цIенош духайнера, циг Iа кхераме ду аьлла,Гилнара дуккх наха Шелковскан кӀоштан эвла, Кобе охь бехира [11].Хьалха жима кIотар хилла ю тIкъа Гилнар нах охь баьхна жима кIотарах йоккху эвла хилира, юртахош эвлах "Керла Гилна"олу наггахь.
1993 шеран Ӏай а, бӀаьстенан юьххьехь а Нохчийчоьнан Нажи-Йуьртан кӀоштан лаьмнашкахь хилира гӀишлош йохош, нах а бойуш токхмаш. Сацам бира йохийначу эвланашкара бахархой Шелковскан кӀошта кхалхо. Коби эвлахь ладамен барамехь лаьттан дакъош делира Гилна[12] эвлан бахархошна. Иза бахьнехь тахана дукхаха болу Кобин бахархой Гильнара схьабовлар долуш бу.
1990-гӀа шерашкахь, Нохчийчохь политикин хьал дика ца хиларна, берриш хӀирий дӀакхелхира Шелковскан кӀоштара гуттаренна а баха РКЪСХӀ-А. Хаамаш бу, 2008 шеран хьолашца Кобихь ца бехара 2 хӀирийн доьзал бен[9][13]. Ткъа Къилбаседа ХӀирийчохь 50 фамили ю Кобин[9] бахархойн. Оццу хенахь эвлара арабевлира Кобихь баьхна жӀайхой, схьабовлар ДегӀастанан Ашвадойн (Ашвакхара эвла, ашвадой) а, ЦӀумадан (Къеди эвла) кӀошташкара[14]. 1990-гӀа шерашкахь Кобин бахархойн доккхаха дакъа жӀайхой дара; 2005 шеран хьолашца, цхьацца хаамашца, Кобихь бисина иттех жӀайхойн доьзал[14].
Кобин иэсан 2008 шеран августехь Къилбаседа ХӀирийчохь, Архонски гӀалан гена йоццуш, Кобин хиллачу бахархоша, часовня йиллина везачу доккха Ӏазапхочун Георгийн Толамбахьачун сийнна[9].
Remove ads
Бахархой
2002 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца, эвлахь ваьхна 1 507 стаг (716 боьрша стаг а, 791 зуда стаг а), 77 % бахархой бара нохчий[26].
2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[27]:
Хьажоргаш
- Почтовые индексы и коды ОКАТО — Коби село, Шелковской район, Чеченская республика(ТӀе цакхочу хьажорг)
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads