Энганой
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Энганой, (Даьттахахь бехачех Даьттахой[1], ткъа Чечель-Хихь болчарех Чеччалхой олу[1]) (оьрс. Энгеной) — Нохчмахкахойн туккхумара нохчийн даккхийчех цхьа тайпа ду. Энганан гена боццуш тайпанан Энганойн лам[2] бу. Тайпанан юьртахь Энганахь генара схьа догӀу жӀалеш ца леладар[1]. Энгана йоцуш тайпанан юьрташ ю Даьттаха а, Чечель-Хи[1] а. Энганой Q1а гаплотобанера бу, ГӀордалой а, ЭгӀашбатой а санна [3].
Remove ads
Географи
Энгана лаьтта ТӀергӀан-дукъан малхбузан басехь, Сесанан 1,5 км къилбехьа. Дийцарехь, Энгана малхбален басера дехьа йаьккхина цхьаьна дицделлачу бахьанца.
Энганан доза ду къилбаседехь Сесанца, малхбалехь Хьочин араца а, Гендарганца а, къилбехь Бенаца. Малхбуза агӀора охьадоьду Яьсси[4].
Топонимаш
А. С. Сулеймановс шен «Нохчийчоьнан топоними» жайнахь билгалйаьхна тайпанца йоьзна микротопонимаш:
- Энганойн мохк – Сиржа-Эвлан къилбаседа-малхбалехь[5].
- Энганойн татол – Ишхой-Йуртан гена доццуш. Хи дуьллу татол чекхдолу Ишхой-Йуртан къилбаседа-малхбуза агӀора, Сулейманов Ахьмада дийцарехь иза даьккхина XIX бӀешерах Энганан бахархоша[6].
Remove ads
Тайпа декъадалар
Энганой бекъало 8 некъе: Баций, Беси, ГӀанша, Денгиз, Жаммарза, Илес-Хьаьжи, Лежиг, Ябалкх.
Охьаховшар
Энганойн тайпана нах чӀогӀа шуьйра баьржина охьахевшина Нохчийчоьнан акъари тӀе[7]. Нохчийн талламхочо-мохкбовзархочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс, билгалйаьхна Энганой беха меттигаш: Аьчка-ХитӀе, Бена-Йурт[8], БердакӀел[9], Галне[10], Гребенски[11], Гуьмсе[12], ГӀалайтӀе[13], Девкар-Эвла[14], Доьлаке, Дубовски[15], Къеди-Йурт[16], Лакха Невре[17], Лаха Невре[18], Макане[19], Минеральни[20], НогӀамирзин-Йурт[21], Сиржа-Эвла[22], Старогладовски[23], Устрада-ГӀала[24], ЧӀаьнти-Йурт[25], ЧӀулга-Йурт[26], Шела[27], Эвтара, Энгал-Йурт[28], Ӏелин-Йурт[29].
1989 шарахь чӀогӀа даккхий токхамаш хилла НГӀАССР Нажин-Йуьртан кӀоштарчу Энганахь, цигарчу нахана Гуьмсан кӀоштахь йиллина Керла-Энгана. Тахана цигахь 3550 стаг веха, 177 гектар майдан тӀехь.
Истори
А. С. Сулеймановс дуьйцу, дийцаршкахь нохчийн тайпанаш Айткхаллой, Энганой, Сесаной кхаа вешех бевлла бохуш[30], амма иза нийса ца хилар карийра генетика олучу Ӏилманна. Энганойн векалийн ДНК-тесташ гайтира уьш Q1а гаплотобанера хилар а, ГӀордалой а, ЭгӀашбатой а церан гергара хилар а[3].
Энганой этнониман маьӀна даккхало дош шина декъе а доькъуш, «эн»+«гане» – анасиз гар.
СаьӀидан эвла – Шелан кӀоштара меттиг. Шелан къилбаседа-малхбалехь хьалха Кавказан тӀом балале СаьӀидан эвла лаьттина. Йиллина иза Девкар-Эвларчу энганочо Ӏелам стага СаьӀида. Кавказан тӀамехь иза а, цуьнан гергара нах а жигара дакъа лецира паччахьан эскаршна дуьхьал тӀом беш. Цунна вовзара имам Шемал, Ташу-Хьаьжа, Кунта-Хьажа, Таймин Биболат. 1840 шеран ВалартӀа йоккхучу тӀамехь наиб вара Теркйисттерачу нохчийн.
Remove ads
ГӀарабевлла тайпанан векалш
- СаьӀид – Девкар-Эвлара Ӏелам стаг, шелан гергахь СаьӀидан эвла йиллина. 1840 шеран ВаларгтӀе йоккхучу тӀамехь наиб вара Теркйисттерачу нохчийн.
- Батыров, Элаха-Молла − вина 1836 шарахь Доьлакехь, кхелхина 1885 шарахь махках ваьккхинчу хенахь. Авлияъ, накъшбанди тӀарикъатера[31][32].
- Деда (1851 — 27 декабрь 1917) — Накъшбандийн тӀарикъатан шайх[33][34].
- Бахьа (вина 1892 шарахь, велла 1962 шеран 11 июнехь) – шайх Накшбанди тӀарикъатера[35].
- Ӏумар-шайх. Зиярат Энганахь ду.
- Ахмадов Амхьад – Брестан гӀопан турсло, тӀепаз вайна.
- Тамаев Ӏалавди – Брестан гӀопан турсло, човйина каравахна, тӀепаз вайна.
- Темирсултанов, СаӀид Салун воӀ — нохчийн композитор, поэт, йаздархо[36].
- Эльмурзаев Ӏелам – Брестан гӀопан турсло, тӀепаз вайна.
Remove ads
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads