Ӏалларой

From Wikipedia, the free encyclopedia

Ӏалларой
Remove ads

Ӏалларой[1] — тайп Нохчмахкахой тукхум чу догӀуш ду. Барам 30 эзар сов. Тайпа J2 гаплотобанера ду[2].

Боца хаамаш Ӏалларой, Кхин цӀерш ...
Remove ads

Географи

Ӏалларойн тайпанан мехкан Ӏаларан доза ду къилбехьа Сесанца, малхбузехьа Шоьнаца а, Ялхой-Мохкца а, малхбалехьа Билтаца, ткъа къилбаседехьа ломан кӀажошкара акъари ю. Лаьтта Яьсси хин аьрру бердаца Сесанан 2 км генахь[1].

Ӏаларойн лам лаьтта ЦӀонтаройн ломан гергахь[3]. Беха ерриг Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчуьра Доьлакехь а, Ӏовхахь а, Аштаркхан областан Лиманан кӀоштарчу Басы эвлахь а.

Ӏаллара чуйогӀу: Бешал-Ирзе, Гатин отар, ГӀансолчу[4], Девлатби-Отар, Женин юрт, Мандин отар, Мескита, СогунтӀа, ТӀуртӀи-КӀотар, Шовхала-Берд[4], Эзин отар, Ӏалара, Ӏиса-Йурт[1].

Курчалойн кӀоштара Ӏаларой-Эвла Ӏаларойша йиллина.

1849 шеран гурралца Жалкх хин тӀехь Ӏалларойн эвла хилла, паччахьан эскарша йохийна[5].

Топонимаш

Беха меттигаш

Ӏаларой беха меттигаш: Аьчка-ХитӀе[8], БердакӀел, Гребенски, Каргалинск, ГӀойтӀа, Доьлаке, Дубовски, Курчалой[9], Лакха Невре[10], Лаха Невре[11], Макане[12], НогӀамирзин-Йурт, Нойбоьра, Хаьмбин-Ирзе, Чечана, ЧӀулга-Йурт[13], Шела, Ӏаларой-Эвла[14].

Remove ads

Этимологи

А.Сулеймановс дийцарехь Ӏаларой дош даьлла «Ӏайла» (даьхнашца Ӏадоккху меттиг) дешах[1].

Тайпан некъеш

Ӏалларой бекъало некъешка: Ӏалхин некъе, .

  • Бедарг некъе,
  • ГӀурнин некъе[1],
  • Кути некъе,
  • Куьша-Бухой[1] (J2),
  • Къахч некъе,
  • Къаьхьам (Тими) некъе,
  • Маршо некъе,
  • Незар некъе,
  • Овн (Эвн) некъе[1],
  • Сеге-Бухой[1],
  • Тевмин некъе,
  • Тойсалг некъе,
  • Ута-Бухой[1],
  • ЧӀагӀал некъе,
  • ЧӀакъин (ЧӀакъанан) некъе[1],
  • Ӏалханан некъе[1],
  • Ӏамзи-некъе.

Куьша-Бухой а, Бедарг-хой а Ӏаллан йишин а, вешийн а берех схьабевлла.

Ута-Бухой лулара нохчийн тайпанех а, шотойх а схьабевлла аьлларг нис ца хилар ДНК тесташ билгалдаькхина, кхидолу 1алларой гарашни, некъашни уллер гергар хилар схагайтина.

Ӏаларошна йукъахь Аьккхех бовлар долу Ов-некъи бу Ӏаллас тӀеэцна кхаьбначу кӀантах бевлла.

ГӀарабевлла тайпанан нах

Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads