Курчалой

Нохчийн тайпа From Wikipedia, the free encyclopedia

Курчалой
Remove ads

КурчалойНохчмахкахойн тукхуман нохчийн шира тайпа. Тайпанан мохк — Курчала. Еллачу ДНК тесташа гойту Курчалой J2 а, R1a гаплотобанера хилар, амма дукхах берш J2 тобанера бу. Курчалой, ЦӀонтарой, Аьрсаной цхьаьна дех схьабевлла[1].

Боца хаамаш Курчалой, Кхин цӀерш ...
Remove ads

Географи

Thumb
ТӀелипан дукъ, Попийн тӀе

Нохчийчохь кхоъ эвла йу Курчала цӀе йолуш, Гумс эркан аьтту бердаца Ширдий-Мохкана къилбехьа, ЦӀоьнтаран къилбаседа-малхбузехьа, ЭгӀашбетан малхбалехьа[2].

Курчалан йукъайогӀу: Ботака кӀотар, Лакха Курчала, Лаха Курчала[3], Хизар ваьхна кӀотар, Элжархан кӀотар[4].

Топонимаш

  • Курчалойн кешнаш – Соьлжан аьтту бердашца, Гихан хикхочен гена доццуш лаьтта дӀатесна кешнаш[5].
  • Курчалойн йукъ – Курчалара куп[6].
  • Курш-пхьатӀи – Барснахан а, Эзин а йукъара саьлнаш. Хьалхарчу декъо Куршалой дош дагадоуьйту. Куруш хьалха хилла долу тӀепаза дайна къам[7].
  • Курчалой-ГӀала - Курчалойн кӀоштан йукъ, лаьтта Хумг хин тӀехь, Гуьме-дукъ иа, Эртинан-дукъ а йукъахь[6].

Беха меттигаш

Курчалой беха меттигаш: Бена-Йурт[8], БердакӀел[9], Жима АтагӀа[10], Курчалой-ГӀала[6], Лаха Невре, Макане[11], Нойбоьра[12], Шела[13], Ӏалхан-Йурт[14].

Remove ads

Тайпа декъадалар

Курчалой бекъало некъешка-гарашка: Алмакхой-гар, КӀайчхой-гар, Байсалан-некъе, Батайн-некъе, Гасканан-некъе, ГIоли-некъе, Дади-некъе, Кажин-некъе, Обурган-некъе, Сувби-некъе, Хьазбиган-некъе, ЦIуькин-некъе, Шахьболтан-некъе, Iелин-некъе[2]

Силсил

Курчалойн силсил: Кушул — Курчалхан — Хьанбилхан — ЧӀабалхан — ЧӀайхан — Чергисхан — Бегал — Оку — Товла — Майла (МаьӀиг) — Товболат — Темболат — Тимирболат — Берса (XVI бӀешарахь Нохчийчохь ислам дин дендинарг ) — ТӀурло — Ӏаббас — МохьмадӀела — МуртазӀела — Айдамир — Эдалгир — Баду[2]

Берсин кхин а кӀант хилла Аьрсамик, цуьнан тӀаьхьенаш: Ильяс – Нурбахьад - Ӏали-Хаьжа – Мачу – Бекмарза – Хьамий – Исраил – Солт-Ахьмат – Султан (Ӏабдул-Паттахь) – Нохчо – Берс.

МуртазӀелин кӀант хилла Ӏамар-Ӏела, ткъа цуьнан тӀаьхьенаш: Ӏаьмир-молла – Мустап-Шайх – Ибрахим-хьаьжа (1844 - 1937 шераш) – Хьамид – Нажмудди – Ризван.

Истори

Thumb
Куьрчалахь бӀов

Курчалой лору Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенах волу, Нашах йиллиначу, Фахрутдинах схьабевлла. Ткъа Кушул Нашхара схьаваьлла.

Легенда йу, Нашхара Кушул кхелхина сецна Куьрчалахь Йуьртачоь олучу меттигехь. Цуьнан кхоъ кӀант хилла: ШаӀа, ТӀелип, Курчалхан. ШаӀех Зандакъой бевлла, ТӀелипах – Билтой, ткъа Курчалханах – Курчалой.

Алмакх эвла йиллина курчалойша а, чунгаройша а[15].

Этимологи

А.В.Твердыйс билгалдоккху, этнониман этимологи кегайелла хилар, цунна хета, цуьнан бух тӀехь жӀайхойн куруш – «ахча», «бахам» хилар, ткъа цунах схьайаьлла вайнехан этноним – Курчалой[16].

К.З.Чокаевс йоьхку и цӀе туьркийн Кырчейли – Азербайджанера меттиг[17].

Ӏ.Д.Вагаповс а, Р.П.Ахмадовс а боху, Куьрчала йоьзна йу туркойн дашах «Кырджалы» - аренийн бахархой, «кырджа» – жима аре йу («кыр» – аре), цигара схьа ду бессарабийн «кирджали» – талорхо, болгарийн «кърджали», сербин-хорватийн «крджалиja», румынийн «кирджали» – волавелла леларг[18].

ГӀараваьлла волу нохчийн Ӏилманчо Сулейманов Ахьмада дийцарехь, Гендарганой схьабевлла кхаа вешех: Гундалх, Гундаргенах, Нижалх. Церан йиша Курчала хилла[19].

Remove ads

ГӀарабевлла тайпанан нах

  • Берса-Шайх (Дуча) (вина XVI бӀешо чекхдолуш Курчалахь, велла XVII бӀешарахь) — Нохчийчуьра дуьххьарчех суьпа стаг[20][21].
  • Ахьмадукъ-Хьаьжа Батукаев — Берс-шайхан тӀаьхьенах хилла. Шайх — Накъшбанди. Зийарат ШаӀми-Йуьртахь ду[22].
  • Мусп-Шайх — гӀараваьлла Ӏелам стаг, ИбрахӀим-Хьаьжин да. Зийарат Веданан кӀоштарчу Курчалахь ду[23].
  • ИбрахӀим-Хьаьжа (Мусп-Шайхан кӀант). Шайх — Накъшбанди[24].
  • Шелара ТIелхиг — имам Шемалан Шелан гуонан а, Йоккхачу Нохчийчоьнан а наиб[25]. Мудир, йаккхий тоьпийн декъан хьаькам. 1859 ш. паччахьан эскаре дехьаваьлла. Имам Шемалан кӀентан Джемал эд-Динан стунда. ДӀавоьллина Шелахь. ТӀаьхьенаш йеха Шелахь а, ЧӀулга-Йуьртахь а.
  • Булун Ботакх — имам Шемалан эскаран къеда. 1858 шарахь къона Ботакха Ичкерин гуонан хьаькам хӀоттийна[25].
  • Жанин Бук — имам Шемалан наиб Курчалахь[25].
  • Нурадиев, ИбрахӀим Олхазурович — инарла, схьавалар Лаха Неврера, веха ЧӀулга-Йуртахь.
  • Шатаев Мохьмад — нохчийн, советски, пачхьалкхан, йукъараллин гӀуллакххо.
Remove ads

Галерей

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads