Григориа́нан рузмаМаьлхан гуонаха Дуьне хьийзаран циклан хан лору система; шеран дохалла ду 365,2425 де-буьйса; 400 шеран йукъахь ду 97 високосан шо[1].

Доца факташ Рузма, Рузманах дерг ...
Рузма
Рузманах дерг
Рузман
тайпа

Мелхан, беттан, беттан-мелхан

ЧухӀоттам
високосийн
97/400

Кхин рузманаш
Армелинан •Эрмалойн: шираэрмалойн, керстачеранАссирийнАцтекийнБахаинБенгалийнБуддийнВавилонанВизантийнМалхбаленславянийнВьетнаманГильбурданГолоценанГригорийнГуьржийнДарийнШирагрекийнШирамисранШирахӀиндинШирагӀажарийнШираславянийнЖуьгтийнЗороастрийнХӀиндийнИнкийнИрананИрландинИсламанКельтийнЦийнКонтанКоптийнМалайнМайянМасонийнМиньгоНепаланКерлаюлианан • Пролептийн: юлианан, григориананРуманРумийнСимметринСоветийнЦхьанаэшшарнигТамилан • Тайхойн: беттан, маьлханТибетанКхаазаманТуванТуркменийнФранцузийнХакасийнХанаанейнХараппийнЧучхеШведийнШумерийнЭфиопийнЮлианийнЯванЯпонийн
ДӀачӀагӀа

Дуьххьара григорийн рузма йукъайаьккхина руман папас Григорием XIII-гӀачо католикан пачхьалкхашкахь 4 октябрехь 1582 шарахь хьалхалера юлианан хийцина: йеаран тӀаьхьа догӀу де 4 октябрехь хилира пӀераска 15 октябрь. Григорийн рузма лелайо дукхаха йолчу дуьненан пачхьалкхаш[2]. Литературехь кхин а лелайо Керла хатӀ цӀе а.

Григорийн рузман структура

Григорийн рузман шо 365,2425 де-буьйса хиларца тӀеэцна ю. Високосан доцучу шеран дохалла — 365 де-буьйса ду, високосан — 366.

Thumb
Григорийн рузма арахецаран лерина 1982 шеран Малхбузагерманин марка. Маркан тӀиера сурт эцна 1586 шарахь Иоганна Раша арахецначу жайнин тӀиера

Кхузара логӀу високосан шо декъар:

  • 400 бӀе шеран декъало шо, — високосан;
  • дисина 100 шеран декъало шераш, — високосан дац;
  • дисина 4 декъало шераш, — високосан.

Иштта, 1600 а, 2000 а шераш дара високосан, ткъа 1700, 1800, 1900 шераш високосан дацара. Иштта високосан хир дац 2100 шо.

Цхьан денна-бусана григорийн рузма галъер ю 10 эзар шарахь (юлианан — 128 гергга шарахь). 3 эзар шо терахье валош, дукха хьолахь хаалуш болчу мехе кхочу, хан мел ели тропикийн шарахь де-буьйсанан барам хийцаялар нагахь ца ларахь, цул сов, шеран заманийн йохалла хийцаяларан а[3][4][5].

Григорийн шо хуьлу високосан а, високосан доцуш а; шо доладала тарло кӀиран муьлххачу дийнахь. Иза ша-дерг цхьаьна лаьрчи хуьлу 2 × 7 = 14 кепара шеран рузма.

Беттанаш

Григорийн рузманехь 12 бутт бу, 28 - 31 де беха:

Ма-дарра №, Бутт ...
БуттДенойн барам
1Январь31
2Февраль28 (29 — високосан шарахь)
3Март31
4Апрель30
5Май31
6Июнь30
7Июль31
8Август31
9Сентябрь30
10Октябрь31
11Ноябрь30
12Декабрь31
ДӀачӀагӀа

Беттан денойн барам дагахь латто бакъо

Thumb
Куьйган даьӀахкашца чот яр. «ТӀейаьлла меттиг» — 31 де, «чукхетта меттиг» — 30 де (февралехь 29 я 28 де)

Беттан денош дагахь латтош чӀогӀа атта бакъо ю — «даьӀахкийн бакъо».

Буйнаш бина тӀехула агӀо гуш ши куьг хьалха дагӀийтича, тӀаккха «даьӀахкашца» (пӀелгийн сетта меттигашца) хаало муьлха бутт «беха» бу (31 де) я «боца» бу (30 де, февраль боцург). Иза хаархьама беттанаш дагар дан деза даьӀахкашца а, церан яккъашца а. Январан йогӀу хьалхара даьӀахк (беха бутт — 31 де), февралан — хьалхарчу а, шолгӀачу а даьӀахкийн йукъ (боца бутт), мартан — даьӀахк, иштта дӀа а. тӀаьхьара уллера беха ши бутт — июль а, август а — нисло нисса шина буйн луларчу дӀаьӀахкаш тӀе (шина буйн йукъ ца лору).

Ю кхин а мнемонин бакъо «Ап-юн-сен-но». Оцу дешадакъош гойту 30 де долу беттанийн цӀераш; февраль, шере хьаьжжина, 28 я 29 де хуьлу; бисина 7 баттахь 31 де хуьлу. Мнемонин бакъо лело атта ю, куьйган даьӀахкаш ягар ян а ца оьшу.

Кхин а беттан денош дагахь латтош ингалсан ишколан кица а ду: Thirty days have September, April, June and November. Аналог немцойн маттахь а ю: Dreißig Tage hat September, April, Juni und November.

Юлианан а, григорийн а рузманашна йукъара башхалла

Thumb
Григорийн рузма, арахецна Румехь 1584 шарахь эрмалойн маттахь

Григорийн рузма йукъайоккхучу хенахь цунна а, юлианан а рузманашна йукъахь 10 де башхалла яра. Амма иза тӀекхета тайп-тайпана високосан денойн барам бахьнехь. Григорийн рузманехь, юлианачух къаьсташ, бӀешеран тӀаьххьара шо, нагахь иза 400 декъалуш дацахь 400, иза високосан ца лору, цундела оцу рузманийн башхалла таханлерачу денна 13 де ю.

Юлианан а, григорийн а рузманийн терахьийн башхалла муьрашца[6][7][8][9]:

Ма-дарра Башхалла, деношца, Мур (юлианан рузманца) ...
Башхалла, деношца Мур (юлианан рузманца) Мур (григорийн рузманца)
105 октябрь 1582 — 29 февраль 170015 октябрь 1582 — 11 март 1700
111 март 1700 — 29 февраль 180012 март 1700 — 12 март 1800
121 март 1800 — 29 февраль 190013 март 1800 — 13 март 1900
131 март 1900 — 29 февраль 210014 март 1900 — 14 март 2100
141 март 2100 — 29 февраль 220015 март 2100 — 15 март 2200
151 март 2200 — 29 феврал 230016 март 2200 — 16 март 2300
ДӀачӀагӀа

Юлианан терхьаш  1582 шеран 5 (15) октябрь кхаччалц дехьадаккха таро ю григорийн рузман терхьашка, амма и дар тӀеэцна дац. Дукха хьолахь терхьаш керла рузма йукъайаккхалц даладо юлианан рузманца, ткъа тӀаьхьа — григорийчуьнца. Григорийн рузма хьалххе тӀе ца эцна мехкашкахь  1582 шеран 5 (15) октябрь тӀаьхьарчу муьрехь а, йукъайаккхале болчу муьрехь а дукха хьолахь гойту ши терахь — шира юлианан рузманца а (хилам хиллачу хенан), ткъа къовларш чохь, керла григорийн рузманца. Масала: «Пушкин Александр Сергеевич [ 1799 26 майхь (6 июнехь), Москох, —  1837 29 январехь (10 февралехь), Петарбух], оьрсийн йаздархо, керла оьрсийн литература кхоьллинарг»[10].

Истори

Григорийн рузман дехьабовла таронаш

Григорин рузмано ло тропикан шеран нийса гергавар. Керла рузма тӀеэца бахьна хилира гуттаренна а галдалар юлианан рузманца долу де-буьйса нисдаларан хан, цуьнца билгалдоккхура Пасхан де, пасхан бутт бузар астрономичуьнца барах дагадовлар. Григорий XIII-гӀачул хьалха проект кхочушъян гӀиртира папанаш Павел III-гӀа а, Пий IV-гӀа а, амма церан аьтту ца хилира и чекхдаккха. Хийцамашна кечам бира Григорий XIII-гӀачун омарца астрономаша Христофор Клавийс а, Лилий Алоизийс а. Церан белхан жамӀаш дӀайаздира папин буллехь, цунна куьг йаздира понтифика Мондрагоне виллин тӀаьхь, цӀе тиллира хьлхарчу могӀанера дешнашца Inter gravissimas («Ладамечарна йукъахь»)[11].

Григорийн рузмане дехьаваларо лахара хийцамаш бира:

  1. керлачу рузмано тӀеэцаран моментехь дӀатоттура 10 денна долу терахь, цуо нисдира гулделла гӀалаташ;
  2. керла рузманехь лела йолаелира керла, алсама нийса йолу високосан шеран бакъо — високосан шеран йукъахь ду 366 де:
    • шеран лоьмар йекъало 400 (1600, 2000, 2400);
    • дисина шераш — шеран лоьмар йекъало 4, амма декъа ца ло 100 (… 1892, 1896, 1904, 1908 …);
  3. модификаци йина керсталлин Пасхан чот яран бакъонашна[12].

Юлианан а, григорийн а рузманийн терхьашна йукъара башхалла галйолу кхаа денна хӀора 400 шо массаза долу.

Мехкаш григорийн рузмане дехьабовларан терхьаш

Пачхьалкхаш юлианан рузманера григорийн рузмане дехьевлира тайп-тайпанчу хенахь[13]:

Ма-дарра Юлианан рузман тӀаьхьара де, Григорийн рузман хьалхара де ...
Юлианан рузман
тӀаьхьара де
Григорийн рузман
хьалхара де
Пачхьалкхаш а, мехкаш а
1582 4 октябрь1582 15 октябрьИспани, Итали, Португали (Испанин провинци санна), Паччахьалла Польша
1582 9 декабрь1582 20 декабрьФранци, ЛугӀен (йухайирзина юлианан рузмане 1735 шарахь, юха а григорийн рузмане йаьлла 1760 шеран 28 февралехь)
1582 14 декабрь1582 25 декабрьЛюксембург, Цхьаьнатоьхна провинций республика
1582 21 декабрь1583 1 январьФландри, Голланди, Брабант, Бельги[14], графалла Зеланди
1582 31 декабрь1583 11 январьАхен
1583 10 февраль1583 21 февральЛьежан епископалла, Гронинген [йухайирзина юлианан рузмане 1594 шеран 10 (20) ноябрехь, юха а дехьайаьлла григорийн рузмане 1701 шеран 12 январехь]
1583 13 февраль1583 24 февральАугсбург
1583 4 октябрь1583 15 октябрьТрир
1583 5 декабрь1583 16 декабрьАвстри (Бриксен), Бавари, Зальцбург, Регенсбург, Тироль, Фрайзинг
1583 13 октябрь1583 24 октябрьБрайсгау-Лакха Шварцвальд (кӀошт)
1583 20 октябрь1583 31 октябрьБазелан епископалла
1583 2 ноябрь1583 13 ноябрьЮлих-Берг
1583 3 ноябрь1583 14 ноябрьКёльн
1583 4 ноябрь1583 15 ноябрьВюрцбург
1583 11 ноябрь1583 22 ноябрьМайнц
1583 16 ноябрь1583 27 ноябрьБаден-Баден, Страсбурган архиепархи
1583 17 ноябрь1583 28 ноябрьМюнстер, Клеван герцогалла
1583 14 декабрь1583 25 декабрьГерцогалла Штири
1584 6 январь1584 17 январьАвстри (Каринти), Богеми
1584 11 январь1584 22 январьШвейцари (Люцерн, Ури, Швиц, Цуг, Фрайбург, Золотурн кантонаш, Невшатель кантонан Ле-Ландерон коммуна)
1584 12 январь1584 23 январьСилези, Лужица
1584 11 февраль1584 22 февральШвейцари (Обвальден, Нидвальден кантонаш)
1584 1 июль1584 12 июльВестфали
1584 3 октябрь1584 14 октябрьМорави
15841584Америкера Испанин колонеш, Швейцари [ Тургау, Аппенцелль-Иннерроден кантонаш, Аппенцелль-Аусерроден кантон (йухайирзина юлианан рузмане 1597 шарахь, юха а дехьайаьлла григорийн рузмане 1798 шарахь)]
1585 16 июнь1585 27 июньПадерборн
1585 21 декабрь1586 1 январьЛитван Сийлахь олалла
1587 21 октябрь1587 1 ноябрьМажаройчоь
1590 14 декабрь1590 25 декабрьТрансильвани
1610 22 август1610 2 сентябрьПрусси
13 декабря 161524 декабря 1615Пфальц-Нойбург
16171617Курлянди [вернулась к юлианскому календарю 28 января (8 февраля) 1796 в связи с присоединением к Российской империи]
16231623Швейцари (Унтерваллис — Вале кантонан дакъа)
1623—16241623—1624Швейцари (Граубюнден кантонан католикийн дакъа)
16241624Оснабрюк
15 марта 163126 марта 1631Хильдесхайман олалла-епископалла
1655 28 февраль1655 11 мартШвейцари (Вале кантон)
1668 1 февраль1668 12 февральМинденан епископалла
1682 5 февраль1682 16 февральЭльзас, Страсбург
1700 18 февраль1700 1 мартДани (Норвегица), протестантийн немцойн пачхьалкхаш
1700 30 июнь1700 12 июльНидерландаш (Гелдерланд, Зютфен)
1700 16 ноябрь1700 28 ноябрьИсланди
1700 30 ноябрь1700 12 декабрьНидерландаш (Оверэйссел, Утрехт)
1700 31 декабрь1701 12 январьШвейцари (Цюрих, Берн, Базель, Женева, Невшатель, Шаффхаузен кантонаш, Гларус кантонан католикийн дакъа), Нидерландаш (Фрисланди, Гронинген)
1701 30 апрель1701 12 майНидерландаш (Дренте)
17241724Швейцари (Санкт-Галлен гӀала)
1752 2 сентябрь1752 14 сентябрьЙоккха Британи колонеш (царна йукъахь Къилбаседа Америкернаш; канадан Керла Шотландис лелайо григорийн рузма 1605 шерера 1710 шеран 13 октябрь кхаччалц, оцу хенахь иза французийн колони яра) а, Ирланди а
1753 17 февраль1753 1 мартШвеци (Финляндица)
1760 16 февраль1760 28 февральЛугӀен
1798 22 июнь1798 4 июльШвейцари (Гларус кантонан протестантийн дакъа)
1798 13 декабрь1798 25 декабрьШвейцари (Аппенцелль-Аусерроден кантон)
1783—18111783—1812Швейцари (Граубюнден кантонан протестантийн дакъа: хьалха дехьевлла Оберэнгадин а, Бергель а коммунаш, тӀаьххьара — Ширс а, Грюш а)
1863Камбоджа
1867 5 октябрь1867 18 октябрьАляска (Российс АЦНн мохк дӀабелла де; керла рузмане дехьадовлар нисделира терахь хуьйцу асае дехьадовларца, цундела нисдар хилира 12 меттана 11 де, ткъа кхин а кӀира дагардаран денош галдевлла)
1873 1 январьЯпон
1885Бирма (Мьянма)
1889 1 апрельСиам (Таиланд) (Бангкок кхолларан шеран чоьтаца а, 1 апрелехь шо доладаларца а; 1913 шарахь йукъайаьккхира Будда веллачу терахь тӀиера; 1941 шарахь шо доладалар дӀатеттина 1 январе)
1889Лаос
1896 1 январьКорей
1912 1 январьЦийчоь (Миньго рузма шерийн чоьтаца; гражданийн тӀемаш бахьнехь чекхделира 1929 шарахь)
1912 декабрьАлбани
1915 11 май1915 25 майЛитва (немцойн оккупацехь), Латви (Курлянди немцойн оккупацехь)
1916 31 март1916 14 апрельБолгари
1917 15 февраль1917 1 мартТуркойчоь (Румийн рузма а юьтуш башхалла −584 шо а долуш)
1917 22 август1917 5 сентябрьЛатви (Лифлянди немцойн оккупацехь)
1918 31 январь1918 14 февральРСФСР, Эстони
1918 16 февраль1918 1 мартУкраина (Украинин халкъан республика)[15]
1918 17 апрель1918 1 майЧоьхьара Кавказан демократин федеративан республика (Гуьржийчоь, Азербайджан, Эрмалойчоь)[16]
1919 14 январь1919 28 январьЮгослави[17]
1919 31 март1919 14 апрельРумыни[18]
1923 15 февраль1923 1 мартЖелтойчоь[19]
1926 1 январьТуркойчоь[20] (дехьайаьлла Румийн рузманера григорийн рузмане)
1928 17 сентябрь1928 1 октябрьМисар
1949Цийчоь (Тайванехь йисина Миньго рузма)[14]
2016 1 октябрьСаӀудийн Ӏаьрбийчоь[21][22]
ДӀачӀагӀа

Дехьабовларан истори

Thumb
Григорийн рузма йукъайаккхар. Папа Григорий XIII-гӀачун Румера Сийлахь Петран килсера каш тӀиера барельеф.
Thumb
Уильям Хогартан гравюра «Юхадерзаде тхуна тхан цхьайтта де!» лозунгца, 1755.
Thumb
Россехь григорийн рузма йукъайаккхарах 1918 шеран 26 январан декрет
Thumb
Харьков гӀалан «кӀайн» гарнизонехула 1919 шеран 25 июнехь делла омар: григорийн рузма дӀайаьккхарна юлианан рузман кханалера де 13 июнь дехьадовлу де лара аьлла.

1582 шарахь григорийн рузмане дехьабевлла Испани, Итали, Португали, Речь Посполити (Литван Сийлахь олалла а, Польша а), Франци, ЛугӀен мехкаш.

1583 шо чекхдолуш царна тӀекхийтира Голланди, Бельги, Брабант, Фландри, Льеж, Аугсбург, Трир, Бавари, Зальцбург, Регенсбург, Австрин дакъа Тироль. Хиламаш боцуш а ца дисира. Масала, Бельгехь а, Голландехь 1583 шеран 1 январь тӀекхечира 1582 шеран 21 декабрь чекхдоллушехь, берриг бахархой бисира оцу шарахь Рождество дазданза[14].

1583 шарахь Григорий XIII-гӀачо хьажийра Константинополан патриархе Иеремия II-гӀачуьнга керлачу рузмане дехьадовлу аьлла вакийлат. 1583 шарахь Константинополера килсан гуламехь тӀе ца ийцира иза Пасха даздаран бакъонийн канонашца йогӀуш йац аьлла.

1584 шарахь Австрис григорийн рузмане дехьадовлар чекхдаьккхира, дехьабовла буьйлабелира Швейцарехь (Люцерн, Ури, Швиц, Цуг, Фрайбург, Золотурн кантонаш), Силезехь, Вестфалехь, Америкера Испанин колонешкахь. XVI бӀешарахь григорийн рузмане дехьаделира Швейцарин католикийн дакъа, протестантийн кантонаш дехьаевлира 1753 шарахь, ткъа тӀаьххьарниг, Гризон, — 1811 шарахь.

Цхаццанхьа григорийн рузмане дехьабовлар юоккха кегарийца хилира. Масала, полякийн паччахьа Стефан Баторийс йукъайаьккхина Ригехь керла рузма 1584 шарахь, меттигера совдегархоша бунт гӀаттийра, хӀунда аьлча 10 денна дӀасататтаро йохка-иэцаран хенаца болу барт бохабо, тӀаккха шайна алсама зие хуьлу. Бунтахоша хӀаллак йира Риган килс, вийра масех муниципалан гӀуллакххо. «Рузман гӀуртца» ларабала аьтту белира 1589 шеран аьхка[23].

Григорийн рузмане дехьабевлла цхьацца мехкаш, тӀаьхьа юхабоьрзура юлианан рузмане, уьш кхечу мехкех дӀатохар бахьнехь. Мехкаш цхьаьна хенахь григорийн рузмане дехьа ца бовлар бахьнехь, гӀалаташ хила тарло цхьацца хиламийн терхьашкахь: масала, наггахь олу, Инка Гарсиласо де ла Вега а, Мигель де Сервантес а, Уильям Шекспир а белла цхьаьна дийнахь — 1616 шеран 23 апрелехь[24]. Амма Шекспир велла Инка Гарсиласол 10 де тӀаьхьа, хӀунда аьлча католикийн Испанехь керла рузма лелара папас йукъайаьккхинчу хенахь дийна, ткъа Йоккха Британи керла рузмане 1752 шарахь бен ца йаьлла, Сервантесал 11 де тӀаьхьа велла (иза велла 22 апрелехь, амма дӀавоьллина 23 апрелехь).

Паччахьан Георг II-гӀачун сацамца 1752 шеран 2 сентябрехь григорийн рузмане дехьайаьллачу Британин дийзира терахь хьалха татта 11 денна, хӀунда аьлча Европехь керла рузма йукъайаьлла бӀешо а даьлла, кхин цхьа де тӀекхийтира[14]. ШолгӀа сентябран тӀаьххье деира 14 сентябрь.

Бахархой реза бацара шеш баккхий бинчу сацамна. Махкахь хааделира реза ца хилар, лозунг яра: «Юхадерзаде тхуна тхан цхьайтта де!», иза ду, масала, Хогарт Уильяма йинчу «Харжамаш» серера цхьаьна гравюран тӀаьхь. Ханан йохаллехь гӀаттамаш хуьлура, наггахь нах а бойуш, масала, Бристолехь[14].

Керла рузма йукъайаккхаро налогаш а, ясакх а гулъечеран ладаме финансийн тӀаьхьенаш йитира. 1753 шарахь — григорийн рузман дуьххьарлера дуьззинчу шарахь, банкахой налог ца луш дуьхьала бевлира, уьш хьоьжура хила деза 11 дийне шеш боьлла терахь — 25 март кхаччалц. Иза бахьнехь Йоккха Британин финансийн шо дола ца делира 6 апрелехь бен. И терахь дисина таханлера де кхаччалц, 250 шо хьалха хилла баккхийра хийцамийн символ санна[14].

Швецехь сацам бира 1700 - 1740 шерашкахь високосан денош дӀадаха. 1700 шарахь дӀадаьккхира хьалхара високосан шо. Цул тӀаьхьа болабелира тӀом дехьадаккхарх дерг дицдира. Иштта, мохк бехира шен доларчу шведийн рузманца. 1711 шарахь Карл XII-гӀачо лерира иза нийса ца хилар, сацам бира ширачу рузмане юхадерза, февралехь 2 де тӀетоха. Цундела Швецехь хилла 1712 шеран 30 февраль. 1753 шеран аьхка бен йукъа ца йаьккхина керла рузма. Цу тӀе 17 февралан тӀаьхьа доладелира 1 март.

Ша-кепара дара григорийн рузмане дехьабовлар Аляскехь, иза цигахь цхьаьна хилира Терахь хийцадаларан асанца. Цундела ширачу рузманца 1867 шеран 5 октябрехь пӀераскан дийнал тӀаьхьа хилира кхин цхьа пӀераска 1867 шеран 18 октябрехь керлачу рузманца.

1872 шарахь сацам бира ламастан беттан-маьлхан рузманера григорийн рузмане яла Японис, иштта «Мэйдзин пхеалгӀа шеран шийтталгӀа беттан шолгӀа ден» тӀаьхьара де хилира 1873 шеран 1 январь, иштта Японин рузма малхбузан пачхьалкхийн рузманца дӀанисйира (Росси йоцург). ТӀаккха а, официалан тептаршкахь григорийн рузманца цхьаьна лелайо нэнго система. Масала, 1868 шо йаздо Мэйдзин хьалхара шо, 1912 — Тайсё 1, 1926 — Сёва 1, 1989 — Хэйсэй 1, иштта дӀа. Дахарехь, шераш дагардар леладо Ӏийса пайхамар وصلة= варан тӀиера «малхбузан рузманца» (西暦, seireki), XX бӀешеран дохаллехь цунах коьртаниг хилира Японехь.

Корейс тӀеийцира григорийн рузма 1896 шеран 1 январехь, Ю Кил-чуна жигара дакъа лоцуш[25]. ТӀеэцначу рузманца беттийн лоьмарш хӀиттийнехь а, амма 1895—1897 шерашкахь а лелийра шерийн шира лоьмарш Чосон некъийн урхаллин 1 шерца, цуьнца григорийн рузманан 1896 шо догӀура Чосонан 1392 шерца[26]. 1897 а, 1910 а шерашкахь, юха 1948 - 1962 шерашкахь йолийра корейн рузман эран юьхьиг. 1910 а, 1945 а шерашна йукъахь, Корей японин урхаллехь йолуш, лелийра японин шераш дагардар. 1945 - 1961 шерашкахь Къилба Корейхь григорийн рузманца цхьаьна лелийра, вайн эрал 2333 шо хьалха, Кочосон пачхьалкх кхоллар тӀиера, шераш дагардар. Иштта, и шераш Дангица ларарца (단기) лоьмарш йолуш дара 4278 - 4294. Къилбаседа Корейхь 1997 шеран 8 июлехь дуьйна тӀеэцна «чучхе шераш дагардар», цуьнан юьхьиг ю 1912 шо — Ким Ир Сен вина шо.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.