континент From Wikipedia, the free encyclopedia
Евра́зи — Дуьненна тӀера йалх материкех уггаре йоккханиг. Майда — 53,6 млн км²[2], иза лаьттан майданах 36 % йу. Бахархой — 5,349 млрд ст. (2019 шеран 1 июль)[1], иза хуьлу дуьненан бахархой 70 %[3].
Еврази | |
---|---|
Мохк | 53,6 млн км² |
Бахархой | 5,349 млрд (2019 шеран 1 июлехь)[1] стаг |
Йукъахь йу | 94 пачхьалкхаш |
Йозуш йолу пачхьалкхаш | 9 |
Мотт | Евразин меттанаш |
Йаккхий гӀаланаш | Шанхай Чэнду |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Йуьхьанца дуьненан уггаре йоккха континентанна тайп-тайпана цӀераш лора. Гумбольдт Александра «Ази» цӀе лелайора йерриг Евразина. Ройшле Карл Густава 1858 шеран «Географин справочник» (Handbuch der Geographie) жайнахь лелийна термин «Шала континент Ази-Европа» (Doppelerdtheil Asien-Europa)[4]. «Еврази» термин дуьххьара лелийна геолого Зюсс Эдуард 1880-гӀа шерашкахь[5].
Континент лаьтта Къилбаседа эхиг тӀехь 9° м-бузе. д. а, 169° м-бузе. д. гергга йукъахь, цу тӀе Евразин гӀайренийн цхьа дакъа лаьтта Къилба эхигехь. Материкан малхбузен а, малхбален а йисташ Малхбузен эхигехь йалахь а, Евразин доккхаха долу дакъа лаьтта Малхбален эхигехь.
Континентан ши дакъа ду: Европа а, Ази а. Европина а, Азина а йукъара дозанан аса йоккъу Уралан лаьмнийн малхбален басешкахула, Урал эркаца, Эмба эркаца, Каспий-хӀордан къилбаседа - малхбузен бердашца, Кума эркца, Куман-Манычан чутаӀехула[6], Маныч эркца, Ӏаьржа хӀордан малхбален бердашца, тӀаккха къилба бердашца, Босфор хидоькъен чухула, Мармаран хӀорд чухула, Дарданеллин хидоькъехула, Эгейн хӀорд чухула, Лаьттайуккъера хӀорд чухула. И билламан йекъар историница хилла, цигара схьадогӀу Европин а, Азин а дозанаш билгалдахар Каспий-хӀордан майданца, Жима Азехула, Левантехула, кхин а Къилба Иранехула, Тигр а, Евфрат эркийн бассейнан махкахула, Ӏаьрбийн а, Синайн а ахгӀайренашкахула, цу тӀе, тӀаьхьарниг политикин бахьнашца Африкин йукъатоха тарло[7].
Ӏаламан агӀор Европин а, Азин а дозанашкахь цӀеххьана хийцалуш хӀумма а дац. Континент латтанца цахеддаш цхьаьнакхетта йу (Еврази кхин а, латтан тӀехула цхьаьнакхетта йу Африкица, Суэцан татол — материк йоькъуш адамо йиллина аса йу).
И цхьа материк бен йац Дуьненна тӀехь, деа Ӏапказо йашош: къилбехьа — ХӀиндин, къилбаседехьа — Къилбаседа Шен, малхбузехьа — Атлантикин, малхбузехьа — Тийна.
Еврази йахйелла малхбузехьара малхбалехьа 16 эз. км, къилбаседехьара къилбехьа — 8 эз. км, майда ≈53,6 млн км²[2]. Иза дерриг дуьненан лаьттан кхоалгӀа дакъа ду. Евразин гӀайренийн майда йу 3,45 млн км² гергга[8].
Лахарчу могӀамехь Еврази материк тӀера пачхьалкхил совнагӀ гойту гӀайренна пачхьалкхаш (масала — Япони).
Материк тӀехь дукха тӀехулара а, бухулара а хиш ду. Цунна тӀера даккхий эркаш охьаоьху дерриг Ӏапказашна чу, Къилбаниг доцург. Континентан Ӏаьмнаш къаьста барамашца а, кӀоргаллашца а. Материк тӀера эркаш декъадалар доьзна рельефца а, климатца а, уггаре луьста эркан маша йисташкахь бу. Евразин чоьхьара хиш цхьабосса декъна дац.
Ӏапказашна генахь а, дӀакъастийна а болу кӀезиг хиш долу мехкаша дӀалоцу ладаме майда. Чоьхьа хи доьду майданаша дӀалоцу материкан ах майда. Дукха хиш карийна Малхбузен-Сибрехан аренна бухахь. ЧутаӀенашна лулара лекха лаьмнашна гергара бекъа мехкашкахь, лаьттан бухара хиш арадовлу шовданийн кепара. Ишттачу меттигашкахь Йуккъера а, Центран а Азехь кхоллайелла оазисаш. Дукха молу хи доллу материкан шешкахь (къовларан — арктикин гӀайренаш тӀехь, ламанан — шалаьмнашкахь). Къилбаседа Шен Ӏапказан майданан эркийн (Печора, Обь, Енисей, Лена, кхин дерш) ийна хи ду, алсама лайн хи ду, йехачу ханна гӀура до. Атлантикин Ӏапказах кхета дукхаха долу эркаш, гӀура ца до, церан хиш коьртаниг догӀанан ду, лаьмнашкахь — шалаьмнех долу, уьш дуьзна ду дерриг шарахь. Оцу майданан уггаре даккхий эркаш — Дунай, Рейн, Эльба, Неман, кхин дерш а. Тийна Ӏапказан майданан экийн хиш ийна ду, алсама роль йу догӀанан хин, уьш дахьа Ӏапказан тӀера аьхкенан муссонаша. Кхузахь ду уггаре доккха Евразин эрк — Янцзы а, кхин эркаш, масала Амур, Хуанхэ, Меконг. ХӀиндин Ӏапказ чу шайн хиш хьо Ганго Брахмапутрица, Индо, Тигро, Евфрато. Хьалхара кхоъ царех долало Гималайшкахь, цул тӀаьхьа охьадоьду аренашкахула, царна хи а дуьллуш. Эркийн раж йоьзна муссонаша лаьмнашкахь шаш а, лайнаш а дашорца.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.