Шалажа (эрк)

From Wikipedia, the free encyclopedia

Шалажа (эрк)map
Remove ads

ШалажаРоссийн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн Хьалха-Мартанан а, ТӀехьа-Мартанан кӀошт кӀошташкахула. Ӏаьс-хин аьтту га.

Боца хаамаш Шалажа, Амал ...
Remove ads

Географи

Эрк кхоллало Ӏаьржа а, КӀайн а Шалажа цхьаьнакхетачохь. ОхьадогӀу къилбаседехьа Шалажахула, Котар-Юртахула, ШаӀми-Юртахула. Эркан хикхоче ю Закан-Юртан дуьхьала Ӏаьс-хин хикхочел 6,5 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохалла – 40 км (КӀайн Шалажаца цхьаьна), хи гулден майда — 258 км²[2]. Уггаре доккха аьтту га — Нетхой эрк.

Топонимаш

  • КӀегана юх – эркан аьтту бердаца йолу саьлнаш.[3].
  • Хьабин хьераш – эркан бердаца йолу нийса меттиг, Шалажа эвлан къилбаседа йисттехь.
  • Валгхуоша хи чутеснача - генарчу заманахь Ӏаьржачу лаьмнашкахь лаьттачу Валарг-кӀотаран бахархоша шайн ялташ дуьйчу меттигашкара Валарг-хи, татол а даьккхина, Шалажан чудерзийна меттиг[4].

Хин реестрах хаамаш

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ [2].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005598[2].

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads