Ӏаьс-хи

From Wikipedia, the free encyclopedia

Ӏаьс-хиmap
Remove ads

Iаьс-хи[2], Ӏacc хи[3] (гуьрж. ასა, гӀалгӀ. Эс оьрс. Асса) — Къилбаседа Кавказан эрк, Соьлжан[4] аьтту га.

Боца хаамаш Iаьс-хи, Амал ...
Remove ads

Географи

Thumb
Ӏаьссан чӀож, ГӀалгӀайчоь

Схьадолу коьрта Кавказан даккъийн къилбаседа басешкара Гуьржийчоьнан Пхейн-Махкара[5]. Кхоллало Чимгисцкали а, Цирилованцкали а эркаш, 1806 м[6] лакхахь, цхьаьнакхетачу меттигера. ОхьадогӀу ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а мехкашкахула. Закан-Юртан гергахь Соьлжах кхета.

Эркан дохалла — 133 км, хи гулден майда — 2060 км²[7], хин хершан шоралла аренашкарчу декъехь — 60 м сов. Ӏаьс-хи охьадогӀу Гуьржийн махкахула 20 километр, ГӀалгӀайн махкахула 91 километр, ткъа Нохчийчухула — 32 км.

Iаьс-хи тӀера нах беха меттигаш

Thumb
Нохчийчоь

Ӏаьс-хин тӀехь лаьтта эвланаш: Чимга, Ахиели, IамгIие, Нилха, Наькъасти, ГIолошпхье, Хамха, Йовла, Хьули, ГаьриетӀа, Каьзие, Бишта, Дешхьакхле, Къоста, Карт, Колие, Коьккие, Оьзига, Пхьуй, ГӀаьппие, ЦӀоьлие, БӀархание, Паьлинга, ТӀумгӀа Кхаьхк, Хьайрах, БӀаьрахие, Лаймие, Ний, ТӀаргим, Эгикхал, Олкумие, Мужиче, Галашкие, Алхастие, ГӀажарийн-Юрт, Берд-Юрт, Эха-Борзе, Керла-Шара, Закан-Юрт.

Геннаш

Гуьржийчуьра

  • Чимгисцкали, Цирилованцкали, Цкаростави, Ковгра, Бисна, Чхотуни.

ГӀалгӀайчуьра

Нохчийчуьра

Remove ads

Гидроним

Ширачу заманахь эрк деза хи лорура. ЦӀе йоьзна ю, хетарехь, гӀажарша Къилбаседа Кавказе чуеина керсталлин хьалхарчу муьрера шира жуьгтийн тобанах. Вайнехан кхетамехь «Ӏаьса» дешан маьӀна «ийман доцург» ду, дуьххьал дӀа аьлча «текъамдин» я «текъархой»; «Ӏаьсанаш» хилла вайнах, пхий, хӀирий, кхарачой балкхарой.

Хин реестрах хаамаш

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[7].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005482[7].

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads