Ӏашхи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ӏашхи[2][3][4] (оьрс. Ачху) — Российн эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикера ТӀехьа-Мартанан кӀоштехула. Эркан дохалла – 26 км[5]. Хи гулден майда — 93,1 км²[5].
Схьадолу Валерчук олучу меттигера попан-хьехан хьуьнхара, охьадогӀу къилбаседа-малхбалехьа Ӏашхой-КӀотар кхаччалц, цигахь арадолу хьун чура аренашка[4]. ТӀаккха хьуьйцу охьадогӀу агӀо, доьрзу къилбаседехьа, чекхдолу ТӀехьа-Мартахула[4]. Кхета Ӏашхойн Мартанах ШаӀми-Юртан малхбузехьа, Р-29 некъан автотӀайн гергахь[4]. Лахенашкахь цхьаццанхьа къайладолу хидилларан татолаш йукъахь[4]. Хьалха кхетара Ӏаьс-хих[5].
Remove ads
Хин реестрах хаамаш
Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[5].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005581[5].
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads
