Элистанжхой

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Элистанжхой - Нохчмахкахойн тукхумара, J2 а, L3 гаплотобанашкара тайпа[1]. М.А.Мамакаевс тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпашна йукъатуху[2].

Боца хаамаш Элистанжхой, Этноиерархи ...
Remove ads

Географи

Элистанжан мохк хилла Хоттанен 6 км малхбалехьа, ЦӀен Веданан 1 км къилба-малхбузехьа, дӀалоцуш хилла Саьрбалан, Бас а, Хул-Хулуо а хишна йукъара латта, къилбаседехьа акъари тӀе араболуш хилла. Элистанжан къилбехьа баьхна Садой а, Пешхой а, тӀаьхьуо аратеттина болу Орсойша[3].

Элистанжхойн лам лаьтта эвлан къилба агӀора[4].

Элистанжхойн эхк – Веданан кӀоштара доьда хи; долало Барзиарлам (2214 м) герга, ломан малхбалехьа, кхета Хул-Хулох[3].

Беха меттигаш

Элстанжхой беха меттигаш: Алда, ГӀойтӀа[5], Девкар-Эвла[6], Лакха Невре[7], Макане[8], Сиржа-Эвла, Тевзана, Хоттане, Шела, ЭгIашта.

Remove ads

Этимологи

Элистанжа дешан бух бу, легендаш дийцарехь: «эла»+»сту»+»жӀай», амма цуо шеко кхуллу[3].

Шешша Элистанжхойша и дош Элса бохачу цӀарах трансформаци хуьлуш схьадаьлла лору: Элса – Элсанчу – Элстанча – Элстанжа, ткъа Элса – Нашхара бух болуш хилар а, шен жимах волчу вешийца Дишница кхелхина Шулукъ дукъо екъна акъареш тӀехевшина. Дишний хевшина Хул-Хуло бердашца, ткъа Элса Билта[4] меттигехь Ӏаьржа эхк бердаш тӀе. Элсанан тӀаьхьенаш тӀаьхь-тӀаьхьа охьахевшина акъари тӀе Алда кхаччалц, йехкина Хоттане, Тевзана, ЭгӀашта, Шела, Сирж-Эвла, кхин дӀа а.

«Элиста» дош алсама хаало гӀалмакхойн топонимикехь. А.В.Твердыйс хуьлуьйту этноним гӀалмакхойн – «гӀамаран», хӀунда аьлчи Элистанжхой шуьйра баьржина акъарийн эвланашкахь. Цуо хуьлуьйту Наврузхан тӀелетначу заманахь цӀе хийцина. Кхин тӀе Элистанжахь топоним ю Менги Ӏола а, Менги басса а Чингисханан кӀентан сийна тиллина (цуьнан кӀентан цӀе Менгу хилла)[3].

Элистанжахь топоним ю «Элан-жӀаран-корта», дийцарехь иза йиллина Элистанжхойн тайпанан хьалхарчу Орс-элас, аьлчи а, уьш хила тарло оьрсийн элин тӀаьхьенах а[3].

Remove ads

Тайпа декъадалар

Элистанжхой бекъало некъешка: Арсан (L3), Ашнай (J2), Аюб (L3), Биги (J2), Гири, Дади (J2), Дарси, Музи, Ушурми (L3), Чуштар (J2), ЭгӀаштой (L3), Эльти.

Истори

Элистанжан акъари XVI бӀешарахь дӀалаьцна хилла гӀалмакхаш. Цигахь ханан ставка хилар а дуьйцу. Цхьаьна нохчийн «ГӀалмакхий Нохчийчуьра лахкарх» йолчу легендехь боху, гӀалмакхий, Къилбаседа Кавказе баьхкира XVI бӀешарахь, дӀалецира ерриг аьлча санна Нохчийн акъари, ногӀий ара а тоттуш. XVIII бӀешеран йукъахь нохчаша барт бира гӀалмакхой арабаха, амма, шайн ницкъаш лерина, хиира уьш тӀамца арабахалурбоций, тӀаккха гӀалкхой ханах шайн нуц вира, уггаре хаза йоӀ йелла маре, хан Аштаркхнен аренашка дӀавоьдург. Цуо ханан шиъ кӀант вира, цхьаьнан цӀе Хавадж хилла.

Элистанжа масийттаза хӀаллакйина, бахархой арабаьхна Теркан тӀе а, ломан кӀажошкара акъари тӀе а ховшийна. Шайн тайпанан меттигаш йита ца лууш уьш хьаннашкахь кӀотарш йохкуш охьаховшура. Элистанжан йукъараллехь 70 кӀотар хилла, Кавказан тӀом болуш йехкина. Бахархой арабохура оцу меттигашкара паччахьан эскарша, акъарин тӀе кхалхабора. Уьш лаьттира 1932-1935 шераш кхаччалц[9].

XVII-XVIII бӀешерашкахь Элистанжхой массашкахь кхелхира Алда. ШолгӀа цабевлла кхелхира 1865 шарахь Девкар-Эвла, Харачойн Акмурзаев Тозин гӀаттам охьатаӀийначул тӀаьхьа, оьрсаша Элистанжа ягийра, ткъа бахархой кхалхийра. 1869 шарахь паччахь Александр ӀӀ-гӀа шен мехкашкахула чекхволуш хилира Сиржа-Эвлахь. Паччахьан дуьхьала бахара векалш, коьртехь Агатаев Шаба а волуш. Векалийн, паччахье Элистанжхойн шайн махка цӀаберза пурбало аьлла дехар дӀакховдо, Ӏалашо яра. Векалшна йукъахь вара чӀогӀа дика хелхарча Бурсинов Солса, цуо хелхарца дӀакховдийра дехар. Хелхар хазделлачу паччахьо дехаран жоп делира.

Remove ads

ГӀарабевлла тайпанан векалш

Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads