Лакха Невре

Теркан кӀоштара эвла, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Лакха Невреmap
Remove ads

Лакха НевреНохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Бахархой — 5441 лерина 2010 шарахь. Меттигерчу бахархоша Лаха а, Лакха а Невре цӀераш йоьхку туьйранашкахь дуьйцучу наьртах Новрах. Йуьртан къилбехахь бердах доьдуш ша даьлла Ӏуьрг ду - Новр-ор (Новр-Ӏуьрг). ХӀинца а дуьйцуш ду наьртех Новрах, ГӀоьжакъех а, церан йиезаршах Сатех а, Белшех а[1].

Боца хаамаш Лакха Невре, Пачхьалкх ...

Иза йу Лакха Неврен йуьртан меттиган административан центр[4]. Лакха Неврен йуьртан меттиган йукъайогӀу Эмасуле кӀотар.

Thumb
Лакха Неврен администраци
Remove ads

География

Лакха Невре лаьтта 12 км малхбалехьа кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан, 20 км гена цӀерпоштнекъан Ишорен станцин, Лаха Неврен малхбузехьа, Теркан аьтту бердаца[1]. Лулара нах беха меттигаш: къилбаседехь — Алпату йурт, къилбаседа-малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Лаха Невре а, къилба-малхбалехь — ярташ Макан-КӀотар, Минеральни, къилба-малхбузехь — ГӀулоз[5].

Микротопоними

  • "Куьзга доьхна чоь" - йуьртара кӀотара боьлхуш бертаза йуьртахь цхьаъ бен доцу куьзга доьхна меттиг. Оцу заманахь бохам боккха хиларна оцу меттиган цӀе йисина. Лакха Неврен къилбаседехьа.
  • "Сатийханан тIай" - йуьртан къилбаседехьа. ЦӀе уьйр йолуш йу вайнехан мифологехь хаалучу наьртан зудчун Сатийхица.
  • "Таьллангаш лаьттина чоь" - йуьртан къилбаседехьа.
  • "Шина эвлан йукъ" - йуьртан йукъахь, лакха эвлан а, лаха эвлан а йукъара яьсса меттиг, ХӀинца гӀишлош йина.
  • "Новран чоь" - йуьртан къилба йист.
  • "Новран Iуьрг" - йуьртан къилбехьа, Теркан дукъан къилбаседа басешкахь. Лаьтта бухахула даьккхина (Даьлла) Ӏуьрг, малхбузехьа доьду, арадолу Ӏелин-Юртан къилбехахь. ЦӀе тиллина мифологерачу наьртан Новран цӀарах.
  • "БатIал чувахна токхум" - йуьртан къилбаседехьа. Дежийла, коллаш. БатIал — нохчийн цӀе. Йуьртахь Баталов фамили а йу.
  • "Паччахьалкхан дукъ" - Лакха Неврен къилбехахь, цигахь Ӏедалан хьаннаш хилла. И цӀе йелла XIX бӀешарахь, оцу хенахь йуьртахошкара схьадаьхна латташ паччахьо доькъуш хилла эпсаршна а, элашна а "башха къахьегарна".
  • "Хьадин кIотар" - кӀотар лаьттина меттиг. Хьада - нохчийн божарийн а, зударийн а цӀе. Схьаялар нохчийн дешах «хьада» (чехка гӀо), «хьадалч» - хабар эцна вохуьйтург. Йуьртахь беха Хадиев фамили йолу бахархой[6].
Remove ads

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...
Къаьмнийн хӀоттам

2002 шарахь нохчий — 5 025 стаг (99,8 %), кхин берш — 11 стаг (0,2 %).

Инфраструктура

Йуьртахь шиъ ишкол, оьздангаллин цӀа, пошта, туьканаш[1], берийн беш, заправкаш йу. Йуьртахь рузбана маьждиг а, 6 жамаӀата маьждиг а ду.

Тайпанаш

Йуьртахь беха нохчий лахарчу тайпанашкара:

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads