Теркан кӀоштара коьрта йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia
ЧӀулга-Йурт[4][5] — Нохчийчоьнан йурт, Теркан кӀоштан центр[6].
Эвла | |
ЧӀулга-Йурт | |
---|---|
оьрс. Знаменское | |
43°40′44″ къ. ш. 45°07′25″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Российн Федераци |
Регион | Нохчийчоь |
Муниципалан кӀошт | Теркан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1808 |
Дуьххьара хьахор | 1811 |
Хьалхара цӀерш | Эльдарова, Мундар-юрт[1] |
Центран локхалла | 94[2] м |
Климатан тайпа | барамера континенталан |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 9620[3] стаг (2002) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий, оьрсий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш, керстанаш |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7,87132[2] |
Поштан индексаш | 366813, 366831 |
Автомобилан код | 20, 95 |
ОКАТО код | 96216816001 |
sznamenskoe.ru | |
Картин тӀехь | |
Кхузахь деха нохчийн тайпанаш: Ӏаларой, цӀонтарой, гендаргной, зандакъой, аьрсаной, чермой, чартой, энганой, аргӀаной, айткхаьллой[7].
Йуьрт лаьтта Теркан аьтту берд тӀехь, Соьлжа-гӀалан 99 километр генахь.
Уллора йарташ: къилбаседехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Рубежни йурт, малхбузехь — Бена-Йурт а, Ӏелин-Йурт а, малхбалехь —Чернокозово йурт, къилба-малхбалехь — Новр-ГӀала, Алпату, Лакха-Невре, Лаха-Невре йарташ, къилба-малхбузехь — Ломаз-Йурт[8].
Йуьртахь билгалъйаьхна лахара микротопонимаш.
"Зима шу" - Теркан дукъан хьалхара тӀегӀа. ЧӀулга-йуртан къилба агӀора[9], йурт зима шу тӀех шорйелла.
"Боккха шу" - Теркан дукъан шолгӀа тӀегӀа. ЧӀулга-Йуртан къилба агӀора[10].
"Теркан татол" - хи туху татол, йуьртан къилба агӀора чекхдолу[11].
"Саьнгар" - Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш 1942 шарахь мостагӀийн танкашна дуьхьала йаьккхина йуьртахоша. Йуьртан малхбуза агӀора йу[12], къилбаседехьа а йара, амма Теркан бердаца гӀишлош йина саьнгар къевлина.
"Диксалун барз" - лаьтта йуьртан къилба агӀора, ширачу заманара кешнийн барз бу иза. «Диксалу» - наггахь хаало нохчийн цӀе йу. Баккхийн наха дийцарехь, оцу барз тӀиера коллективизаци еш а, кулакашна дуьхьала дов латтош а, йуьртахошна хьалха вистхилира йуьртара жигархо Диксалу, цигара йогӀу цӀе: Диксалун барз[13].
"Лакхара хьун" - йуьртан къилбаседа а, къилбаседа малхбузан а агӀора.
"Лахара хьун" - йуьртан малхбалера хьун[14].
"МогIара баьрзнаш" - йуккъерчу бӀешерашкара могӀара лаьтта кешнийн баьрзнаш. Малхбузехьа. ЦӀе йелла тӀехуларчу сиптех[15].
"Теркан тогIе" - йуьртан къилбаседехьа, Теркан йисттехь[16].
"ЖагI мере" - жагӀа боллу меттиг йу йуьртан къилба-малхбузехь[17].
"Къахка муьре" - хьун. Малхбале агӀора. «Къахк» - диттан тайпа, «муьре» - дахкаделла дитте. Хила мега, «муьре» - галдаьккхина «мере», нохчаша и дош леладо уллохь, герга дешнийн маьӀнехь.
"ХӀурин бун лаьттинчу" - малхбален агӀора Эмасулин уллора говраш хохку майданахь лаьтта барз. Баккхийчара дийцарехь кхузахь бун тоьхна дуьххьара охьахиина ХӀурис[18][19](СайдулаевгӀеран а, ГелихановгӀеран а дайшах хилла иза). "Хьо хӀун да гӀерта хаьттича" - йуьртахоша хаьттича, жоп делира бахара:"Нах тӀебагӀахь йуьртда хир ву ша, цабагӀахь бун хир шена".
"Пероз" - къилбаседа-малхбузера хьуьнах олу. Нохчий махках бахале цигахь лаьттина Терках волу бурам. Дош даьлла оьрсийн "перевоз" дашах[20]. Бурам тӀехь болхбеш хилла ЧӀулга-Йуртан вахархо Гилхан Ӏусман.
"Божа лаьхкина боьра" - йуьртан къилбехьара меттиг[21].
"Алмазийн боьра" - йуьртан къилбехьара меттиг, «Алмаз» я «Алмаст» - хьуьнхара, вала а ваьлла, дика стаг, хьехаво нохчийн а, гӀалгӀайн а фольклорехь. Масала, нохчийн эшаршкахь ГIулоз чоь хьахош гуттара а цунан улло туху ловзу алмаз (...Алмазаш ловзучу ГIулозан бийрахь)[22].
"ГӀулоз чоь" - «Банкин-Йуьртан уллора боьра[23]. Йуьртан къилбехьара меттиг.
"Банкин кIотар"[24] . ЧӀулга-Йуьртан къилбехьара Теркан дукъ тӀиера кӀотар йу, цига ховшура чӀулгйуртхой.
"Эмсулиэ" - йуьртан малхбалехьара меттиг. Хьун а, жима кӀотар а. ГӀараваьллачу нохчийн этнографа А.С.Сулеймановс йаздо: "Нохчийн меттаца оцу дешан кхетам бац"[25]. Амма йуьртарчу воккха стага Итрин Мийкалас дийцира оцу топониман маьӀна. Цуо дийцарехь, оцу меттигехь хьоладен Мазаев Тимофейн бахам бара, цуьнан шина йоӀа Эммас а, Соняс а тойш хӀиттадора, кхойкхура йуьртарчу кегий нехе кӀотарара тойне. Хьо стенгара вогӀу хаьттича, жоп лора ЭммСоние йолчура олий (аьлчи а Эммий, Соний йолчура).
"Чергазийн некъ" олура, баккхийчара хӀинца а олу, малхбузера малхбалехьа Теркан аьтту бердаца боьдучу некъах. Шоссейн некъ бу, цуо вовшех тосу Теркан аьтту бердаца йолу йарташ. Ширачу заманахь цуо вовшахтасара БуритӀе ГӀизларца, кхин дӀабоьдура ХӀинжа-гӀала а, Дербенте а, иза чӀогӀа ладаме йохк-эцаран а, стратегин а аса хилла. Тахана республикин чоьхьара маьӀна бен дац[26].
"Теркан тIай" - Теркан тӀехулара тӀай, цунна "ДоттагӀаллин тӀай" аьлла цӀе тиллина оьрсаша. Вовшахтосу йурт Ишореца, аьлчи а аьрру, аьтту бердаш[27].
"Къуйн некъ" - ширйелла цӀе. Иштта олуш хилла ишалаш, боьранаш чухула, хьаннаш йукъахула боьдучу некъах, оцу некъа лелаш хилла къуй, талорхой, талораш деш, дукха хьолахь даьхни дӀадохуш хилла жаш лелош волчу Мазаев Тимофейгара а, гӀалагӀазкхийн баьччанашкара а, оьрсаша латтанаш деллачу нохчийн хьоладайшкара а, паччахьан белхалошкара Гендаргнойн ЧIулгера а, НогӀа-Мирзегара а (НогIа-Мирзин-йуьртан йуьртда). ХӀинца йарташ йаккхий хилла, ишалаш лекъна некъ байна[28].
Йуьрт йиллина схьавалар нохчех волчу, Ичкерера масех доьзал охьабалийначу мукъаваьккхинчу поручика Гендаргнойн ЧIулга 1808 шарахь Теркан аьтту берд тӀехь Ишоре гӀалин дуьхьала, ЧӀулга-Йурт аьлла цӀе а тиллина. Дукха хан йалале, тӀелетачу ламанхойх лардайтархьама, йуьртахоша кхайкхина валийра Аксайра гӀумкийн эла Эльдаров Мурдар[29], оцу хенахь иза акъарийн нохчийн йарташ лелош дара уьш Жимачу ГӀебартан латташ лоруш доллушехь. Иштта йуьртах Мундар-йурт ала долийра[30].
Эла Мундар Эльдаров аьттонца даржехь хьалавоьдуш вара, дика алапа а дагӀара цунна, таро йолуш вехаш вара, амма 1840 шарахь гӀевттинчу теркйистерачу нохчаша болчу бахамах ваьккхира иза. Иза шен цӀенош дагийна ведара[31].
Гендаргной тайпана наха кхоьллина лору йурт, амма ЧӀулгаца Ичкерера охьабаьхкинарш АргӀаной хилла, 1811 шеран дуьххьара ЧӀулга-Йурт хьахочу архиван тептар тӀехь вуьйцу АьргӀанойн тайпана Бисолтийн некъех волу Байтаркха. 1863 шеран дозатохаран архиван кехат тӀехь, комисси йукъахь бу Далка Мисарбиев АьргӀанойн тайпанара, ШаӀма Болатбиев Беркойн тайпанара, Нурмохьмад Центуров ЦӀонтаройн тайпанара. ТӀехьуо XIX бӀешо чекдолуш йуьрта охьахевшина кхечу тайпанан нах — Айткхаьллой, Аьрсалой, Аьрсаной, ГӀордалой, Зандакъой, Салой, Таркхой, ТӀерлой, Чермой, Чартой, Шикъарой, ЭгӀашбатой, Энганой, Ӏаларой, ткъа иштта кхечу къаьмнийн векалш — оьрсий, гӀалгӀай, жӀайхой, гӀазгӀумкий, гӀумкий[32].
1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а, ара а баьхна Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхинчул тӀехьа Мундар-Йуртан цӀе хийцира оьрсаша шайн маттахь Знаменское аьлла[33], амма нохчашна ЧӀулга-Йурт цӀе йисира. 1943 шарахь 1 сентябрехь Мундар-Йурт (ЧӀулга-Йурт) уллохь тӀемаш хилира немцойн эскаршца Мазалк агӀо мукъаяккхархьама — мостагӀийн (шиъ минометан батарей а, батальон сов гӀашлой а) аьтту белира Теркан къилба берд тӀе дехьабевлла чӀагӀбала бердйисттерчу хьун чохь йуьртан къилбехьа. Йуьртан тӀелатар йухатуьйхира 417-гӀа Сивашан а, 389-гӀа кхийсархойн дивизин а ницкъашца. ТӀехьуо, 1943 шеран декабрехь Мазалк а мукъаяьккхира[34].
Дуьххьара ножан хьокха ЧӀулга-Йурт кхуллучу меттигехь боьгӀна ша ЧӀулга, аларца:
«ХӀокху йуьртана дика маьхкарий а, чехка дин а ма иэшабойла.»[35] |
Оцу хьокханах иттанаш шераш девлча боккха наж кхиара.
1963 шарахь 1 февралехь НГӀАССР-н Теркан кӀоштан администраци Лаха Неврера дӀахьо ЧӀулга-Йурта[36].
2002 шеран:
Йуьртахь йиъ йуккъера ишкол йу: № 10 йолу гимнази (Московски ур., №20), ЧӀулга-Йуьртан № 1 йолу ЙДИ[51], ЧӀулга-Йуьртан № 3 йолу ЙДИ[52] (Центран урам тӀехь), ЧӀулга-Йуьртан № 2 йолу ЙДИ[53] (А.Хь. Кадыровн цӀарах микрокӀоштехь), спортан ишколаш, йиъъ берийн беш, шиъ техникуман филиал, шиъ спортан цӀа, стадион, Нохчийн Республикин лакхарчу лигехь ловзу футболан команда «Теркйист», тренажерийн чоьнаш, бассейн, шиъ медицинан учреждени, Оьздангаллин цӀа 100 меттигана, шиъ библиотека, шиъ пошта, телеграф, иттаннаш туьканаш, кафеш, ресторанаш, йохк-эцаран центр «Знаменский», иттаннаш машенаш тоен боксаш, иттех машенаш йуьлуш йолу боксаш. Дзержински урам тӀиера № 1 А йолчу гӀишлон чохь йу Россельхозбанкан тӀейина офис.
Гимназин а, №1 йолу ишколан а гӀишлош вовшахъяьккхина, меттиг кӀезиг хиларна, цигахь йина йаьлла керла йаккхийра гӀишлош.
2019 шарах ЧӀулга-Йуртахь йиллина микрокӀошт Нохчийчоьнан президентан а, Российн турпалхочун а А.Кадыровн цӀарах. Даздарца микрокӀошт дӀайоьллуш дакъалецира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин парламентан председатела Даудов Мохьмада, гӀишлошъяран министраллин коьрто Зайпуллаев Муслима, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама, Теркан кӀоштан администрацин куьйгалхочо Куцаев Шамила. ЧӀулга-Йуртара микрокӀошт лерина йу Горагорскера бахархой кхалхо. Берриш микрокӀошта кхелхира ву 963 стаг – царна йина 128 хӀусам, ерриг майда 16 эз. сов кв м йолуш. Керла берийн беш йоьгӀна микрокӀоштахь, дарбан цӀа а ду дугӀуш. Кхин а тӀедеш ду 35 цӀа[54].
ЧӀулга-Йуртахь промышленностах йара ЧӀулга-Йуртан «Тереквинпроман» чагӀаран завод, ЧӀулга-Йуртан кӀоштан йуурган комбинат, шурийн завод, гарзанийн фабрика.
КӀоштан йуурган комбинатах цхьа а хӀума ца дисина, ткъа шурийн заводах деккъа пенаш бен ца дисина, чагӀаран завод вовшахъяьккхина, гарзанийн фабрикан гӀишлош дика лаьтташ йу, амма иза а болх беш йац; кемсаш бухъйаьхна алкоголан дуьхьала компани йолчу хенахь. Дика болх дӀабахийта хи дуьллу маша метта хӀотто беза, 800 га майданера кемсаш меттахӀитто оьшу.
Гарзанийн фабрикан уллохь йина цхьаъ ах гектар майданехь йоккха дешаран-производственни реабилитацин центр, цигахь деша таро йу тайп-тайпанчу пхьоланашна 240 беран, царна йукъахь БЦП бала хьоьгуш а, кхин цамгарш йолу бераш а. Оцу майданахь йалх производственни пхьолгӀа йоцуш 30 беран лерина чохь Ӏан меттиг йу, самукъадаккхаран комплекс йу, администрацин гӀишло йу, маьждиг ду. Центр дӀайоьллуш дакъалецира НР Правительствон жима а, йуккъера а бизнесан Комитетан председатель волчу Шуаипов ШаӀранис, цуо элира[55]:
«Хьуьнарчашна кхузахь йу пхьолгӀанаш: мебелан, дечка пхьолан, тегаран, эчка пхьолан, хьун йакъоран чоь. Йу иштта берашна компьютерца болх, бухгалтеран гӀуллакх Ӏамо классаш. Берашна кхузахь 12 корматалла Ӏамор йу, царна йукъахь аьчка пхьар, дечка пхьар, слесаран, дешин а, кхин а пхьоланаш. 120 стаг болх беш хир ву центрехь даиман а бух тӀехь»
Йуьртахь маьждигаш ду:
Йуьртахь йоккха хьуьжар "Нур" йу.
Кешнийш кертахь кхоъ зиярат а, гІазота кхелхинчеран хІоллам а бу. Иза боьгІна вайн йуьртарчу кІенташна: Ахмадов Ильясан, Дадаев Зайндин, Кадиев Хьасанан, Мусаев Ризванан, Хажмурадов Анзоран.
Зияраташ:
Юьртдай лаьттина: Хьату Халад, Закаев Сайпудди Закаевич, Махмудова Людмила Петровна, Халадова ПетӀамат Ахмедовна, Такуев Висани Дараевич, Закаев Мохьмад Адамович, Аслаханов Салавдин Абал-Хасанович, Джагаев Адам Вахаевич. 1966—1971 шерашкахь — «Знаменский» совхозан директор лаьттина Завгаев Доку Гапурович — 1995—1997 шерашкара Нохчийн Республикин корта. Совхозехь директорш лаьттина Батукаев Асланбек, Нурадиев ИбрахӀим Олхазурович, Яхъяев Висхан Магомедович, Семиев Ширвани Язедович.
Юртара тайпанаш:
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.